ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
– ГIовгIа, гIовгIа!
– Барин, доьху хьоьга, сан майра ма ву, со муха хьажа йеза цунна дуьхьал…
– Хьалхайала, ца боху хьоьга? Ас, месаш лаьцна, текхош йуьгу хьо!
Барин тIегIоьртира, ткъа нана, ши куьг некха тIе а таIийна, кIегаръоьхура.
– Барин, хьай Делан дуьхьа! Со маре йоьдучу буса айхьа дайъина сан сий ца тоьу хьуна! Оцу берах мукъане а иэхь хетахьа. Иза-х дерригенах кхета.
Барин, ка хьалха а тесна, тIекхета санна, тIегIертара.
– ХIетахь дуьйна диъ шо даьлла. ХIинца хьо муха йу хьажа лаьа суна. Ас бохург де, гIовгIа а ца йеш… Йа, ас уггар къиза помещикаш лехна, цхьаццанхьа дIадухкур ду хьо а, хьан майра а, кIант а!
Барино, цIеххьана катоьхна, пхьарс лаьцна, дIаозийра иза.
– ХIан-хIа, ахь йийча а, дийр дац ас ахь бохург, – карара пхьарс схьабаккха гIерташ, йеттало нана охьайуьйжира.
Баринан андий пIелгаш чудиссинера цуьнан кIайчу, кIедачу пхьаьрсах. Иза шена тIаьхьа ца йогIий хиъча, схьалаьцна, цуьнан месаш куьйгах хьарчийна, дIатакхийра цо.
– Ваня! Орцахвалахьа, Ва-ня! – мохь оьхура ненан.
Васяс, ша хIун до ца хууш, кхоссавелла настарх хьаьрчина, лекхачу эткан бертигал лакхо цергаш тесира. Лазийначу барино ластийна мийра чоже кхетта Вася, керчина, масех метр дIавахара.
– Вася! Васютка! Сан бер!.. – ненан мохь хезира цунна ша синкхетамах волуш.
Кхетаме веача, шена уллохь, йерриг йуьхь йерина, йоьлхуш нана а, мере оьзначу голаш тIе корта а таIийна, сауьйзуш Iен тIехьа, коч айайеллачохь, хечин борчехула хьала а, букъа тIе а хIиттина цIен аьрснаш а долуш да а гира цунна…
2
Хьуьн чуьра араваьлла Васал, ши куьг букъа тIехьа а диллина, меллаша цIехьа волавелира. Дукъа тIе хьалаваьлча, кешнашка нисвелла, сецча, доцца доIа дира цо. ТIаккха, йуьйцинчу кертах дехьа а ваьлла, тIехIуттуш, xIop а коша тIехула дайн куьг хьокхуш, чекхвелира. Баьрзийн гIовлешка дийгIина гIайракхах кечдина тIулгаш а, Iарждала доьлла хIолламаш а дара. Васална бевзара баьрзнаш кIел бохкурш. Уьш цуьнан бIаьхаллин накъостий бара, бархI шо хьалха дехьа чохь Iаьрчхе-Юрт барона Николайс йохочу дийнахь байъина. ХIинца йац цигахь и йурт. Лаьттаца дIашарйелла. Дохийначу цIенойн баьрзнаш ду охьадилхина довлаза пенаш хаалуш йукъ-йукъа. Ирахь дакъаделла йурт йагийначу цIаро чахчийна стоьмийн дитташ. КIора хилла даьгначийн йуьхкех.
Оьрсийн xIop а ахархочун санна, декъаза хилира Лопуховн доьзалан дахар а. Iуьйранна са ма-тесси помещикан кхаш тIе балха боьлхура, суьйранна бода боллалц цунна букъ сеттабора. Цуьнан йалта ца дийча, шениг доьйла йацара, цуьнниг чу ца дерзийча, шениг чудерзадойла йацара. ТIаьхьа дIадийна йалта мегарг ца кхуьура йа йокъано хIаллакдора. Хьийкъина кхиъна йалта лай кIел доьдура дукха хьолахь, баринан йалта чу ца дерзийча, шайчунна тIегIойла доцуш. Мацаллел а, къоьллел а садетта халаниг бариний, цуьнан йалхоший сийсазбар дара. Бераллехь хьоьгу хало-м хIун дара, иэхье мел дерг ловра цара къоначу хенахь. Васалан а йара йиэза йоI. Цуьнан дуьненан самукъе, вахаран Iалашо. Цунах ваьлча, ша лийр ву а моьттуш. Аьрха Маринка. Амма барино къанвелча а ца йуьтура