ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
– Оцу тайп-тайпанчу якобинцийн, ипсилантигIеран, владимирескагIеран, нана-сахибагIеран, кхеч-кхечу авантюристийн некъа ваьлла хьо, Берса. Оцу некъо уьш мича бигна хаьа-кх хьуна? Эшафоташна, тангIалкхашна, гильотинашна тIе. Ткъа уьш просвещенни нах бара. ТIеман, пачхьалкхан, политикин деятельш. Шаьш санначу кхетамна лакхарчу халкъашна тIетийжина ца Iаш, арахьарчу пачхьалкхашца йаккхий зIенаш а йолуш. Ткъа хьо кху акхачу нохчашца, церан акхачу баьччанашца – IуммагIаьрца, АтабигIаьрца, Солта-МурдагIаьрца, фанатикца Кунта-Хьаьжица – кхузахь революци йан гIерта. Дала маршалла дойла хьан цамгарна!
Полковникца къийса а, дов дан а Iалашо йолуш ца веанера Берса кхуза. Амма доладелла даьлла дов толам цуьнгахь буьсуш дерза дезара. Ша бакъ волу дела.
– Вайшиннах цомгаш мила ву замано гойтур ду, Къосам, – элира цо, собаре а хилла. – Суна дика хаьа вайнахе шайн ницкъаца толам баккхалур боцийла. Амма зама а, адамаш а, шо-шаре мел долу, хийцалуш ца го хьуна? Адамашна а, халкъана а хаа доьлла шайн мостагI а, доттагI а мила ву. Ахь цIераш йаьхнарш а, ца йохуш бисина а турпалхой хIаллакьхилла, Къосам. Амма, мацца хилла а, декабристийн, Герценан, Чернышевскийн, Добролюбовн, Некрасовн, кхечийн а сатийсамаш кхочушхир бу Россехь. Халкъийн дац вовшашца мостагIалла. Iедалан политико уьш хердина вовшех. Амма уьш кхетта догIу. Россех йоккха набахти йина монархис. Халкъаша, цхьаьна а кхетта, йохор йу иза. ТIаккха цуьнан херцорашна тIехь Республика хIоттор йу, Къосам. Ахь акха бу боху нохчий а кхета боьлла. Царна цхьатерра бIаьрга бан ца беза ЧермоевгIар, КурумовгIар, ИпполитовгIар, МустафиновгIар, БелликгIар. Амма ИвангIаьрга хьошалгIа оьху, уьш шайга а кхойкху. Жимма хан йаьлча, уьш вовшахкъасталур бац шун Iедале. Ларлолаш, господин Курумов!
Берсега телхинчу стаге санна хьоьжура Курумов.
– Хьо-хьуо теший айхьа дуьйцучух?
– Шеко йоцуш!
– Тамашийна болх бу-кх хIара, – Курумовс корта хьовзийра. – Хьох тIеман стаг ву, соьгахьчул тIех Iилма а долуш, дуьне а девзина, хIетте а, беро а дуьйцур дац ахь дуьйцург. Халкъийн вошалла! ХIун йу тIом? Цуьнан ойла ца йина ахь? Тахана – тIом, кхана – вошалла! Хьере ойла! Шина халкъана йа шина лагере декъаделлачу халкъийн мостагIалла ма кхуллу тIамо. Герз карахь тIеман арахь вовшашна дуьхь-дуьхьал хIоьттинчу шина халкъан шина векало ца лоьху оцу тIамна бехкениг. Ца хоьтту мича къомах, динехь, басахь ву, къехо йа хьолахо ву, цуьнан хIун ойла йу. Цаьршиннах ши экха, ши мостагI хуьлу. Цаьршиннан цхьа Iалашо хуьлу: вовшийн виэн, ша-ша тола, ша-ша дийна виса. Леташ болчу салтийн хилла ца Iа и цабезам а, мостагIалла а. Оцу тIамехь леташ боцчу шайн-шайн цIахь машаре Iачийн дегнаш чохь а кхоллало изза акха, къиза ойла. ХIунда аьлча оцу тIамехь летарш, бойъурш а оцу цIахь болчу машаречу нехан дай, кIентий, вежарий, майранаш ма бу. ХIоранна а лаьа шайн да, ваша, кIант, майра тола, уьш дийна цIа берза. Царна дуьхьал летачу халкъана неIалт хьежадо йа иза