ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
Ширачу Египтехь, Римехь, ГIажарийн имперехь, Паччахьийн Россияхь, массо а халкъа йоцчу пачхьалкхашкахь цундела Iедалхоша баржош а хилла и тайпа моттбеттарш шайн халкъана йуккъехь. Цундела Гитлера а, цунах терачу вайзаманахьлерачу кхечу диктаторша а шайн пачхьалкхашкахь вайн заманахь а шуьйрра дIахIоттийра и гIуллакх. Амма массарел а чIогIа, массарел а шорта и гIуллакх шен махкахь дIахIоттийнарг Сталин вара: цо йоьттира шен пачхьалкх сексотех, царех халкъана дуьхьал гIорто йеш, адамаш вовшех цатешарх пайдаоьцуш. Цундела халкъана кIорггера ца безара моттбеттарш. «Дош дацар-кха уьш берриш а лаххьийна дистина доьдучу хиэ ца бахьийтича», – олура Тавсолтас а, царах къамел ма-тасаделли.
Амма Сталинна а, цуьнан коьрта гIорто хилла дIахIоьттинчу НКВД-на а чIогIа оьшура уьш: царна тIе а тевжина латтадора Сталина шен карахь Iедал. НКВД-ссий, и моттбеттачарий гlo дира Сталинна парти шена кIелхьаша а. Цундела Сталина, гарехь, церан а аьтто бора.
Тавсолтина дагадогIу, «сплошной коллективизаци» дIахьош, Тойсуман кхин а майравалар: шеца накъостий а оьций, хьеннан а чу воьдий, цIийнах хьожура, карийна йалта «пачхьалкхана» дIахьора, «совнаха бежана» колхозна дIадуьгура, тIечехара, луъу стаг, лоций, дIавуьгуьйтура. Тойсумна дуьхьал наха оьхуьйтучу аьрзнех а хIума ца хуьлура. Нах Iадийча санна бисира. Тойсума байира цу йуьртахойн Советан Iедале болу тIаьххьара безам. Iедалх а наха дог диллира хIинца.
Тавсолтина, хIинца ша вогIуш, цIеххьашха дагадеара: оццу муьрехь шега цкъа сельсовете кхайкхар. Xlapa а волуш, хIетахь кхеташо йира Тойсума, колхозехь цу шарахь, докъар а ца тоьъна, хIаллакьхилла даьхни йуьртахошкара, хьаьнгара мел, xIун схьайаьккхина меттахIоттаде вай, аьлла.
– Хьуна хIун хета, Тавсолта? – аьлла, Тойсума хIиллане бIаьргаш кхунна тIедуггIушехь, чохь инзаре тата делира, коран рама дIакхоьссира, стол харцийра, чу кIур хIоьттира, нах аркъалъийгира. Амма, цхьадика, цхьа а ца лазийра, кегаберса чкъуран чевнаш хилар доцург.
Хилларг теллича: цхьамма-м, хIорш чу а гулбалале, хьалххехь, кхеран стол кIел чуьйна гIуммагIа йиллина хиллера, тоьпамолханах йуьзна, чу чаччамаш а ца йохкуш, пенан кIелдIахула арахьа даьхьна чимчаргIа а долуш. Гарехь, иза арахь лата а дина, дIавахнера зуламхо, xlopш чугулбеллачул тIаьхьа. Тойсума оцунах а шена пайда ийцира. Цу сохьта кехат дахьийтира НКВД-е: «Йуьртахь Советан Iедална дуьхьал кечбеш кулакийн гIаттам бу. Сельсоветана чохь бомба а эккхийтина. Оцуьнан тхан шеконехь берш хIорш а бу», – аьлла, шена ца везачу исс йуьртахочун цIерш тIейазйина кехат къайллах дIаэцна вахийтира цо пхийтта шо кхаьчна волу ден вешин кIант Эмин. Тавсолтина дагадогIу: сатоссуш йуьрта НКВД-н бIо беана. Шиъ лецира. BopxI, шаьш хоьттийла а хиъна, ведда, ЧIап-ломан хьехахь дIалечкъинера. НКВД-ерчу эскархоша, уьш болу меттиг схьа а карийна, вукху дийннахь гуо лецира царна. Карабахка ца туьгура. ТIом бира. ТIаьххьара а схьайуьйлу тоьпаш севцича, ларлуш тIебахна эскархой хьаьвсича: ворхIе