Скачать книгу

мерза ду. Зингаташка санна, адамашка лакхара охьахьоьжуш. Ша санна, Дала кхоьллина адамаш шена хьесталуш, суждане оьхуш, голаш тIехь текхаш гуш. Паччахьан ницкъ бу цхьана дашца, деккъа цхьана хьажарца майраниг, оьзданиг, догцIенаниг хIаллакван, тахьтазаре кхосса, боьхалли йукъа керчо, ткъа кIилло, йовсар лакхаваккха, шена гергаозо! Дукха хан йу Шемалан xIapa имамалла шен кIантана дита ойла йолу. Цкъа иза дан а гIоьртира. Иттех шо хьалха. Амма оцу курачу нохчийн наибаша йохийра цуьнан Iалашо. ТIаккха и гIуллакх цхьана аьттоне дIатеттира цо. Цунна хаддаза кечам а беш. Шемал къанвеллера, кIадвеллера, ГIеза-Махьма къона, майра, хьекъале ву. Коьртаниг Шемалал а тIех иза нохчашна везаш а, лоруш а хилар дара. ХIетте а, нохчий сацамболлуш дуьхьалбевлира имамалла цхьана доьзалехь дитарна.

      ХIинца дерриг дIадели. Нохчийчоь йоьжна. Имаман дог а доьжна цуьнца. Ткъа xIapa Дагестанан махка тIе ма-веллинехь, цуьнан шен махкахоша талийна иза. Хьан долийра иза? Цуьнан уггар а тешаме ву бохучу Кибит-Махьмас шен тIилитIлахошца Гумалахь а, Урутехь а талийна цуьнан бахам. Гаурашна дуьхьало-м муххале а ца йора кхузахь, мелхо а, зурманца царна дуьхьалъоьху. Шайн вархIий дай денбелла схьабогIуш санна…

      Арахь лаьтта Маккхал чу а вехна, шен секретарь Мохьуммад-TIaxIиp ал Карахи схьакхайкха аьлла, омра дира имамо. Дукха хан йалале диване гулбелира имаман везираш, Iеламчаш, наибаш.

      ТIаьххьара а, цхьаъ бен боцу пхьарс лаьцна, ГIеза-Махьмас чувалийра Бенойн БойсагIар. Ах гуо бина Шемална дуьхьалбирзина хевшинчу Iеламчашний, наибашний йуккъе дIа а хIоьттина, шен туьра тIе тевжира иза. Моьнаша аьхначу цуьнан озачу йуьхьа тIехь, седа санна, лепа цхьаъ бен боцу бIаьрг, чуьрчу нахана тIeхула а кхерстина, имамна тIебогIабелира. ТIаккха, кIез-кIезиг хершнаш шарлуш, буьрса йуьхь йекхайелира, балдаш кIоршаме делаозийра. БойсагIаран майраллех хьоьгуш, даим цунна хьалха суждане оьхучу ГIеза-Махьмина хиира иза цхьа доьхнарг ала воллийла. Иштта ГIеза-Махьме хьаьжира БойсагIар масех бутт хьалха, иза лаца дас xIapa Бена вахийтича.

      БойсагIар йуьхьанца тата доцуш вела вуьйлира, тIаккха, кIез-кIезиг хецалуш, кIажвахара. Имам цкъа вуьйхира, тIаккха, оьгIазвахана, кондарш санна, цIоцкъамаш ирхдахара, хьажа йуккъе буьрса шад гулбелира.

      – Хьо стенах воккхаве, сан майра лом БойсагIар? – хаьттира цо, аз ца айдеш. – Кхечарна дагадеача а айса могуьйтур доцург ахь лелорах гечдеш, ас вуон Iамийна хьо. Амма, хаалахь, собар кхачалуш хIума йу хьуна!

      Баьллачу бIаьргах хи тассалц вийлина БойсагIар, дог Iаьбна, эххар а сецира.

      – Со мила ву, вийча а, ваьккхича а! – элира цо халла цIенкъа охьа а хууш. – Цхьа куьг, цхьа ког, цхьа бIаьрг боцу гуьйриг! Амма кортош даха дезарш кхебира ахь, хьоьстуш, тIе куьг хьоькхуш. Со стенах воьлу, хоьтту ахь? Дагестанера иэккхийна хьо тIе а лаьцна, хьох имам вина, ткъа шарахь гехь лелийначу нохчех воьлу-кх! Ткъа шарахь хьуна тешаме гIуллакх дира оха. Ткъа шарахь хьан сий лардира тхан наибаша. Амма оцу ткъа шарахь цхьа а нохчийн наиб а, Iеламча а хьайн диване ца хаийра ахь! Царалахь уггар гIийлачу, сонтачу санний, Iусманний кхаж бели-кх дуьххьара кху чу охьахаа! Тамашийна

Скачать книгу