Скачать книгу

шовда санна, марсайаьккхинера, беснеш йогучу кIанта, хIинццалц хьаьъна лаьттина, йоьIан деган айма: «Ма майра ву и… Ма товш а ву».., – дагара ца волура и Нурседина.

      ДIайижале цкъа Селитица къамеле йолуш хуьлу Нурседа тховса, йист а ца хуьлуш, метта йелира. Оцуьнан бахьанех мелла а кхиъна Селита а IадIийра, хеттарш ца деш, цо ша и дийццалц.

      Вукху дийнахь, paгly кIел гIортораш а йоьгIна, цIера дагарш, херхаш деана, кхоккха цхьаьна а хилла, дечиг хедо хIиттира дешархой. Селитий, Нурседий, Увайссий цхьаьна нисделира. Селитассий, Увайсий херх хьоькхура, даьккхина дечиг Нурседас жимачу гIудалкхаца дIакхоьхьура. Селитин синтеме, Iаьржа бIаьргаш, Нурседа йоцчохь цахуучуха Увайсехьа хьовсура наг-наггахь. Нурседа-м церан тидам бечохь ша а йацара: иза дIалаьцнера шен ойлано. Иза гIудалкха тIехь дечиг дIаэцца йахана а йолуш, Селитас херх хьоькхуш, ца хууш Увайсан пIелг хадийра даьIахка тIе кхаччалц.

      Ша лазийча санна а ца хийтира кIантана: «ХIума дацара хIара-м!» – велакъежира иза.

      Селитас, чехка кисанара схьадаьккхина, дIакховдийра мерах хьокху дарин йовлакх:

      – ХIан, дIабехкахьа!.. ЦIена ду хьуна…

      – XIapa хIинца цаберзарна а ца кхоьру-кх со!.. XIapa йовлакх ас, Селита, кху пIелгал а Iалашдийр ду-кх хьуна, – элира Увайса. ЙоьIан дагах мерза алу туьйхира, цIийелла охьахьаьжира иза. ХIинццалц дош а къадозачу кIанта дуьххьара иштта хаийтира шен безам. Ма ирсе хийтира йоIана эццахь ша! Дуьненчохь кхин хIумма а ца лаьара – даима а ша Увайсана йезийла доцург! Селитин эсала догучу бIаьргаш чохь, церан кIоргехь богу чиркх цхьаммо-м гуш доцчу куьйга цIеххьана хьалаоьзначух тера, цхьа шатайпа керла суй летира – дуьненах сакъерадаларан суй! Жим-жимма йекхалуш, тIаккха цIеххьана дерриге дуьне а серладоккхий, схьахIутту Iуьйре санна, Селитин кийрахь, хIинццалц жим-жимма гуллуш а лаьттина, хIинца цIеххьана, де санна, къегина схьахIоьттира безам.

      Йухайеара Нурседа, цунна гира Увайсан бихкина пIелг а, Селитин бIаьргаш чохь летта суй а, амма иза тIаьхьа хатта дитира цо. ГIуллакх чекхдаьлча, йижарийн Iодика а йина, Увайс дIавахара…

      Цу буса, цIахь, шаьшшиъ дIайуьжуш, майрайаьллачу Нурседас, Iе а ца йелла, элира Селите:

      – Суна… Расул везавелла!.. – ша аьлла йаьлча, эхь хетта, пенехьа дIайирзира и. Селита йелакъежира, амма Селитас тIаккха а-м ца йийцира йишига шен деган къайле: цхьаннех а тешо мегар а доцуш, шатайпа доккха хIума хетара цунна шен безам! Иза кхоьрура, кхечарна иза шена санна цахетарна а, йа иза бийца баьккхича байбаларна а…

      * * *

      Селитас, ша а йолий, ойланаш йора: дIа стенна тIера йолаелча а, хьаьвззий Увайсана тIекхочура уьш. Дуьненчохь доллучух ойла йойтург а, дерриг хIинца шеца дозаделларг а Увайс вара. Хьалхачул чIогIа сакъералора Iаламах: гена воццуш, кхана а йуха ган йиш а йолуш, хIоккху аренашкахула лелаш вара «и», – кху Iаламан уггар боккха тамаш! Тахана а, цунах бIаьрг кхетар бацара-те аьлла, нене а хаьттина арайаьлла, библиотекехьа йоьдура Селита. Масех де а даьллера Увайс ганза: Iаьнан каникулаш йара. Малхехь лепаш генна дIа гора лайн аре. ЙоIана дагатесира: «Ма хаза хир дара кху аренашкахула цуьнца цхьаьна лелаш…». Шена санна, и нахана а тамаш хIунда

Скачать книгу