Скачать книгу

эскаршна хьалха лаьтта декхарш чекхдовла герга ду, – йаздора цо. – Лаьмнашкара дIа а лаьхкина, хIорда йистте, цхьана йуткъачу асанна тIе таIийнчу царна, вайн эскарш кхин а хьалхатаIахь, кIелхьарбовла некъ ца буьсу. Царах цхьакIеззигчарна лаа там бу, шайн исбаьхьчу Iаламан даймохк а битина, Кубанан йаьссачу аренашка дIакхалха. Цундела, вайн адамаллин дегнаший, эскаршна хьалха лаьтта декхарш дайдан лаарой царна кхин некъ белларна тIетоьтту вай – Турце дIакхалха некъ маьрша битарна».

      ХIетахь, и могIанаш дешча, дегнаш кIадделира «адамаллин» болчу Кавказски хьаькамийн.

      – Шайн даймахкара дIабаха гIертачу ламанхошна мелла а дуьхьало йар тIех йоккха къизалла хета суна, – элира хIетахь наместникан декхарш кхочушдеш хиллачу эло Орбелианис. – Вайн эскарша халачу хьелашка берзийна хилча, мелхо а, Турце кхелхачарна новкъарло йан ца йеза графо Евдокимовс. Амма, и масех бIе эзар стаг хIордал дехьа муха вер ву, хаац-кх.

      Карцовс атта тардира и гIуллакх.

      – Кхалхаран гIуллакх вайн лаамна жоп луш хиларний, кхузара тIом цо тIаьххьара а, гуттаренна а чекхбоккхург хиларний, кхузахь колонизаци йан аьттонаш луш хиларний, – вахвелира иза, – вешан ницкъ ма-кхоччу, царна дIакхалха гIo дан деза вай. Кхелхарш дIабига догIучу туркойн кеманашна ламанхой бехачу массо бердашка хIитта бакъо йалар бакъахьа хета суна.

      – Туркойн кеманаш кIезиг хир дуй-те сила долу адам кхалхо, Александр Петрович?

      – Вайн тIеман а, махлелоран а кеманаш йукъаозор ду-кх. Цул сов, малхбузера пачхьалкхаш а йу ламанхой кхузара дIакхалха лууш. Цара гIоьнна шайн кеманаш дахкийта а мега.

      – Иза а хила тарло, – резахилира Григорий Дмитриевич. – Царна вайначул а тIех лаьа ламанхой Турце кхалха.

      Евдокимовн ирсана, гIуллакх тIехдика дIадоладелира, туркоша-м хьовха, англичанаша, французаша, итальянцаша, грекаша а кеманаш делира ламанхой хIордал дехьабаха. Белла а, дийна а – ах миллион ламанхой цигара дIабаха аьтто хилира Евдокимовн. Ткъа Михаил Тариэловичан ницкъ кхачац атталла ткъа эзар нохчо а кхузара дIаваккха!

      Дуьнен чу волуш дуьйна а ирсе кхаж баьлла Николай Ивановичан! Фейерверкеран кIант, йуьхьанца – магIара салти, тIаккха – Койсубулин пристав. Халлий бен йаздан а, деша а ца хууш, бодане стаг. Амма, шен пхи пIелг санна, ламанхойн Iер-дахар а, гIиллакхаш, амалш а йевза. Шен майраллий, къизаллий, дукхахдерг – мекарлой а бахьана долуш, инарлин чине, графан титуле а кхечи.

      ХIаъ, эрна дац паччахьо Евдокимовн гоьваккхар. Ламанхойн дуьхьало каг ца йелла, инарлаш кIелбисча, цо кхин а йоккхачу къизаллица карлайаьккхира массарна а йицйелла лаьтта мацахлера Ермоловн тIеман тактика. Алексей Петровича дагарца болх бира Нохчийчохь, ткъа Евдокимовс – цIарца. Системица тIелатарш деш, кIез-кIезиг хьалхатеIаш, амма ша тIенисвелла массо хIума – йарташ, даьхний, йалташ, хьаннаш, цанаш, докъарш – йагош, Нохчийчоь тIаьхьалойоллуш дIалецира цо.

      Ермоловн «хьаннаш хьекха» боху кхайкхам «кIур биэ» бохучуьнца хийцира Евдокимовс.

      – ТIом ма бе нохчашца, – хьоьхура

Скачать книгу