ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
– Дада, дада! оцу хьуьлла йоьдучу котаман когаш вукхерачел беха хIунда бу?
– Малх гIоттуш йина иза: IиндагI дехха дуьжуш, когаш а бехий хилла.
– Дада, дада! И хьуьллара лаьмнаш хIокхарел лекха хIунда ду?
– ХIокхарел сехьа дерг ган а лиъна, айаделла уьш.
– Дада! Царна бухахь хIун йу?
– Царна бухахь дIабоьхкина наьрт-эрстхой бу боху нохчаша… Цхьа тамашена, баккхий нуьцкъала турпалш…
– Дада, дада! Хьан месаш кIайн хIунда йу? Ткъа сайниш хьаьрса йу.
– Сайнаш лайца йилина, хьайнаш – малхо кегийна…
Ниночкин хеттарш а ца кхачалора, дадин жоьпаш а ца лекъара.
Малх делкъанга баьллачу хенахь колхозхой, гIел а белла, йуург а кхоллуш, цхьацца тобанашца дитташ кIел хевшина Iapa. ЦIеххьана, генара гира царна, тIаьхьий-хьалхий школехьа дIаоьху нах а, цига хьалхахь гулйелла пхьоьха а. Школин кевнан бIогIамах йоллу радиорепродуктор цхьа шатайпа буьрса луьйш хезара. Ниночкина гира: цIеххьана ирахIоьттира, ворта хьала а озийна, Савва Ильич. Цуьнан лерга йуххера, даим семса, хIинца ирахIиттина, йусаелла кIайн месаш, кхерайеллачу котаман кIорничух тера хийтира Ниночкина. ЙоIе цо дIакховдийна аьтту куьг, хIаваэхь пIелгаш а даржийна, шен карахь йоьIаниг дацар а ца хаалуш, десса кхозура. Йуххерчу бешара а, кхаш тIера а белхалой, цхьаъ вукхунна тIаьхьа, зIе йинна схьаоьхура… Радиос схьакхайкхийра инзаре дош:
–ТIом!..
Пхьоьха сихха стамйелира.
Баккхий нах: цхьа а вист ца хуьлуш, цхьаверг школин кетIарчу хена тIе лахвелла, важа лаьттах гIортийнчу Iасанна тIе ши куьг диллина, кхозлагIниг бIаьрнегIарш а дийшийна, шена хьалха лаьттах, боьххьехь цхьамза боллу, Iaca Iуьттуш – массо а гIайгIане ладоьгIуш Iapa. Шен Iаьржа месала куй а коьртахь Тавсолта а лаьттара, марха санна.
Уьш бехха Iийра ойлане тийна: царна дика хаьара: «тIамо шура ца йохьийла!»
Керим а, шен шуьйрачу белшаш тIехь, жIанк санна, жима хета хьаьрса корта кIеззиг aгlop а таIийна, шен цIен йуьхь а, кегийра боьмаша бIаьргаш а кхоьлина хьоьжура. ТIехьа ладоьгIу кегийнаш-м: Дауд, Увайс, Селита, Нурседа, кхин берш а – царел сапаргIат хетара: къоначарна вон кIезиг дайнера, церан син гlopa а сов дара. Делахь а, гIодайукъ а къуьйлуш, дегIаца айабелла, цIеххьана баккхий хиллачех тера-м хьоьжура уьш: царна а даго хьоьхура и хIинца схьахезарг уггаре а даккхийчех хилар.
Йуьстахо лаьтта зударий: басмин коч йуьйхина, басадаьлла йовлакх тиллина Нурбика; ша оза, амма шен беса йуьхь севсина йолу Кесира, Анна Львовна, кхиберш а, мох баьлча кхокхий санна, вовшашна герга теIара.
Массарна а шайн дагца хиира xlapa тIом мух-муххачех а боцуш, шатайпа тIом хир буйла, xlopа доьзалан а чу кхочуш, массеран а кертахула чекхболуш, цо цхьа а шена йуьстах вуьтур воцийла.
Радио лийна йаьлча, и тапъаьлла лаьттина пхьоьха гIовгIане йелира:
– Эккхаза ца Iий-кх xlapa!..
– ХIун хир-те хIинца?
– Хьовсур, муьлхарш