ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
«…Вай дан гIертачух кхеттачу нохчаша луьра дуьхьало йира. Ичкерински а, Аргунски а округашкахь гIаттам хилира, йерриг а хьаннашкахь обаргийн гIеранаш йаьржира. ГIаттам хьаьшира, къаьсттина бехкейолу аьккхийн, бенойн йарташ арен тIе кхалхийра, аьрстахошка дIахьедира Жимачу ГIебарта кхалхар. Графо Евдокимовс йуьхьарлаьцна и хала, амма вешан Iалашонна тIедуьгу доккхачу маьIне система сацамболлуш цо дIайахьар йукъахдисира иза Кубанан эскарийн командующи хIоттор бахьанехь. Цуьнан метта Теркан областан эскарийн командующи хIоттийначу инарла-лейтенанто эло Святополк-Мирскийс тIе ца лецира Евдокимовн система. Герзийн ницкъашца Нохчийчоь къарйан йеза хан дIайаьлла, нохчашца машаре дийцарш дан деза, уьш вайх тешийта беза, тIаккхий бен гуттаренна а церан дуьхьало соцур йац, бохура. Турце кхалхо гIебартой совца а бина, церан махкахь керла станицаш йохкур йац аьлла, нохчашна дош а делла, аьрстхошний, аьккхашний шайн йарташка йухаберза бакъо йелира цо. Эло Святополк-Мирскийс ойла ца йеш диначу оцу гIуллакхаша Владикавказан 2-чу полкан гIалгIазкхий а, нохчий а йоццачу хенахь а цхьаьна тарлур боцчу хьелашка хIиттийна. Хьалха ас ма-аллара, шен планаш кхочушйан воьллачу графо Евдокимовс лакхахь буьйцу нохчий лаьмнашкара охьа арен тIе кхалхо болийнера…»
– Йуха а – аьшпаш! Нохчий арен тIе кхалхор Евдокимов цига хIоттавале долийнера!
«…кхидIа а уьш ГIебарта кхалхо дагахь, церан махка тIе гIалгIазкхийн станицаш йехкира Евдокимовс. Ткъа гIебартой Турце ца кхалхош совцор бахьанехь, шайн махкахь 70 квадрате миль лаьтта тIехь бисина инзаречу гаттехь бохкучу нохчаша бахам кхиор бу бохург-м хьехочохь а дацара, йуьззина мацалла хIуттур йу цаьрга. Цхьа а бIаьсте чекх ца йолу йарташна йуккъехь дов ца долуш, вовшах ца леташ, виэр-ваккхар ца хуьлуш. Арен тIехь латта доцуш бисина дуккха а нах шаьш хьалха вай герзан ницкъашца охьабаьхначу лаьмнашка къайллаха йухаоьху, тIаккха цигара уьш нуьцкъаха охьабаха дезаш хуьлу…»
– ХIокхо дийцарехь, кху областехь баьхна кхиамаш берриш а Евдокимов бахьанехь хуьлу, – ца вешаш, чIичкъавахара Лорис-Меликов. – Ткъа со тIехьа, IиндагIе, тоьтту. Нагахь хIокхо йуьйцу ойланаш а, кхиамаш а баккъал Евдокимовн хиллехь, инарла Кундухов Нохчийн округан начальник хIунда хIоттийнера цо? Хетарехь, Аргунски а, Ичкерински а округашкахь хиллачу Евдокимовс, нохчашна хьалха цIога лесто ойла йолуш, царна тIе Кундухов хIоттийна.
«…Оцу къастам боцчу, амма вайна халачу хьолах кIелхьардовла шиъ бен некъ бац: хьалхара, сацамболлуш тIейогIучу хенахь гIаттам хиларна кхерам гуттаренна а дIабоккхуш берг – берриг нохчий Теркан а, Соьлжан а аьрру агIонаш тIе а, Жимачу ГIебарта а кхалхор, Соьлжаца хьала ГIачалкх-Дукъа тIе хIотталц, ломан когашца нохчийн лаьтта тIе Соьлжан 1-чуй, 2-чуй полкан станицаш йахкарца аренан Нохчийчоь Теркан а, Дагестанан а областийн ламанан округех дIакъастор. Иза дича, вай тIаьххьара а, гуттаренна а чIагIло, Теркан областехь-м хьовха, Дагестанехь а. Шена йалтийн база хилла лаьттачу Нохчийчоьнах