ТОП просматриваемых книг сайта:
Лаьмнаша ца дицдо. Магомет Абуевич Сулаев
Читать онлайн.Название Лаьмнаша ца дицдо
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Магомет Абуевич Сулаев
Издательство Автор
– Иза къахьашто ду… тIе стом ца лета… сов чIогIа ду, шех неIаршший, корашший деш. Xlapa маъ ду, дIогарниг, кхунах тера а долуш, дак ду, дакх дац. Ламанца долу. Цуьнан кевстиг кхин а шера, цIена хуьлу… И сула ду, цIулла дац. ЦIулла кхин ду. Xlapa а ламанца долу. Кхунна тIехь, хурманаш санна, мерза стом хуьлу. Амма кхуьнан сий кхечунна ду: кхунах бо дечиган пондар! Кхунах лаьцна олу и вайн йуьртарчу цхьа бIаьрг боцчу Хьасана а шен илли тIехь:
Хьуьнах декъазчу сулан пондар,
Желахь декъазчу газанан пхенаш,
Йуьртахь декъазчу соьга кхечи…
Увайсна кху орцахь массо а тайпа дитт девзара. Уьш хазахеташ дуьйцура цо йоIана. Шиннан а синош кху сохьта Iаламах а, вовшех а ийнера. ХIинца бецаш йийца вуьйлира Увайс.
– XIapa цкъарг йу… иза – акха хох… ткъа иза боь бу – акха саьрамсекх. Ламанхоша, ата а отий, далланашний, чуданашний чудухку боьш а, татеш а. Кхунах заIпар олу, шех шекъа доккхуш буц йу xlapa. Кхунах – бIаьста олу. Xlapa хьакхайелча чкъурах ноткъа йо. Ткъа xlapa – лаьттамуьстарг йу, динбергах тера, амма цул йаьржино, муьсто чам а болуш, и санна, сурхашний, IаьржбIаьрганий дарбане а йолуш… ЧIирбаI… ГIантбаI… Йиппарш… Липпар…
Ламанца йоцуш а, Увайсна ца йевзаш а буц йацара.
– Ахь-м суна дийнна ботаникан урок йели, Увайс! – йелакъежира Селита.
Увайс соцунгIа хилира. Цуьнан дог кхечунах дуьзнера, цунна кхин дийца лаьара. Анна Львовна, башха герга йоцуш, тIаьхьо йогIура. И шиъ схьадогIуш хIинца некъан йистошца нислора бес-бесара зезагаш: цIелерг, тобалкх, петIамат, басар олу сийна зезаг; лаьмнашца шелонгахь а кхуьу, цIен бос болу – шелла; ал-цIен зIам; можа-цIен доьра-зIам; пац-зезаг, чахкар-зезаг… Селита цецйохура Увайса, цунна хезна йоцу цIераш йохуш. Увайсана тахана хьалхачул а хьоме хетара маьI-маьIIера схьахеза олхазарш а: эхь доцу хьозарчий, оьзда чIегIардигаш, даима цхьаъ хоьтту хIуттут, гуттар цхьаьнга кхойкху хенакIур, дукха йека чIегIагаш, охьахиъначохь хаза сетта хIурцIалдиг – масане дара уьш кхузахь! Уьш массо а хIинца къаьсттинчу тидаме лоьцура цо: дIо ломан бердаца, дIасауьду алкханчах тера, шоршал а, дитташлахь лечкъа можа-къорза селасат а, и жима мерцхалдиг. Сийначу стигалан куьзгана тIе шайн аьзнийн зевне туьтеш хьоьрсура нIаьвлаша. Аьхкенан йуьххьехь хуьлу и массо а тайпа олхазарш гучудевллера таханлерчу кху тамашена хазачу дийнахь. Уьш дерриш а девзара Увайсна. Шен кхетаман кIоргенехь кхузахула ша тIаьххьара вогIий-те аьлла, шекволчу Увайса, хIинца къаьсттина самадевллачу бIаьргашца, сутара чухуьйдира гонахарчу Iаламан хазалла: бацашлара схьакъеда зезагаш а, дIо стигалхула йоьлху