Скачать книгу

хIун аьлла ву ткъа?

      – Вайн кхоллам Россерчу кхечу къаьмнашца цхьаьнабозар, цаьрца цхьаьна вешан маршонан гIулакхехьа къийсар коьрта декхар лору ас.

      – Ой, цаьрца дуьстича, вайгара хьал дуккха а хала ма ду, Берса. XIapa къоьлла, Iазап, харцо ловш дехачул-м, летта делла, дуьнен чуьра дIадовлар гIоли ма йу!

      – Аьрзус гойтург уггар сийлахь некъ хета суна а, – тIетайра Маккхал.

      – Сийлахь некъ-м бара иза, амма шеконехь бу-кх. Догдохуьйла кIезиг йу. Со тешна ву, паччахьан Iедалан Iазап кIел дохку халкъаш мацца а цкъа шайн массеран йукъарчу маршонехьа цхьабарт болуш цунна дуьхьал гIовттург хиларх а, цара толам боккхург хиларх а. Дуьненахь цхьа адамаш ду, халкъашна шайн маршонехьа, керлачу дахарехьа къийса а, толам баккха а хьоьхуш. Ас дийцира-кх шуна Iазапехь дохкучу халкъаша пхийтта шо хьалха Европина тIехула гIаттийначу буьрсачу дарцах лаьцна. Иштта чIогIа дацахь а, изза дарц делира Россехь а. Оцу хьалхарчу дарцан ницкъ ца кхечира халкъашлахь Iазапдаллорхойн Iедал дуохо. Амма хIинца керлачу, кхин а буьрсачу дарцан мархаш гуллуш йу Европина а, Россина а тIехула. Кестта дарц дала герга ду, кIентий.

      – ХIета, вешан гIаттам оцу дарце хьажабо-кх вай?

      – Кхин некъ бац.

      – Ткъа йарташ Соьлжан а, Теркан а аьрру бердашка а, Жимачу ГIебарта а кхалхо йолайахь? Ваьшкахь дисина латта а дIалур ду вай?

      – И ша ду. ТIаккха герз караоьцур ду вай. Амма вайнах дIакхалхор а, гIалгIазкхий схьакхалхор а чолхе гIуллакх ду. Цунна масех шо хан йезар йу Iедална. Вайн декхар хIун ду? Цхьана минотана а мал ца беш, гIаттамна кечамбар. Амма ларлуш хила. Солтамурд, Вара, Залма, ШоIип майра нах а, дика къонахой а бу. Амма цхьана майралло ца дуьгу халкъ толаме. Иза а хиъна вайна. Хьекъал, кхетам, собар оьшу. Йукъара кхеташо кхайкхарна сихдала а ца оьшу аьлла, хета суна. Аьхкен чохь кхераме ду иза. И гIуллакх Iаьне тоттур вай. Ткъа хIинца, малхбузан ламазаш дина, дIасадаха деза.

      ДоттагIий хьалагIевттира. Шовданна йисттехь ламазаш иэцна, гIуллакх сихха чекхдаьккхира цара.

      – Оцу Варас лелочунна реза вац со, Берса, – элира Маккхала, кога мачаш а йухуш. – Кху хьаннашца, бIаьн некъашца эпсарш, хьаькамаш дIасабовла ца буьту цо. Хьуна хууш ма ду, цо хIинцале а маситта стаг вийна хилар. Тухий цхьаъ вожа а вой, иза шен обаргашца хьуьнха вулу, ткъа Iедало адамаш хьийзадо. Варега дIахаийта цо лелочунна тхо резадацар. Иштта байъарх кхачалур бац мостагIий, оцу некъаца йаккхалур йац маршо. Вийначу пурстоьпан меттана цул а Дала тоьхнарг хIоттаво. Цунах, зиэн бен, пайда балац.

      – Вара, хьаха, ву шен цхьа буьрса амалш йолуш стаг, – доккха садаьккхира Маккхала. – Шелахь хиллачу гIуллакхо дог акхадаьккхина цуьнан. Иза хIинца йа нахах а, йа Iедалх а ца теша. Ас масазза аьлла цуьнга и хьуна хетарг. Аьттехьа а ца дуьту.

      – КIеда аьлла ахь, – Iоттаре тIетуьйхира Аьрзус. – Цунна хаа деза, ша лелочара вайн йукъарчу гIуллакхна зулам дойла. Цо бицбан ца беза дIадаханчу шарахь кхечаьрца цхьаьна шел лакхарчеран омра кхочушдан а, тешаме хила а ша биъна дуй. ДIахаийта цуьнга, нагахь санна ша бахьанехь цо кхул тIаьхьа адамна сингаттам балийтахь,

Скачать книгу