ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
– Xlapa-м ас лардийр ду, хьуна, хьо цIа кхаччалц!
Селитин куьг лаца гIоьртира Увайс.
– ХIан-хIа! И мегар дац! – йухахилира йоI.
– Селита! Вайша бохучу тIехь хьо йелахь, вайшиннан барт чIагIбеш, куьг дала-м деза ахь соь, хьо сан хирг хиларх дуй бууш… Ас дуй боу, хьуна, xIapa Iалам теш долуш: вайша дийна а долуш, хьо йоцург зуда хир ма йац сан!
Увайса йоIе куьг кховдийра. Селитас дIаийцира.
– Ас а боху: вай дийна а долуш, хьо воцчуьнга гIyp ма йац со!
КIентан дог тешшош, доггах дийкира йоьIан аз.
Цу сохьта, Увайсана зезагийн курс а, Селитина зазкочар а дохьуш, схьакхечира Анна Львовна.
– Варийлахь, Увайс, школе йазделахь! – элира хьехархочо. Къона йогу церан беснеш гича кхийтира и кхеран къамел даггара нисделла хиларх. Хьуьнхара арабевлча, эскаре боьлхурш йуха а шайн могIаршка нисбелира, вуьйш уллобевлла а богIуш.
Шайн эшарца, шайн гIовгIанца дIакхечира уьш райцентре. Эскаре баьхнарш военкомата хьалха дIа а хIиттийна, кIеззиг къамел а дина, военкомо тIаккха омра дира, киралело машенашна тIебовла аьлла. Эскаре баьхнарш, тIаьхьабаьхкинчеран Iодика йеш, хьаьвзира. Дауд мараиккхира йижаршна а, Кесирина а, Анна Львовнина а. ТIаккха, Эскинойхьа бIаьрг а тоьхна, машена велира. Увайс Кесирина мара а иккхина, Анна Львовне куьг а луш, Iодика йина ша ваьллачул тIаьхьа, шина йишига дIа а хьаьжна, висира. Анна Львовна сакхйелира: цунна хаьара вайнехан Iедалехь нехан мехкаршка Iодика йеш куьг далар, йа мараэккхар ца догIийла. Амма xIapa меттиг шатайпа меттиг йара: нах луьрчу тIаме дIабоьлхуш.
– Ткъа кхеран Iодика йан ца лаьа хьуна? – йелайелира нохчийн гIиллакхех кхета Анна Львовна. ТIаккха Нурседас майрра куьг дIакховдийра Увайсе. Цул тIаьхьа Увайса а куьг делира, ша муха, хIун дича нийса хир дара-теша бохуш, йоьхна лаьттачу Селите: куьйгаш лецна а долуш, и шиъ вовшийн бIаьра хьаьжира – оцуьнца, дашза, кхин цкъа а, чIагIбира цара шайн хьуьн чохь хилла барт. Увайс тIаьххьарчу машена велира. Къона эскархой къайлабевлира, машенаш тIера схьа куьйгаш а лестош… Ойлане тIаьхьа хьуьйсура бухабиснарш. Уьш новкъа баха хIинцца схьакхиъна Расул, цIийвелла, ша-шех вогуш лаьттара, ша тIаьхьависарна. Нурседа шех кхаьрдий-техьа аьлла, дагахь эхь хийтира цунна, шел кегийнаш кхин цкъа а, ша цIахь а вуьсуш, тIаме дIабоьлхуш а байна: Нурседа баккъал а кхоьлина хьаьжира цуьнга.
Анна Львовнина дагатесира: «Сийлахь-доккха декхар тIелаьцна цара… амма… буха ца боьрзу берш а бу-кх цаьрца»…
ХIинца, Увайс а дIавахна, ша йуьсучу Кесирица цхьаьна цIехьа дIайолайелира Анна Львовна.
Школера божарий тIаккха а бехха лаьттира, дIабаханчарна тIаьхьа хьуьйсуш…
Шайн йуьрта йухакхаьчча а, кегийрхойн бIаьргаш чохь, хIинца а даза дисина, суйнаш догура, зударийн бIаьргаш чохь, охьаэгаза дисина, хин тIадамаш лепара…
БУЬЙСАНАН ДЕСАНТ
Гуьйрено басешна тIера баьццара хут оззийна охьа а даьккхина, царна можа кортали тIетесира. Амма иза а, де-дийне мел дели, сихха макхлуш догIура. ДогIанаш дуьйладелира. Денош сихха шеллуш, мохо раз деттара дерз. Дерзаца наггахь хаалора лайн жоржан буьртигаш а – тIетеIачу Iаьнан геннара геланчаш. Мох, цкъацца кхин а карзахболий, Iаннашкара барзах