Скачать книгу

элий а, неI хьеллац вайн халкъ дацош. Бакъду, кхечу къаьмнашкахь санна, хьолахойн долахь дацара вайн адамаш. Цхьаннех бозуш боцуш, маьрша баьхна вайн дай. ХIор а стага ша лардора шен сий, маршо. Цунна гIаролехь лаьттара вайн Iадаташ а. Амма пайда барий ткъа оцу маршонан, дерриг халкъ къен, бодане хилча? Бакъду, луларчу къаьмнийн элий къиза бу, цара шайн халкъаш сийсаздо, Iазапехь дахкадо. Амма – оццу элаша, дуьхьало ца йеш, шайн лаамехь оьрсийн паччахьехьа а бевлла…

      – Цулла а, хьийзораш ца йеш, нийсса алахьа: ахчанах, чинех шайн чуоконций бохкабелира. Шайн халкъаш а доьхкира.

      – Иза-м хууш дерг деца. Мухха делахь а, оьрсийн паччахьехьа а бевлла, шайн къаьмнаш оцу бехачу тIамах, эрна хIаллакьхиларх кIелхьардехира цара. ХIинца церан Iеламнах бу. Бусалба а, оьрсийн а дешар дешна. И халкъаш вайл токхе а деха.

      – Вайл дика-м ца бехара уьш. Машаре, синтеме а беха. Хьалха шайн элий бара церан йаьIни тIехь. Паччахьан Iедал тIедеача, цо шен дукъ а доьлли церан коча.

      – Вайн халкъан бехк бац иза къен, бодане хилар, – элира Берсас ойлане. – Иза бехке дац маситта шарахь оьрсашца хиллачу тIамна а. Маршо йезар, шена ма-хуъу, шен ницкъ ма-кхоччу иза ларйан гIертар – и бехк бу-кх вайн халкъан. Иза даим а машаре хилла лулахошца. Боккха лерам бара массо а халкъе а. Берриг бохамашна бехке хIара неIалт хилла паччахьан Iедал ду. Амма хилларш, лелларш, цатемаш, мостагIаллаш дицдийр ду вай. ХIинца вешан берриг ницкъ хьалха оьрсашний, вайний йуккъехь хилла тешам, ларам а йуха меттахIотторна тIехьажо беза.

      – Тамаша бу, Берса, ахь Кунта-Хьаьжица тоба ца динехь! Хьан ойла паччахьан Iедалехьа дIа ца хьаьвзинехь!

      – ХIан-хIа. Оьрсашца машар бар, гергарло чIагIдар а данне дац маршонехьа къийсам сацабе бохург. Оьрсийн халкъ а дац аттачу хьолехь. Цо а къуьйсу шен маршонехьа. Оцу къийсамехь цхьаьна хила деза вай. И ду со ала гIертарг.

      Хан дIайоьдура. Попан дахделлачу IиндагIе а хьаьжна, доттагIий сихбира Берсас.

      – ГIуллакхах дийций вай? – элира цо. – ХIета, динадай йукъабалабе боху-кх ахь, Аьрзу?

      – Оцу цхьаболчара шайн тешамах-м, дера, даьхнера вай. Амма кхин ницкъ ца хаьа-кх суна адам вовшахтоха. Вай Делах тешаш нах ду, Дала мукъалахь.

      – ХIета, йуха а гIазотан байракх айъа, боху аш? – Iоттар йира Берсас. – И динчу Шемалах хилларг йа цунах тешначу вайх хилларг а дицделла хьуна?

      – Кхиамаш боцуш вацара иза. Цуьнан Iедалан къизалло галдаьккхира дерриг а.

      – Цхьа къизалла хилла ца Iа бехке, – реза ца хилира Маккхал. – Коьрта бахьана кхечанхьа доллу. Цо а, цуьнан динадайша а кхайкхийна гIазот. Цара и хьехамаш ца бинехь, гуьржий, хIирий, хIокху агIорхьара оьрсий а хир бара вайца. Амма оцу гIазото цхьалха дити-кх. Цкъа, берриг динадай цхьаьнакхеттачохь, ас элира, шун хьехамаша дакъаздаьккхина халкъ, керстанашца машар хила а, барт хила а ца дуьту аш. ХIетахь мунепакъ-молла аьлла цIе тиллира суна.

      – ДIадовлийша, Делан дуьхьа, – оьгIазвахара Аьрзу. – Ас-м ца кхойкху шу гIазоте. Вайн гIуллакхна молланаш оьшу. Халкъан маршонан дуьхьа бала реза а болуш.

      – Мичахь

Скачать книгу