Скачать книгу

оьхучу англичанаший, туркоший уггар хазачу мехкарех йузура кеманийн трюмаш. Шаьш кеманашна тIебохуш, маьхьаршца оьрсийн эпсаршка кхойкхура уьш, шаьш ма дигийта, даймахкахь дита бохуш.

      – Понт Эвксинский хIордан тулгIешна тIехь инзаре дукха ламанхой хIаллакьхили, – дуьйцура цхьана эпсаро Михаил Тариэловична. – Инзаре эрчо йара иза, амма кхин а ирча дара дехьа бердашка дIакхаьчначийн хьал а. И Кавказан майра аьрзунаш эзарнаш хIаллакьхуьлу, боху, туркойн шахьарийн урамашкахь…

      Ламанхойн бохамах шайн ницкъ ма-кхоччу пайдаэца гIертара массо а. Паччахьан правительство – xIapa маршо йеза къаьмнаш хIокху махкара дIа а даьхна, шен тIеман стратегин Iалашонца кхузахь колонизаци йан. Оттоманан Порта – и майра ламанхой дIа а бигна, империна чоьхьара къоман маршонехьа болам церан куьйгашца хьеша а, кхузахь шен мостагIчунна – Россина – дуьхьал царах пайдаэца а. Туркойн и къиза планаш даггара къобалйора Европин пачхьалкхаша а. БIе шо ма дара цара массара а, йукъа питанаш туьйсуш, Iехош, хIокху лаьмнашкахь барт, машар хила ца буьту.

      Ламанхой кхалхош шина а правительствона гIo дора меттигерчу феодалаший, динадайший. Россехь хиллачу реформо кхерийна уьш, шайн долара ахархой а эцна, Турце сихбелира. Цигарчу деспотин Iедалехь шайн политикин а, динан а идеологин идеал гучу царна хаьара цигахь шайн феодалийн бакъонаш, йукъараллин хьелаш шайгахь дуьсур дуйла.

      Баккъал a, xIapa ламанхой некъашкахь а, дIакхаьчча, Турцехь а, мозий санна, хIаллакьхуьлуш, и феодалаш а, динадай а тIехдика дIатарбелира цигахь. ТIаьхьа царах дукхахболчара Турцехь пачхьалкхан а, тIеман а лаккхара гIуллакхаш дIалийцира, шайн даймахкахьчул эзарза дика баха а хевшира.

      4

      ХIаъ, Михаил Тариэловична дика хаьа Турце кхелхинчу ламанхошкара хьал. Къа а, дера, хета царах. Амма империн гIуллакхаш коьрта ду дерригенал а. Империн дуьхьа, бIаьрнегIар ца тухуш, тIаьххьара нохчо-м хьовха, кхузара дерриг къаьмнаш а лаххьийна цига дIакхалхо а реза ву иза.

      Кубанал дехьара ламанхой кхалхоран гIуллакхна тIехь дуккха а къахьегна цо, амма цуьнан къинхьегаман стом кхечара буу. Иза дара цунна халахетарг. Мила ву ткъа и ирсениг? Евдокимов! И аьрта солдафон. …Оцу Аьрру фланго, цигарчу акхароша, легашкахь йисинчу даьIахко санна, дукха хенахь дуьйна диллина дIа сагатдо правительствон. Цкъа а ца хилла цигахь машар, хIинца а бац. Хир а бац и, Нохчийчоь тIаьххьара гуттаренна а гора ца хIоттайахь. Ах бIе шо хьалха, шайхана санна, и гуш, хууш хиллера А. П. Ермоловна.

      «И нохчий Iаламат нуьцкъала а, кхераме а халкъ ду, – йаздора цо оьгIазе. – Цул сов, луларчу халкъаша a гIo до кхунна. Йа нохчашка безам болуш, йа вайца мостагIалла долуш а дац иза. Лаьмнашкахь и доккха, майра, нуьцкъала а халкъ, эшна, вайн кога кIел дагIахь, цуьнца цхьаьна шаьш а оьрсийн Iедална кIелдахарна кхоьруш. ГIебарта хIун йу? ХIумма а йоцург! Шайн кIордамечу ловзаршца вай девне-м кхойкху гIебартоша. Амма цхьана ханна уьш лан деза сан. Уггар кхерамечу йовсаршца – нохчашца – дерг чекхдаллалц. Нохчий дIаьвше лаьхьарчий ду. Ткъа важа дисина ламанан къаьмнаш – чуьркаш. Лаьхьарчаша цIий

Скачать книгу