ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
Цецваьлла Аьрзу бага гIаьттинчохь висира.
– Ахь хIун элира? – эххар а вистхилира иза.
– Iаьржачу ломан, ГIачалкха-дукъан когашца йолу йарташ Соьлжан аьрру агIон тIе а, ГIебарта а кхалхийна, БуритIара охьа Хаси-Юьрта кхаччалц станицийн керла могIа бан сацам хилла.
Маккхал сихха кхийтира оцу планан Iалашонах.
– Йуха а цкъа Нохчийчоь тукарца йара доллу-кх. Оцу гIуллакх тIехь зиэделларг ду Iедалан. Мацах цкъа Соьлжа тIехула иштта цхьа могIа станицаш а йехкина, вайн вежарий гIалгIай вайх дIакъастийра. Йуккъе зайл а тоьхна. ДIабаханчу бехачу тIамехь йа вайца цхьаьнакхета а, йа вайна гIo дойла а ца хилира церан. Кхузахь керла хIумма а ма дац. Даимлера политика. ТIекхеттарг хIинца Нохчийчоь масех декъе йекъар ду-кх.
– Нагахь вай йекъийтахь! – сацамболлуш мохь белира Аьрзун.
– ХIинца ламанан Нохчийчоь аренах къасто гIерта, – дуьйцура Берсас. – Органций, Хулхулоций хьала йолу шира чIагIонаш а тойеш, керланаш йогIа ойла а йу. ТIаккха Нохчийчоь кхаа декъе йекъало. Дагестанах а хеда. Цуьнан тIаьхье бIаьрзечунна а гур йу.
– И сацам маца хилла? – хаьттира Маккхала.
– ДIайаханчу аьхка. Лорис-Меликовн план йу иштта. Амма, паччахьан вашас хIинца а иза чIагI ца йина бохуш, хаамаш бу.
Цхьана ханна къамел сецира церан. Аьрзу а, Берса а дIатевжира, ткъа Маккхал синтемза волавелира. Кхааннах цхьа Берса вара сапаргIат. Накъостех дага ца ваьллехь а, цо сацам тIеэцнера хьалххе. Цундела доттагIашка ойла йойтуш Iара иза.
Малх чубуза peгIa лахбелча, ломара цIа эха дуьйлира адам. Уьш стерчийн ворданашкахь а, гихь а дечиг дохьуш богIура. Берсина хаьара и дечиг цара шайн цIерачу кхерчахь даго ца дохьуьйла. Цхьаболчара ма-боьлххура редуте хьур ду дохка, ворданаш йолчара кхана-лама – Соьлжа-ГIала. Иштта дечиг духкуш йаьккхинчу кIеззигчу шай-кайнах шайн доьзалшна тIейуха цхьацца тIелхиг а, туьха-мехкдаьтта а оьцу цара.
ДIасакъаста деза хан тIекхаьчнера.
– МаьIIаргона вицлора-кх со, – элира Берсас, охьа а хууш. – Польшехь долчу хьолах хабар хезний-те ДанчIина?
– Полякашца дерг чекхдаьлла. Хьаьшна уьш.
– Россехь?
– Хийцамаш бац. Муьжгийн карзахаллаш дено-дено лагIлуш йу. Цаьрга догдохийла а дIайаьлла.
– Изза хила доллу-те вайх а? – элира керлачу хаамаша сагатдинчу Аьрзус. – Оцу полякех а, оьрсийн муьжгех а йолу дегайовхо а дIайолуш йоллу. Паччахьан арахьа тIом хир бу ала меттиг а ца го. Нагахь Iедал кхузахь и шен Iалашо кхочушйан гIортахь, дуьхьало йан цхьа а тайпа кечам бац вайн. TIe, махкана чоьхьа а, арахьа а гIуллакхаш нисдина Iачу паччахьо, вай гIаттам болабахь, шен берриг ницкъ Нохчийчу тоттур бу. Дала цхьа некъ ца гайтахь, тахана цкъа бIаьрзе ду вай.
Берса, охьа а хиъна, Аьрзуна тIевирзира.
– Ахь муьлха некъ гойту? – хаьттира цо.
– Уггар хьалха, пхеа йа ворхI стагах тIеман кхеташо кхолла йеза вай. Царах цхьаъ коьрта ца хилча-м вер вац, амма цо кхеташонан дукхахболчийн лаам кхочушбан дезар ду. Дика хир дара, кху цхьана баттахь вайн йерриг йартийн векалийн гулам кхайкхийна, цигахь тIаьххьара сацам тIеэцча. Йа, вуьшта аьлча, нагахь Iедал йарташ