Скачать книгу

Амма гойтуш баккхийбе а ца баьхьара: «бIаьрг хиларна» кхоьрура, тIе, «хIун хаьа, цIеххьана схьахоьций а»… – бохург а дара дагахь. Амма, хье ца луш, хIеттахь, районан клубехь суьдан процесс дIайолийра, чубалийна корреспонденташ а Iаш, пропускашца чугулбелла а, арахь лаьтташ а дуккха нах а болуш. НКВД-н хьаькамашна а, Iедалхошна а хаьара и процесс хIинца мелла а «схьайиллина» йолчу хормехьа оьзна йан мегар дуйла: цкъа-делахь, тахана шена тIехь кхел йийриг, халкъана а ца везаш, билггала волу халкъан мостагI ван а вара, меттигерчу Iедалхошна а, нахана а цхьабосса кIордийна. ШозлагIа-делахь, Сталинан Iедал хIинца дуьйна халкъехьа, нийсонгахьа оза даьлла бохург нахана шуьйрра дIагайта дезаш мур а бара. Цхьаболу нах баккъал а, Iехабелла, чу са деъна, хIинца дуьйна-м цхьа диканиг хила а ма мега вайна, бохучу ойлане а бевлира.

      Процесс йола ма-елли, церан а ойла хийцайелира: массарна а гира Тойсумна а, цуьнца цхьаьне суьде оьзначу, и санна нахана ца везачу кхин шинна а (районан налоговой инспекторний, Эскинойрчу колхозан председательний) тIетуьтту бехкаш, церан шортта баккъала а болучех а боцуш, мелхо а, чохь ладоьгIучарна а бакъ ца хета бехкаш дара: уьш кхуьй а бехкевора, Тойсум а коьртехь, районехь къайллаха йолу буржуазно-националистически организаци цара кхолларна, халкъан экономикехь зуламаш дарца Советан Iедал харцо дагахь уьш хиларна. Схьагарехь, НКВД-чу хьаькмаша суд йаран хорма, мелла а керлачу Iалашонехьа узуш, нийса хийцинехь а, амма цуьнан чулацаман хатI хьалхалеррачу эшарехь дитинера цара – йа иза оцу Iалашонца нисдан шаьш цакхиарна, йа шайн хьекъал цатоарна: башха хьекъална кIорге йолуш а бацара хIетахьлера НКВД-н белхахой а, йа суьдан куьйгалхой а: уьш дукха хьолахь леррина долу, хьовха, ур-аттал дуьззина йукъара дешар а чекхдаккхаза хуьлура. ГIалитIера ваийтинчу коьрта бехке вечо, прокуроро, дарехь, гIараваьллачу Москварчу генеральни прокурорах – Вышинскийх тарвала гIерташ, аркъал а сетташ, аз стамдина хаьттира:

      – Гражданин Мотбехов Тойсум Абастович, даре дой ахьа: айхьа районехь кхоьллинчу къайлахчу буржуазно-националистически организацина коьртехь хьуо хилла хилар?

      – Ца до! – доцца, майрра дIатеттира Тойсума шен боцу бехк. – Йа и тайпа организаци кхоьллина а йац ас, йа цуьнан коьртехь а ца хилла, йа и стенца йуу а ца хаьа суна! – тIетуьйхира Тойсума, чуьра цхьаберш бийла а беш.

      Оцу тайпана хуьлура цуьнан кхидолу жоьпаш а. Цо бохучуьнга нисдеш, цунна тIаьхьахIуттий, жоьпаш лора вукхашимма а. Амма кхана Iуьйранна арадевллачу районан а, гIаларчу а газеташа зорбатоьхначу репортажехь, нах цец а бохуш, нисса пурхнехьа йаздина хуьлура: «Даре до! Бехке ву со и организаци кхолларна».

      Иза а дара цу хенахьлерчу НКВД-н хьаькамийн хьекъалдацар: царна хIунда ца хаьара, пропускашца чубитинчу, шайна тешаме хетачу корреспонденташна а, вукхарна а йуккъехь вер вуй цхьаъ йа шиъ, и репортажаш нийса цахиларх лаьцна кхечаьрга къайллаха аьн дерш?

      Йа шайн луьралло уьш массо а совцор бу моьттура?

      Къаьсттина эскинхойша тамаш бийриг дара оцу репортажашна кIелахь хIоразза а йазйина «Мотбехов

Скачать книгу