Скачать книгу

гергадогIучу говрийн ленаш тоьхначу бергийн татанаша. Иза хазза ладоьгIна а валале, йиллинчу гIопах чоьхьавелира дикачу дойшкахь герзах воттавелла йалх бере. Хьалха сирачу динахь вогIура хIокху махкахь хийла эпсар шех хьоьгу элдарчу дегIара, куьце хIирийн округан начальник инарла-майор Кундухов. Цуьнан некъахой бара виллина дIа цуьнца хуьлу воккхаха ваша Афако, кхин виъ йалхо а.

      Каде динара а воьссина, кхин дIасахьажар доцуш, цIа чу волавелира Кундухов. Цо урх тесна йитина говр, йиэгa а йелла, бай тIе тIа детта йуьйлира.

      Дукха хан йалале чувеанчу Лорис-Меликовн адъютанто Золотаревс, Кундуховс ша тIеэцар доьху, элира.

      – Чувола ала, – кхоссар а йина, вусавелира Михаил Тариэлович.

      Шаьшшиъ ший а кавказхо а, цхьана гуонан ши стаг велахь а, Кундуховга безам ца летара Лорис-Меликовн. И цабезам хила бух а ма бацара. Кундухов хьуьнаре инарла а, говза дипломат а, хIокху ламанан халкъашлахь лоруш стаг а ма вара. ХIетте а, цуьнга ладоьгIча, леррина хьаьжча, оцу арахьарчу куьцаний, хьекъалечу къамелний тIаьхьа шалхо хиларх шеквуьйлура. Амма империна дикка гIуллакхаш дина, Петербургехь йаккхий зIенаш йолуш а стаг иза хиларна, мел ца лаахь а, Кундухов лара дезара Лорис-Меликовн. TIe, дукха хан йалале xIapa берриг ламанхой гучуьра бовларе догдохуьйлаш хиларо дагна маслаIат а дора цунна.

      – ОxI, сан хьомсара Муса Алхазович! Мича махо валий-те хьо со волчу!

      БIаьргаш а, йерриг йуьхь а йекхайелла, Кундухов маракъовла санна, ши куьг дIаса а тесна, кегийра гIулчаш йохуш, цунна дуьхьалвахана, иза, пхьарс лаьцна, гIиллакхехь кIедачу гIанта тIе валийра цо.

      Ша дуьхьал охьа а хиъна, хаттаме хьеше хьаьжира Михаил Тариэлович.

      – ТIаккха, хьомсарниг, хIун ду керла? Оцу хьайн Скут-Кохахь дукха сагатдой ахь?

      Гоьл тIе ког а боккхуш, гIантан гIовли тIе куьйгаш дехкира Кундуховс.

      – Лаьмнашкахь мичара хезар дара керланиг? Уьш кхузара, Владикавказера, дIа ма кхочу тхоьга. Цул, ахь дийцахьа, Михаил Тариэлович, хьайн гIуллакхаш муха ду?

      – ХIун аьлла жоп лур дара хьуна? Со кхузахь волу шо а ма ца кхаьчна. ЖамIаш дан тIех кIезиг хан йу иза. Доцца аьлча, планаш йаккхий йу, ткъа динарг кIезиг ду.

      – Цуьнан императоран воккхалло империн уггар хала а, чолхе а область йелла хьан кара. Цо гойту, иза хьох чIогIа тешаш а, догйовха а хилар.

      Цхьана минотана коьртера дIайевлла чолхе ойланаш, уьйриг хилла, йуха а чухьаьвзира. Лорис-Меликов, везза хьала а гIеттина, доца ши куьг тIехьа а диллина, кегийра гIулчаш йохуш, чухула дIасаволавелира.

      – Бакъдерг аьлча, Муса Алхазович, государь-императоро и тешам сайна баларх дозалла до ас. Амма хала ду-кх кхузахь, инзаре хала. Ша Дела воцчунна басталур бац хIара шайтIанийн шад. Кхин хила амал доцуш, йухахьара къам ду и нохчий. Кхузара тIом чекхбаьлла моьтту массарна а. Ткъа иза аьттехьа а доцийла, хьуна ма хаьа. ХIокхеран къармазаллий, сонталлий фанатизме йирзина. Кху махкара дисинчу дерриг а къаьмнаша вайн гражданалла тIеэцна, дуьхьало йоцуш Iедална текхамаш а бо… Амма Нохчийчохь иза хьеха а ца дойту. Бехк ма биллалахь, Муса Алхазович, сапаргIат дийцалац соьга.

      – XIаъ, хьан локхалла,

Скачать книгу