ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
Каташан куьг а лаьцна, Анна Львовнина йуххехь лаьттачу Кесирас а, тIехьашхула, Тавсолтина ца гойтуш, куьг ластийра майрачуьнга.
– Марша Iойла шу! – схьахезира Кериман аз.
Воьддушехь, охьатаьIна некъан йистера схьа а даьккхина, кIен хелиг Iаьвшира Иван Саввича: буьртиг, сегIаз санна, кIеда бара: «КIа хьокху хан хуьлуш йоллу», – дагатесира цунна. Можа бос бетталучу сийначу аренашка бIаьрг туьйхира: «Йуха гурий-те?.. Делахь а…», – гIулчаш ондда йаха вуьйлира иза, цхьаъ-м дагадеанчух. Некъо голатухучу кхаьчча, вуха а вирзина, куй ластийра Керима. ТIаьхьа хьуьйсучу зударийн аматаш ца къаьстира хIинца. Некъан кIуьралахь иза а тIаьххьара къайлавелира.
Каташца йухайогIучу Кесирас цIеххьана шен некхе куьг даьхьира. И ца гайта гIерташ, къийла а луш, школин кертахьа йахара. Ниночка а эцна, цунна тIаьххье сихйелира Анна Львовна а…
– Хала-м ду безачех къаста! – Селита шена тIаьхьа йогIучу Нурседе йухахьаьжира.
– Къаьста хан тIехIоьттича, къаста а-м деза, – соцунгIа а хилла, воккхачух тера, Селитин бIаьра хьаьжира Нурседа…
ТIемалой новкъа баха баьхкинарш дIасабекъабелира…
Буьрса лаьттара лаьмнаш. Царна тIехула нийсачу къепалшца малхбузехьа дIаоьхура, цхьаъ вукхунна тIаьхьа Iаьржа мархаш.
Кхузахь ганза дукха хан йолу кеманаш а дахара, гIовгIанца стигал этIош, лаьмнашна тIехула, марханел хьалха девлла.
Сарахь, йерриг стигал дIалоцуш, мархаш гулйелира Эскинойн тIехула, бода xIоттош. Цхьа а седа бацара гуш. ХIаваэхь садуькъне хилира, адамийн дог-ойла таIош.
Нурбика, татадайна, хьийзара чухула, цхьацца деш. Дауд радиорепродуктор нисйеш воллура. Нурседа, хьалххехь шен гIуллакхаш а дина, aгlop йаьллера. Селита, коре хиъна, арарчу бодане хьоьжуш Iapa. Халла къаьстира генарчу лаьмнийн кIайн кортош. Гонахарчу аьрцнийн гома даккъаш, боданехь дерриш а тамашена вовшаххоттаделла, доккха-деха цхьа дукъ хетара. ЦIеххьана кора бIаьргах, тата а доккхуш, геннахь гулделлачу догIана дуьххьарлера тIадам кхийтира. Башломан кIайн корта берриг гучу а боккхуш, цунна шозза го тосуш, лаьхьанах сеттина, лепа сийна ткъес. Геннахь иккхира стигал къекъар. Селита, корах а летта, йуха ца йолуш, хьоьжуш Iapa: стелахаьштигаш хIинца сих-сиха, торхийн момсарш серла йохуш, стигалах цастарш деш, буьрса а, тамашена хаза а детта дуьйлира.
ЦIеххьана аьрру aгlopa схьатоьхна ткъессийн дийнна цIов, цхьана секундана Селитин бIаьрса дIаоьцуш, сирла малх латийна, тIаккха ЧIап-ломан басах а кхетта, эзар кийсиг хилла, ломан хьун тIехула дIабахара, диттийн баххьаш къагош. Цунна йуххерчу мокхаза торха тIехула хьаьвзина дуткъа ткъес, кхин дерш санна, сиха дIа ца довш, дехха лаьттира хIаваэхь, нур санна, догуш, шен гIодах дIатесна кхин а дехий цIеран гаьннаш а лепаш.
Стигалан къекъар, тIеттIа совдуьйлуш, даьржира гонаха, Башломан кIайчу коьртах йуха а дера ткъес туьйхира: цкъа… шозза… кхузза… Стелахаьштигийн цхьамзанаш хIинца лаьмнийн некхех хьалхачул а сих-сиха деттара, шайн татанаш генна даржош. Стигалан къекъар кхин а алсам делира, стигал йоьхна, чуйогIу моттуьйтуш.