Скачать книгу

бохаме доьрзур ду цигахь.

      – ШолгIа Шемал кхин хир вац цкъа а, – доцца хадийра Лорис-Меликовс.

      – Бакъду-кх иза а. Иштта стаг бIешарахь цхьаъ волу дуьнен чу.

      Лорис-Меликов велавелира.

      – Хьо нийса ца кхетта ас аьллачух, – корта ластийра Михаил Тариэловича. – Шемалх дозуш дацара хьалха кхузахь хилла гIуллакхаш. Со къера ву Шемал хIокху ламанхойн хьелашкахь майра, хьекъале стаг а, говза администратор а хиларна. Амма, цхьаболчара ма-вуьйццу, говза полководец вацара, аьттехьа а. Вайца тIамехь баьхначу толамашкахь цуьрриг а дакъа дац цуьнан. Летарш а, толамаш бохурш а цуьнан хьуьнаре, говза а, майра а наибаш бара. TIe, хьуна дицделла, сан хьомсарниг, Шемалх дуьнен чохь цIейаххана стаг винарг и нохчий хилар. 1839-чу шарахь Ахульгохь дагестанхойн шайн гIоьнца вай дIа ма-воьллинера иза. Дагестанан лаьмнашкахь шен ворхI накъостца, экха санна, иэккхийна лелош волу иза Нохчийчу кхечира. Кхузахь нохчаша туш делира цунна. Цуьнан ирсана, вайн дакъазаллина, йа нийсса аьлча, массеран а дакъазаллина, дукха хан йаллале Нохчийчохь йукъара гIаттам хилира. Ахь цIе йаьккхинчу Пуллон гIалаташ бахьана долуш. Мацах цкъа французийн революцино Наполеон санна, кхузахь халкъан дарцан тулгIеша айъира Шемал. ТIаьххьарчу ткъа шарахь Нохчийчоь йара цунна тIемалой лург а, кхачанан сурсатийн база хилла лаьттинарг а. Берриг бохург санна, баккхий тIемаш а церан махка тIехь хилира. Цул сов, Шемалан генералитетан уггар тоьлла а, дукхаха дакъа а нохчийн наибаш бара. Доцца аьлча, нохчийн таррийн йуьхьигашца историн анналашна тIе гуттаренна а шен цIе йазйина цо. Шемал саннарг карор ву хIинца а, амма хIетахьлера Нохчийчоь а, нохчий а бац хIинца. Оцу бехачу тIамехь хIаллакьхилла церан хьекъале, говза тхьамданаш а, майра тIемалой а. Бисинарш Шемала талхийна.

      – Вай а ца Iийна, куьйгаш тIекIелдехкина.

      – ХIаъ, хьомсара Муса Алхазович, хIинца йац хьалхалера Нохчийчоь. Керла гIеттина Шемал шаре а вер вац. Царна лаахь а, ца лаахь а, нохчий санна, бодане, тIаьхьадисина кегийра къаьмнаш даккхийчарна, нуьцкъалчарна кIел ца севцча довлац. Баккъал а аьлча, иза царна шайна пайдехьа а ду.

      Ша дIасатехко пресс йуьстаха а йиллина, шен къамелхочуьнга хьаьжира Кундухов.

      – Хьо бакълоь, Михаил Тариэлович. Рыцарийн, витязийн зама дIайаьлла. Ахь ма-аллара, ткъа шо хьалхалерниг йац Нохчийчоь. Хьалхалерчу шен оьздангаллех доьхна и халкъ. ХIокху тIаьххьарчу ткъа шарахь шина цIарна йуккъехь латтийра иза. Цхьана aгIop – Шемалан деспотин, вукху aгIop – вайн къизаллин. Шина а агIорчара мало йоццуш дика болх бира, и халкъ таханлерчу хьоле доккхуш.

      – Iаламан законаш хийца ницкъ бац-кх вайн, – ши куьг дIасатесира Лорис-Меликовс.

      Ши инарла цхьана йукъана дIадаханчу шерийн ойла йан вуьйлира.

      3

      1839-чу шеран аьхка, шеца кхойтта эзар салти а, ткъе итт йоккха топ а, виъ эзар гергга дагестанхойн милцо а волуш лаьмнашка ваханчу инарла Граббес гуо бира Шемал чукъовлавеллачу Ахульго йуьртана. Буьззинчу шина баттахь турпала дуьхьало йиначул тIаьхьа йуьйхира имаман тIаьххьара чIагIо. Цигахь Iожалла хилира Шемалан йишин,

Скачать книгу