ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
Тохара дуьххьара, ша лома балха хьажийча, ца луъушехь, декхарна йеънехь а, хIинца, цхьа зама йаьлча, цунна даггара дезаделира и буьрса лаьмнаш а, и сиха хиш a, xlapa хаза йурт а…
Баккъал а, художнико диллина сурт санна, хаза йара xlapa йурт, шена йуккъехь, кIеззиг легIинчу басахь, цIечу герагийн тхов кIел кIайн къегачу школица. ТавсолтагIеран керта уллохула га тосуш, школина дехьахула догIура ламанан ахк. Цунна тIехула тиллина тIай цхьа у дара. Цул тIаьхьа, ломан басахь схьагора, гобаьккхина серийн керт а йаьхьна йуьртан кешнаш, маьI–маьIIехь, граждански тIамехь байиначарна доьгIна лекха хIолламаш а дохкуш. Цигахьара йуьрта чу йогIура, мачин айра санна, хьешна гIашнекъан можа асанаш. Кешнашна а тIехьа гора аьрцнаш, царна а дехьа – лекха лаьмнаш! Шен кIайчу коьртаца царна а тIехула хьоьжура Казбек – «Кавказан гIонан сий долу гIарол», – Лермонтовн стих дагаеара Анна Львовнина. Школина аьтту агIорхьа басешкахула шуьйрра дIасайаьржинера колхозан беш. Лахо Iохкура аьхна аренаш. ЦIенойн туьнкалгех хьалаоьхура самукъане кIур.
Школина гена доцуш, дIо бухахула, даим шен бердех леташ, схьадогIура гIовгIане Яьсса. Кху суьйренан суьрто шена везачу композиторан Ипполитов-Ивановн «Кавказски этюдаш» дагаоьхуьйтура Анна Львовнина. «Исбаьхьа суьйре! Хаза йурт! Оьзда халкъ!» – бохура цо дагахь.
Анна Львовнина, кху Iаламах ца къасталуш, цуьнан дакъа хетара нохчийн халкъ, оцу лаьмнаша кхоьллича санна, хетара цуьнан гIиллакхаш. Уьш а хIинца дагаоьхура цунна. Ша кертахь цкъа дечиг доккхуш йоллуш, говрахь тIехволучу нохчочо охьа а воьссина, дечиг даккхар а дагадеара. ТIаккха ша цкъа догIана кIел йисинчохь тIехволучу воккхачу стага шен белша тIера башлакх, вертий шена тIекхоллар а дагалецира. Ша уьш цунах йуха дIатоххалц – схьадеха а ца веара… ТIаккха дагаоьхура ламанхойн и каде, нехан гIуллакх дан кийча бераш… Церан чохь долу онда низам… Хьаша веъча, церан сакъераделла хьовзар… Цхьамма а ца аьллашехь, шен плащ Нурседас чехкка, цIан а йина, шега схьайалар – уьш дерриге а йух-йуха дагалоьцура цо хIинца. Тавсолтин буьрсалла а товра цунна, делахь а халахетара цо мехкаршна дехкар, уьш оьзда Iамарна цуьрриг а новкъа доцу хIуманаш. «ХIетте а, цхьадика тIевирзи иза!» – ша-шена йелакъежара иза. «Делахь а, кхул тIаьхьа а ладугIуш хила-м дезар ду: дукха ду хIинца а царалахь заманца ца догIу хIуманаш», – сацийра цо шен даг чохь.
Оцу ойланашца схьакхечира Анна Львовна школе. Школин кертахь, пачхьалкхан хIусамехь йехаш йара и шен майрачуьнций, жимачу, пхи шо кхаьчначу йоIаций, кху школехь хехо а, дворник а волчу мардеций. Анна Львовна схьайаре хьоьжуш, школа хьалха лаьттара Кериммий, Кесирий. Керима сих-сиха цигаьрка уьйзура, сагатдеш.
– Суна хаьара: хьан санна, тхан йуьхь йийр йацара цо! – хастийра и Керима.
Анна Львовнин майра балхара цIа ваза вара. Уьш цхьаьний детсаде бахара. КеримгIеран Каташший, Анна Львовнин йоI Ниночкий цIа дало…
Ниночка мардеца – Савва Ильичца – чохь а йитина, йуха кетIа йелира Анна Львовна: мар хьелуш сагатдора цо. МаьркIаже