ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
Болатна бIаьрг ма-кхийтти бевзира кIайн сет а, кIайн когаш а болу Берсин расха дин. Даим гIайгIане, ойлане Берса вовза а дацара цуьрриг хала. Иза гергакхача воьлча, попах схьабаьккхина кIожам бага а лаьцна, гIодаца охьа а веана, лахарчу гаьн тIехь сецира Болат.
Попа кIелхула волучу Берсина букъах цхьа хIума кхийтира. Болат бIаьрнегIар тоха кхиале, Берсин белшех кхозу верта говран гоа тIе дуьйжира, карахь къегира йуьйлина ши тапча.
– ЭхIе-хIе! Кхеравелин хьо! – мохь белира шен забарх там хиллачу Болатан. – ХIоппIахь! XIapa-м со вай!
Ша тIехь Iачу гаьннах кхозалуш, лаьтта охьаиккхира Болат.
– Болат! Хьий, йилбаз, йаI! Хьуьн чохь иштта забар йан мега ткъа?! – барт бетта хIоьттира Берса. – Мила ву а ца хууш, ас, тоьхна, къиг санна, чуваийтинехь, хIун хир дара? ДанчIин кIант хир вацара, сан доттагI а, жима тIемало а вовр вара! Низам талхорна таIзар дан деза хьуна.
Кхеравеллачу Болата шен кIесаркIога мIараш хьаькхира.
– Олла ма ло! Ма тIемало а ву, цIулла серах а кхералуш! Мичахь бу вайн хьеший?
– Шала-Iинехь.
– ДIавало. Амма таханлера гIалат йуха далийтахь…
– Ас кхин йийр йац забарш…
– Дукха хан йуй хьо соьга хьоьжуш Iен?
– ХIан-хIа. Ах сахьт гергга, – кхерам тIехбаьллий хиъна, Болат йуха а векхавелира. – Хьо, паччахьан эпсар хиллехь а, ледара обарг ву, ваши.
Берса, вела а велла, кIанте хьаьжира.
– Со-м ма вац обарг.
– Обарг вацахь а, амма лечкъаш-м лела хьо. Велахьара-м, цхьамма тоьхна вожор вара йа мостагIаша дерзинчу куьйгашца а дIалоцур вара.
– И хIун ду?
– ХIун ду! Хьо санна лелачу стеган лергаш сема хила деза, лаьттахула зингат доьду а хезаш. Мел йуькъачу а хьуьнах чекх са гуш, бIаьрг сирла хила беза. Йовза йеза акхаройн, олхазарийн амалш, лараш. Ткъа хьан тидам ца хилира со волчу гуонаха тийна хиларан. СхьадогIу олхазар, со а гой, охьахууш, ца хууш, додий, дIадоьдура. Ас тамаша ца бо хьуна уьш цагарх. Хьо, вертанна йуккъе воьлла, коьртах башлакх хьарчийна, наб йеш ма вогIурий. Топ а кхозу вертанна чухула йуьхьар а йерзийна, кочахь. Хьо иза схьайаьккхина валале, дара хьуна цIен-кIайн ло доьлхур. Топ, йуьхьиг хьалха а йерзийна, каралаьцна йа шена хьалха пурхашха охьайиллина хила йеза. Лергаш, бIаьргаш, марий баьстина хила беза, мел шийла йелахь а. Хьо кхузахь сацал, новкъахь адамаш дуйла хьажа со.
Ведда вахана, новкъа а иккхина, хьала-охьа бIаьрг а тоьхна, Берса тIевоьхуш, куьг ластийра цо.
– Со-м, цхьанхьа со тергалвеш хьо вуйла хууш, парггIат вогIурий, Болат. Амма ахь дийцина сан гIалаташ нийса ду. Хьан Iамийна хьо иштта? – хаьттира Берсас, шаьшшиъ, ЭгIашта боьду некъ хадийна, дехьаваьлча.
– Зумсойн Залмас, – дозаллица жоп делира Болата. – Стохка аьхка а, дIадаханчу Iай а Органца хьала лаьмнашкахь ши бутт баьккхина ас. Цхьа бIе гергга вара тхо цо Iамош. Аьхка-м хаза дара цигахь. Йуькъа, сийна хьаннаш, шовданаш, олхазарш, акхарой. Доллучул хаза дара Орга. Чехка, буьрса! Уггар хи чехка долчухула неканца а, говрашкахь а дехьадийла