ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
– Шемалал хьалха шайх Мансур, Бийболат, ГIеза-молла а вара.
– Ламанхойн акхачу фанатизман стом бара-кх уьш а.
Кундухов оьгIазвахара, амма цо, хала сатоьхна, къайладаьккхира иза.
– Оцу тIехь гIалат ву хьо, Михаил Тариэлович, – майрра командующина бIаьра хьаьжира Кундухов. – Хьуна бакъдерг хаза лаахь, кхузарчу ламанхойн, къаьсттина – хIокху нохчийн, цхьа а тайпа гамо ца хилла оьрсашца. Цхьана хенахь нуьцкъалчу кхаа пачхьалкхо – Турцис, Персис, Россис – цхьамма шаьш дIакхалларна кхерам тIекхозабелча, вайн правительствос ахчанца иэцначу йа кхерийначу цхьацца ламанхойн феодалаша Росси къастийра. Хьуна бакъдерг хаа лаахь, Михаил Тариэлович, Къилбаседа Кавказан йуккъерчу махкахь бехаш хиларна, туркошкара, персашкара шайна цхьа а тайпа кхерам боццушехь, Россица уггар хьалха доттагIаллин зIе тесначу Кавказан къаьмнех цхьаъ хIинца уггар дера вайна дуьхьало йеш болу и къармазе, карзахе нохчий а бара хьуна. Цхьана хенахь кху лаьмнашкахь барамехь уггар доккха а, нуьцкъала а халкъ хилла иза. Татаро-монголийн, Тимуран мехкашдIалецархошна къар ца белира уьш. Царна дуьхьал шина бIе шарахь сов латтийначу къийсамо а, тIаьхьа гIeбартойн, чергазойн, гIалмакхойн, дегIастанхойн а феодалаша хаддаза динчу тIелетарша а, гIелбина, гIорасиз бира нохчий. ТIаьххьарчеран тIелетарш вайн правительствон бертахь хилла ца Iара, мелхо а, оцу феодалашна эскаршца а, герзаца а гIо дора. Цкъацкъа нохчийн аьтто хуьлура и шайн мостагIий, лулара феодалаш, шайн йаьIни тIера дIакхийса. Амма линехь болчу вайн воеводаша, Нохчийчу таIзарийн экспедицеш йой, нохчийн дуьхьало а кагйой, и церан мостагIий йуха а церан коча ховшабора. ХIетте а, Россица девне ца бовлура нохчий, ма-хуьллу оьрсашца машар ларбан гIертара. Оцу тIехь йоккха меттиг дIалоцура церан лулахь шина бIе шарахь бехачу Теркан гIалгIазкхаша. Нохчий а, гIалгIазкхий а дика лулахой бара. Йукъараллин дIахIоттам, гIиллакхаш, амалш а цхьаьнайогIура церан. Вовшийн дика гIиллакхаш дIаса а оьцура цара. Вовшашца бертахь, машаре баьхна ца Iаш, вовшашка зударий луш хилла, гергарлонаш а дара. И доттагIалла, барт бохо лаа а ца лаьара царна, йа ойла а йацара. Амма, ахь ма-аллара, вайн правительствон политика вайна дика ма йевза – «къеста а беш, урхалла латтаде». Дукха хан йалале, нохчашна тIелетарш дечу церан луларчу феодалашна гIo дина ца Iаш, нуьцкъаха Нохчийчохь вайн порядкаш хIитто, цигахь колонизаци йан йуьйлира правительство. Нохчийчохь-м хьовха, йерриг крайхь а. ТIаккха Нохчийчохь гучувелира исторехь шайх Мансур аьлла цIейахана Алдара жаIу Ушурма. Иза дIаваьлча, цуьнан гIуллакх йа, вуьшта аьлча, маршонехьа къийсаман гIуллакх шен караийцира церан цIейахханчу баьччас Таймин Бийболата. ТIаккха йехха зIе йолайелира – ГIеза-молла,