ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
* * *
НеI йиллина, Тавсолта цIеххьашха чувелира: школера цIа даьхкина бераш чохь дара, йуург кечйеш пеша уллохь Нурбика а хьийзара.
Чохь, башха хьал дацахь а, гуттар санна, цIена а, самукъане а хетара. Чу ма-велли, дуьхьаларчу пенах, шина кора йуккъехь, кхозура, кепка а тиллина, пиджака тIехь цIен бант а лепаш, сирла велакъежинчу Ленинан портрет. Аьрру агIорчу пена тIера схьахьоьжура, салтин чоа а дуьйхина, чета куьг диллина, сапаргIат лаьтта Сталин. Дехьа чохь, йиллинчу неIарехула гора соне оьллина имаман Шемалан сурт. Стоьла йуххехь книжкина тIехьоьжуш Iен Дауд, сихха кIужал хьулйеш, лаба дIа а тиллина, дегI нисдеш хьалагIаьттина, дена тIе вахара, цуьнгара схьаэцна белхан гIирсаш чохь болу тIоьрмиг а, Iасанан метта лело гIаж а дIаоьллира неIарна тIехьа боллучу дечиган хьостамах. Чу нуй хьоькхучу Селитас, коьртара белшаш тIе деъна йовлакх сихха дIанисдира. Нурседа этажерки тIерачу куьзгана хьоьжуш лаьттара шен кочара цIен галстук нисйеш, коьртахь йовлакх а доцуш. И гина Тавсолта, гомо Нурбике а хьаьжна, вист ца хуьлуш, дехьа чу вахара. Цо гуттар а зуда йора бехке, берашкара даьллачунна а, тIе, берашца эвхьазаваларх ларлуш, царна догIу дов а цо зудчуьнгахула дора. Цу сохьта кхетта Нурбика тIечевхира йоIана чIоггIа, дехьарчу хIусамдена а хозуьйтуш:
– Делан дуй гIо хьох! ШайтIан ког! Латта а лаьттий кхин эхь ца хеташ! Мосазза аьлла хьоь… ДIатилла и йовлакх, йилбаз!..
Нурседас косынка дIатиллинчул тIаьхьа а, майрчунна хьалха бехказа йала гIертачу Нурбикас кхин тIе а барт беттара йоIана, кхано шена цIийндегара хинйолу йаппарш йаййан лууш:
– Лачкъаза дисина шайтIа!.. Хьо адам делхьара, и бIаьргаш сел сийна хир бацарий хьан-м!..
Нурседина, ша оьгIаз мосазза йаха а, изза олура Нурбикас. Амма, цуьрриг а дегабааме йоцу Нурседа, хIинца а, гуттар санна, шен хьаьрса чIаба ластош, сиха дIа а йирзина, йелакъежира: Нурбикин бIаьргаш а ма дара сийна! Массарна а гуш: сирла хьаьрса Нурседа цIена шен нана йара! Бакъду, амал дениг кхаьчнера цунна. Ткъа тIехула дех тера, бIаьрг-цIоцкъам а Iаьржа долу, цу шиннах хазах йолу Селита дог кIеда хиларехь ненах тера кхиънера. Маццах и жима йолуш, кертарчу кхура тIе хиъна къоркхокха Тавсолтас, шалго-топ тоьхна, чубаийтича, йоьлхуш чуйеанера Селита и йишига дийца.
– Ткъа