Скачать книгу

хала гIуллакх дацахьара, охашимма хьуна тIедуьллур ма дацара, – йукъавуьйлира Аьрзу. – Васалан гIуллакх суьде далале, иза кIелхьарваккха веза. Тхан йуьрто тIелаьцна стаг ву иза, оха дола дан дезаш. ГIуллакх суьде даьлча, генадолу. Хьаькамаш хьастий а, кхерам тасий а, схьаваккха Васал.

      Берсас корта ластийра.

      – Догдохуьйла йац цуьнга. Шуна лаарна, гIоьртур-м ву со.

      Шийлачу хица ламазаш а эцна, бай цIена меттиг лехна, Маккхал хьалха волуш, ламазаш а дина, маралелхаш, вовшийн Iодика а йина, дIасакъаьстира кхо доттагI.

      Амма Теркан областан эскарийн командующи, нахана хIумма а ца хууш, цу Iазапах уьш «кIелхьарбаха» гIайгIа беш вара:

      «Хьомсара Государь Александр Петрович!

      …Нохчий кхалхоран гIуллакх шена тIе а лаьцна, оцу хьокъехь Турце вахана инарла Кундухов цIа верзаре сатуьйсуш Iа со. И гIуллакх сихха къастор чIогIа оьшуш ду. Малхбузе Кавказехь вайн хиллачу тIаьххьарчу а, чIогIачу а кхиамаша догдохийна нохчийн. Вешан Iалашо вай мел къайлайаккха гIертарх а, вайца шайн йолчу шатайпачу йукъаметтигах делахь а, йа шайн махка оьзначу эскарех шекбевллехь а, йа арахьара тIеоьхучу нахехула хиънехь а, царна хиъна герггарчу хенахь правительство цигахь чIоггIа когаш тIе хIотта ойла йолуш хилар. Цундела кху тIаьххьарчу хенахь кхузахь меттигерчу Iедалшна совцо хала йа совцо ницкъ боцу тайп-тайпана эладитанаш даьржина.

      Графо Евдокимовс соьга делла туркойн эмиссаро ламанхошка Турце кхойкхучу прокламацин гоч. Цуьнан чулацам чIогIа тера бу ас со Коджорехь волуш Хьан Локхалле йеллачу экземплярах. Вайн дика нохчий оцу прокламацех Iехабелла Турце кхелхарг хиларх теша мел хала делахь а, царна йуккъе йаржо ахь цхьа масех экземпляр йаийтар эрна хир дацара. И прокламаци Тифлисехь нийсачу туркойн матте йаккхар доьхуш, графо Евдокимовс йаздийр ду хьоьга…

      М. Лорис-Меликов.

      18 июнь 1864 шо»

      IX корта. Къайлаха цхьаьнакхетар

      Хьуна гина-кх дерриг гIуллакхаш хийцалуш хилар: цхьана замано велийнарг кхечу замано велхаво.

      Салих ар Ронди

      1

      Беттаса кхетале бохуш сихвелла вогIу Берса пхьуьйран ламазан хенахь Шела чувуьйлира. Тховса иза кхуза вогIура МаккхалгIеран дехар кхочушдар Iалашо йолуш. Винчу йуьрта вогIуш, даим а цуьнан невцо ДанчIас шен кIант Болат дуьхьалвоуьйтура цунна. Амма тховса иза ша веанера. Цо Берсега хаийтинера, стенна делахь а, цхьана гIуллакхна, амма пайда ца бохьуш, шеца милицин йоккха отряд а йалош йуьрта майор Мустапин Девлатмирза веана аьлла.

      Берса кхерамах ларван, цхьа шовзткъе итт гIулч хьалха воьдура ДанчIа. Пурстоьпан конторин цIеношкахь къегина серло а, чохь хевшиний, хIиттиний, чу-арадуьйлушший адамаш гора. Амма йисина йерриг Шела, Нохчийчоьнан и шатайпа столица, хьалххе дIатийнера. Йукъ-йукъа цIеношкахь, гаттий кораш гIийла серладаьхна, наггахь чиркхаш догура. Йуьртан йукъах къехкаш, йуьстаха долчу гаттийчу, гомачу урамашкахула воьдура и шиъ. КетIахула хIорш чекхбовлуш меттахъхьов жIаьлеш, жимма бага а тухий, совцура.

      Сема дара тховса ДанчIин мискачу хIусамехь. Хьешан

Скачать книгу