Скачать книгу

долчуьра дIа, тIехьарчу ахкана тIекхаччалц, xlopa могIарехь пхиппа а долуш, хьехархочунна хьалха дуьххьара школе баьхкина дешархой санна, дIахIиттира дуткъий синтарш.

      Дешархой гул а бина, Дауда шен некха тIе куьг даьхьира, вела а къежаш:

      – Комсомольски комитетан цIарах оха сацам бина, дешаран отметкаш дика а йолуш, шен дитт диках кхиочунна xlopa баттахь xlapa значок йала! – цунна хаьара берашна и значок хазахетийла.

      Синкъераме гlyгl делира. Цу дийннахь, и дерриге дуьйцуш, Нурседас йаздина кехат дахьийтира дешархоша фронте.

      * * *

      Кху аьхка йижарий уьтталгIачу а бовлуш, Дауддий, Увайссий чекхвелира… Шимма а дийхира военкомате шаьшшиъ, тарлахь, цхьаьна полке хьажавар.

      Военкомо, тIамехь лазийна чолакх куьг хIоранна белша тIе а дуьллуш:

      – КIентий иштта хуьлу! – элира…

      Сарахь школехь йинчу комсомолийн собранехь, фронте воьдучу Даудан меттана Нурседа хаьржира комсорг. Селита комсомоле а ийцира… Шимма а, школера чуйеъна, буьйса йуккъе йаллалц, Нурбикица цхьаьна, кечйира кхана эскаре дIавоьдучу Даудна оьшу хIумнаш.

      Iуьйранна, сиха хьаьвзина, бевза-безачийн Iодика а йина, Дауд хIинца нара тIехь ойлане Iачу Тавсолтина хьалха хIоьттира.

      – КIант! – элира Тавсолтас, – вай йуха гой а ца хаьа, Дела воцчунна! Ас сайн весет цундела хьалххехь дIахоуьйту хьоьга. Адамна дуьнен чохь массо хIуманал дукха дезарг шен са ду, шен сил а дезарг – бер ду! Амма, хаалахь, берел а хьоме бу, хьуна, Даймохк! Хьо лахь а, висахь а, Даймахкана хьанал чекхвалар – сан уггаре а хьалхара весет ду хьоьга! Иванца, Керимца йохье валий, дика кхочушделахь командиро тIедиллинарг! Ца оьшучохь хьайн корта, майралла гайта a гlopтий, Iожална кIел ма лацалахь, амма толамна оьшучохь – и кхоо а ма гIорталахь! ТIаьхьенан ойла тIех йиначух къонаха ца хилла! Iожаллех ларло, амма ма кхера! Тахана дуьххьара араволу хьо хьайн цIентIера: дин некъаца бевза, кIант арахь вевза. Адамашца дог цIена, ийна хила. Царна дика дан мало а ма йе, вониг дан сих а ма ло: ахь диннарг, гобоккхий, духакхочу хьуна. Йуххерчарна хьайн хIума а ма кхоае: нахана делларг – йуха карийна, шена дитинарг – дайна. Хьайна оьшург дика Iалашде, амма хIуманна тIехь сутара ма хила: кIезиг эшнарг хьолахойл а тоьлла. Нахаца чорда ма хила, амма сов кIеда хила а эшац: тIех эсалла – осалла йу. Сов муьста хилахь, наха охьатосур ву, тIех мерза хилахь, верриг дIакхоллур ву. Де тоьлча кура а ма вала, амма де эшарх – кураллех а ма вада: коьртаниг – къонахалла йу! Бакъду, ойла йичахь – дуьне дош дац!.. Амма, кIоргга ойла йича, дуьненал дош долуш кхин хIума а-м дац кху дуьненахь… йуха а къонахчун цIе йоцург! Цундела даьхнел а чIогIа ларйе хьайн цIе: веллачул тIаьхьа а йуьсуйерг иза йу. Хьуо санначу нийсархошлахь накъост харжа – дог цIенаниг, куьг чIогIаниг: цхьана косказа тIехь гена вахалац… Ткъа кегийчу сакхаташна тIехула доттагIчуьнца эгIа кийча а ма хила: айп данне а доцу доттагIа лехнарг ванне а доттагI воцуш висина. ГIалат гечде, йамартло ма гечйе. Хьуо даим тешаме а хила доттагIчунна: накъост кхерамехь а витина, хьуо кIелхьара валахь – дийна воллушехь велла ву хьо тIаккха – хьайн синца! Амма накъостех тарвалархьама цаьргара вониг схьа а ма эца. Цкъа а ма Iамаделахь маларрий,

Скачать книгу