Скачать книгу

ду уьш. Цхьа бIе шо хьалха дIахьовсуш хила деза, императоран хьан локхалла. Беккъа цхьа некъ бита царна – Турце боьдург.

      – Цуьнан сийлаллин лаам къобалбо ас, – тIетайра граф Евдокимов. – Ламанхой Турце кхалхор историн маьIне гIуллакх ду вайн пачхьалкхна. Цкъа-делахь, вайна зиэнаш доцуш, тIом сиха а, гуттаренна а чекхбаккхар нисло, шолгIа-делахь, мукъадевллачу ломан когашкарчу латтанаш тIехь паргIат колонизаци йойла хуьлу.

      – Туркойн правительство реза хир йуй-те уьш империна чуэца? – шеквелира Михаил Николаевич.

      – Суна хетарехь, цара хаза а хеташ тIеоьцур бу шайн басурманаш.

      Оцу трагедех дерг, дукха дийцаре ца деш, сиха а, атта а къастийра. И ламанхой ловзарга хьовсош санна. Цигахь сацамбира, уьш Оттоманан империна чуэцаран хьокъехь дийцарш дан а, барт бан a xIapa, Лорис-Меликов, Стамбуле хьажо.

      1860-чу шарахь Стамбуле ваханчу Лорис-Меликовн цигахь волчу оьрсийн векалан А. Б. Лобанов-Ростовскийн гIоьнца аьтто хилира ламанхойн кхо эзар доьзал, кхо бIе эзар Крымера гIезалой, ногIий а тIеэца резахуьлуш, туркойн правительствера дош даккха.

      Иза цкъачунна боккха кхиам бара. Оцу шарахь Крымера ши бIе эзар гIезало дIакхелхира цига. Царна тIаьхьа ногIий а гIоьртира. Амма ламанхошца дерг чолхе делира. Меттигерчу администрацис шайна йукъа даржочу эладитанех, хазачу хабарех a Iехабелла, махках бовла ца лаьара царна. Уьш нуьцкъаха дIабаха безара цигара. TIe, шайн махка баьхкина ламанхой Россин дозанца охьаховшо ойла а йара туркойн. Англичанаш бара церан лерехь йиллина дIа и зурма лоькхуш. Амма кавказски Iедал сацамболлуш дуьхьалделира кхелхина ламанхой дозанна уллохь совцорна. Массарел а карзахвуьйлура граф Евдокимов.

      – Уьш вайн дозанца охьаховшош хилча, эрна ма ду ламанхой кхалхор, – карзахвелира иза. – Къилбаседа Кавказера дIа а баьхна Закавказье когашка ховшабо-кх вай уьш. Цхьанхьара дIа а баьхна, и вешан мостагIий кхечахьа ховшабо. Цхьанхьара цIе йойъу, кхечахьа йуьллу. ХIан-хIа, ма-хуьллу генабаха беза!

      1862-чу шеран 10-чу майхь цуьнан императоран локхалло Михаил Николаевича тIаьххьара а чIагIбира ламанхой кхалхоран гIуллакхах болу Кавказски комитетан сацам.

      ТIакхха дIайолайелира ламанхойн исторехь уггар йаккхийчаралахь а йоккха трагеди.

      Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дуьхьало тIаьххьара а кагйича, шайн къийсам эрна хиларх кхеттачу Кубанал дехьарчу ламанхоша а тIом сацийра. Амма паччахьан правительствона кIезиг хетара церан муьтIахьалла. Ламанхошна хьалха ши некъ хIоттийра: йа, Кубане а кхелхина, колониальни Iедална кIел совцар, йа – лаххьабелла Турце дIакхалхар. Шайн токхе мохк а битина, Кубанан йокъанечу йа уьшалечу латтанаш тIе кхалхар а, Iожалла а цхьаъ хетара ламанхошна. И ультиматум тIеэца ца лиъна халкъаш, кIез-кIезиг лоьхкуш, цкъа арен тIера ломан когашка дигира, цигара дIа лаьмнашка таIийра, лаьмнашкара дIа – хIордан бердашка кхийсира. Маситта шарахь бахбеллачу тIеман эрчонаш лайна, мацалло, цамгарша гIелбина ах миллион Малхбузера ламанхой, некха тIе цамзанаш хIиттийна, хIордийн бердийн йистошка таIийра. Ирсе-м догдохуьйла а йацара хIордан дехьарчу

Скачать книгу