Скачать книгу

шега кховдийна имамалла. Дукха хан йара хIокхо лаьмнашкарчу къаьмнех уггар доккхачу, майрачу бIаьхаллин къоман коьрте хIотта а, иза шен буйна долла а цо сатуьйсу. ХIинца вохийначу, шена иэхь динчу паччахьан инарлех а, шена уггар хала киртиг тIехIоьттинчу хенахь, шен дедоьхначу хенахь паччахьан инарлашна гIo динчу, ша махкахваьккхинчу шен махкахойх а бекхам иэца.

* * *

      Нохчийчохь баккхий иэшамаш хила буьйлира оьрсийн эскарийн. Шо-шаре мел дели, кхузахь сирла къиэгара Шемалан седа. ХIинца тIекхечира дегIастанхой тIеберзо хан а. Шемала Iаламат говза, хIиллане пайдаоьцура оцу дагца шалхо йоцчу нохчех. Цо хестадора оцу къоман турпала дIадахнарг, кхайкхадора иза кху лаьмнашкахь массо а къомал доккха, майра, нуьцкъала а, оьзда а ду, иза кхечу къаьмнашна коьртехь хила хьакъ ду бохуш. Доцца аьлча, нохчийн дегнаш чу этнически куралла йуттура цо.

      Амма, ша Нохчийчоьнан а, Дагестанан а имам чIагIвелла ваьлча, нохчашкара шена кхерам хаабелира Шемална.

      Цундела кхузахь хьекъалечу Шемалан политикин коьрта Iалашо йара нохчийн тайпанашний, тукхамашний чоьхьара а, вовшашца а зIенаш малйар, ма-хуьллу царна йуккъе цатешам боллар, шена кхераме хир бу аьлла хета тхьамданаш, къаьсттина – Iеламчаш, йуьстахбахар а. ШовзткъалгIачу шерашкахь цхьацца шеконе бахьанашца, тIамехь а, чIирхоша бойъуш а дIабевлира нохчийн тхьамданаш: Джоватха, Iумха, ШоIип-молла, Соиб, СаьIид-Молла, Элдар, Ших-Iабдулла, Оьздамар, Домби; Кубанал дехьара ламанхой гIовтто а, церан гIаттамашна тIехь куьйгалла дан а хьовсийна Мохьмад-Гери, Мохьмад-Хьаьжа, Сулиман-Молла, Юсуп-Хьаьжа, Мохьмад-Эмин а. Цхьаберш белча, кхиниш Нохчийчуьра дIабевлча, 1847-чу шарахь шегара имамалла шен тIаьхьенга долуш кхайкхо гIоьртира Шемал. Нохчийчохь, Эвтарахь, шен имаматера наибаш а, Iеламчаш а гулбина, цигахь цо дIахаийтира шен ойла. Амма нохчийн наибаш сацамболлуш дуьхьалбевлира Шемална. Хьо велла йа дIаваьккхина, имамаллин меттиг мукъа йисахь, имамалла тур ира долчуьнга дIалур ду шаьш аьлла.

      Шемалан имаматан тIаьххьарчу ткъа шарахь цуьнан экономикин бух а, цунна тIемалой а латториг Нохчийчоь йара. Цул сов, Шемалан генералитетан дукхах а, уггар хьуьнаре, говза а тIеман начальникаш бара нохчийн наибаш.

      ХIетте а, тIеман гIуллакхаш дуьззина нохчийн наибашкахь дитинехь а, амма царах а, йа нохчийн динадайх а цхьа а шен политикин, идеологин аппаратан органна – диванна – йукъа ца вуьтура Шемала. Диване ховшурш дагестанхойн наибаш а, динадай а бара.

* * *

      ШовзткъалгIа шераш чекхдовлуш имаматан лакхенгахь масех «политически парти» кхоллайелира. Уьш вовшашна а, Шемална а дуьхьал йара. Доцца аьлча, шайн-шайн хьашташ кхочушдан гIepташ, интригаш лелайора цара. Оцу партешна йукъабоьлхура султанийн а, бекийн а цIийнех схьабевлла нах. Церан лидерш бара наибаш Дениел-бек Елисуйский а, Кибит-Махьма Каратинский а, Хьаьжа-Мурд Хунзахский а. Цкъацкъа Дениел-бекан партигахьа волура цуьнан нуц волу Шемалан кIант ГIеза-Махьма а. Амма хIокхо лелориг, дений, стундений йуккъехь машар бан гIертар бен, кхин, xIapa ду аьлла, хIума дацара.

      Оцу кхаа партийн, йа, нийсса аьлча, церан лидерийн шайн-шайн

Скачать книгу