Скачать книгу

Вайн мехкарий школехь оьзда а Iамабо, тIе шаьш уьш ледара а бац… Мегар дац-кх вайна, ахь и дахь, – тIетуьйхира Дауда а.

      Тавсолта, хIинца Iедална гергахь оцунах йала тарлучу йуьхьIаьржонан ойла йеш, шена хьалхха охьахьаьжира. XIop ламанхочунна стеннах а кхеравалар эхь ларалойла хуучу Анна Львовнас шен гIортор эццигахь, Тавсолта Iедалх кхерарх а ца йеш, йуха а цуьнан оьздангаллех йан дагалецира:

      – Суна-м моьттура… ахь… со лорур йу…

      Тавсолта IадъIapa.

      – Со-х шун йуьртан хьаша а, дуьххьара шуьга йоьссина, шуьгахь Iийна, шун цIийнан доттагI а йу! – аьлла, Анна Львовна хьалагIаьттира. КIант дега хьоьжура.

      – Ас тIаьххьара доьху хьоьга! – элира хьехархочо вас хиллачу, дегабааме озаца.

      Тавсолтас, ойла йеш а Iийна, эххар доккха садаьккхира:

      – Дика ду!.. Хьо йоцчунна сайн даш тIера вухавер вацара со!.. Дика ду!.. Дешийта!.. Амма.., ахь суна бехк ма биллалахь,… царех цхьаъ школехь коьрта Iуьйра, йа божаберашца ловзуш суна хаалой, и шиъ кхин школехь гур йац хьуна! – тIаккха, Даудехьа а вирзина, тIетуьйхира: – Хьо а хьожуш хила цигахь! Дола де хьайн йижарийн: царна нехан алар далахь, эхь уггар хьалха хьуна кхочу хьуна!.. Дешарх-м, дукха кIуж болу меъ хила аьлла а даций! Вайнехан ламастех вала кийча ву хьо!

      – Дика ду, дада!.. – корта таIийра Дауда.

      Анна Львовнассий, Даудий, шайн дагахь, цкъачунна тоам бира. Анна Львовнас, Iодика йеш, Нурбике а, тIаккха Тавсолте а, и зуьйш санна, куьг кховдийра. Тавсолтас, шеха велакъежна, корта а хьовзийна, схьаийцира куьг.

      – Баркалла! – элира Анна Львовнас нохчийн маттахь.

      Хьаша новкъа йаккха тIаьхьавелира Тавсолта а, Дауд а. Тохара дуьйна а дехьа чуьра схьа тидам бен Нурседа, уьш арабовллушехь, схьахьаьдира, кхин дан собар ца хилла, гIуллакх муха чекхдаьлла а, шен айкхйалар гучу ца долуш дисинийла а хьажа. Нурбика сирла йелакъажарх кхеттачу Нурседин сакъераделира:

      – Нана, ас гlo де хьуна? – аьлла, хьаькназца пешара йукъ дIайаккха хIоьттира и.

      Анна Львовна новкъа а йаьккхина, вухавогIу Тавсолта а, Дауд а цхьаьний даьхнийн керта воьду а гина, Селита хьехархочунна тIаьхьа йедира, маракхетта, бартбелира цунна. Иза кхин а новкъа а йаьккхина, йухайеанчу Селитас, тIехьашха тIекхетта, Нурседа маркъевлира, бесни тIе оба а олуш. «Доьшур ду!» – декара шиннийн а дагахь, тIе, Селитин ойланехь къайллах, «Увайс а хир ву денна гуш», – бохург а лекхалора. Нурседа шен дагахь йоккхайера, хIинцца баьккхинчу оцу толамца шен а дакъа хилар дагадеъна: «Къовса деза даима а!» – сацийра цо даг чохь. Цул тIаьхьа шиннийн а ойланаш Анна Львовнехьа йирзира: «Ма хьекъале йу и», – элира Селитас… «Цу тIе, ма хаза а йу!» – тIетуьйхира Нурседас. Шаьшшинне иза денна а гушшехь, хIинццалц схьа тидам ца хилла хьехархочун хазалла а хIинца ма-йарра дуьхьал тесира царна. Шинне а хIинца шайн хьехархочун амат, цуьнан хазаллин барамехь дуьхьал хIуьттура.

      Анна Львовнин стигалан басахь долу хаза бIаьргаш, Iаьржачу цIоцкъамашна кIелхьара даим собаре а, сирла а хьуьйсура, цуьнан деган цIеналла а, амалан ондалла а цхьабосса схьаухьуш. Йуккъерчу дегIахь, тайначу гIодайукъца и йоьду-йогIуш гича, божарийн бIаьрг тIехь

Скачать книгу