Скачать книгу

уьш муьлш бу а ца хаьара. Шиъ вара. Цхьамма дийхира нохчийн маттахь: чувита шаьшшиъ, хьуьнчухула вогIуш, догIанехь вашийна, бодашкахь некъах а тилла шаьшшиъ, сатоссуш дIа a гlyp вара аьлла. Цаьрца верг немцо хилла, йа ца хилла тхуна хаале уьш дIабахара сатоссуш. Хиънехь, оха немцо Iедале дIа а лур вара!.. Чу-м, муххале а, вуьтур вацара…

      Шайгахь хилла лаьцначуьра ведда Тойсум хьаха а ца вира вежарша, талламхоша а ца хоттура иза. ХIорш тIебоьрзург а ца хилла, лейтенанта эххар хаьттира:

      – И шиъ воцург цу буса кхин цхьа а стаг варий шуьгахь буьйса йоккхуш?

      – Вацара! – чIагIдира Бетара.

      – Аьшпаш!.. Вара!..

      – Вацара!..

      – Дийца!

      – Вацара!

      Бетара хьесап динера: «Вара, аьлла, аса-айса и тIелацахь, тIаккха аса-айса и гучудоккху, тIе, охьадийца а дезар ду. Ткъа иза хIокхарна шайна вуьшта а хууш делахь, кхара и гучудоккхур ду, тIаккха дуьйцур-кх аса а»…

      Лейтенант аравелира. Йуха чувеара… Тойсум а валош! И «очни ставке» – йуьхь-дуьхьал xIотто!

      Чуваьллачу Тойсума элира, бIаьрга тIе бIаьрг а хIоттийна:

      – Со-м вара. Хьуна и немцо вуйла а хаьара!

      Дерригенах а цу сохьтта кхийтира Бетар:

      – КъутIа!.. Шен хеннахь, хьо кхоа а ца веш, оха хьан лерг даьккхинехьара-м, хьо цу сохьта вовза а вевзина, чувитина а хир вацарий аса! КъутIа!

      Бетара лейтенанте дийцира:

      – Иза берриге a xIoкxo суна хьалххехь кеч а бина, хIоттийна тешнабехк бу, соьца шен йолчу чIирна. Немцо a xIoкxo ша чу валийна суна, xlapa ша а, суна бодашкахь вовзале, ша чувеъна, йуха, сатоссуш, цаьрцаний дIа а вахара… ДIайазде дерриг а!..

      – И хIун «чIир» йу ахь йуьйцург? – хаьттира лейтенанта. Бетара дийцира Тойсума шайн чохь динарг а, шаьш цунна тIаккха йуха динарг а. Шина вашас и тIечIагIдира. Цецваьлла, вовшашка хьаьжира ши талламхо.

      Бетара элира:

      – Хьовсал шу, шаьш ца тешахь, цуьнан тIехьене? Цигахь оха таIийначу шина кепекан мухIар гур ду шуна! Йа циггахь горга мо хир бу! Хьовсал!..

      Тойсум вист ца хуьлуш лаьттара. Иза дIавигира.

      Лоьраша чIагIдира Бетара аьлларг.

      Ши талламхо шайн хьаькамашца кхеташо йан вахара: цара хьалххехь хIоттийна йолу талламан кеп йоьхнера, xleттe a, xleтахьлерачу йуристийн барамехь кхачаме дара талламан жамI: Бетара а, цуьнан шина вашас а, тIаьххьара а даре ма дира шайгахь буьйса йоккхуш немцо хилар а, лаьцначуьра ведда Тойсум шаьш тIеэцар а, уьш цабовзарна шаьш чубитинера бохург цара мел чIагIдахь а.

      Кхеташоно а вежарийн бехкан барам, царна тоьпаш туху кхиэл йаллал (оцунах тешна вара Тойсум!) хьала ца кхачахь а, амма царна тIеман заманахь йаккхий хенаш тоххал боккха лерира. Вежаршна «кхааммо» итт-итт шо хан туьйхира.

      Районан НКВД-н хьаькамна а, лейтенантана а лакхарчу Iедало мидалш йелира, райкомна замечани йира, и санна долчу гIуллакхна йуьстаха ма хила аьлла.

      Тойсум, и гIуллакх цо «цIена» цадарна, схьа а ца хоьцуш, ша хиллачу лагере шен хан йаккха юхахьажийра: мел хьоьстуш лелабахь а, ТойсумгIар а цу заманахь НКВД–с, шайна гlypбана эшначохь кхоа ца бора – уьш тоъал шорта бара.

      * * *

      НКВД-с

Скачать книгу