Скачать книгу

Василий, суна хьо тешаме стаг хилар зиэделла, – элира цо, шаьшшиъ, гIопан баролал ара а ваьлла, хьуьнан боьлака воьлча. – Цул сов, хьан бIаьргаш чохь даим а эпсаршка цабезам а, оьгIазло а го суна. Цундела дуьйцу ас хьоьга айса дагалаьцнарг. Кхузахь нохчийн дIаьндаргаша вожор ву вайша йа церан шаьлтанаша ворур ву. Йа иза, йа важа ца хуьлуш, дийна висахь, кхузахь ткъе пхеа шарахь xIapa бала а хьегна, цIа верза доьгIнехь, тIаккха цигахь а ду вайшинга хьоьжуш кхул къиза Iазап. Шемала шегахьа бевлла салтий, дукха лерина дола деш, Iалашбо, боху. Къаьсттина цунна дукхабеза, боху, артиллеристаш. Вайшинна стенна оьшу xIapa неIалт хилла тIом? Вай хIаллакьхуьлу, дворянийн эпсаршна чинаш, совгIаташ доькъу. Кхузахь Iожалла ца хуьлуш цIа верзахь, цигахь йа доьзалш а, йа бахам а, атталла цIа-цIе а дац вайшиннан. CaгIa ца дехахь, даа бепиг хила меттиг бац. Шайгахьа бевллачу салташна цара йиллина йу Мужичоь а, ДаьргIа уллора слобода а. Цигахь кустарни белхаш беш, доьзалш болийна, хаза маьрша беха уьш. Вада сацам хилла сан. Кхана сарахь. Суна тешаме накъост веза. Нагахь хьо резавелахь, цхьаьна гIyp ву вайша. Резавацахь, вайша хIумма а ца дийцина.

      ШолгIачу буса Курински гIопepa ведда и шиъ ГIачалкхан дукъах хьалаваьлча, нохчийн разйездна тIеIоттавелира. XIapa шиъ ведда веанийла хиъначу отрядан начальнико кхаабIаьнчо Аьрзус, ши стаг а тоьхна, шайн наибна СоIдина тIехьажийра. Шайна ха деш веанчу шина накъостах цхьаьнца, Дакашца, сихха гергарло тасаделира Василийн. Иза куьцехь, каде жима стаг вара. Цуьнгий, командирей безам баханчу Василийс дийхира ша оцу отрядехь витар. Амма Аьрзус, гIайгIане вела а велла, корта ластийра. Василий артиллерист вацахьара-м, цо иза шеца сацор вара. Амма артиллеристаш дIасабаха йиш йац Шемалан бакъонций бен. Имаман омра ду, ведда сехьаваьллехь а, йийсаре валийнехь а, артиллерист коьртачу наибна ТIелхагна тIевига аьлла. Нагахь Василийна и чIогIа лаахь, цо наибе иза шеца витар доьхур ду. Цуьнан бIаьнан ма йу цхьа йоккха топ. Амма, ТIелхагна тIе Аьрзу ша ца вахча йа кехат ца йаздича, цунах гIуллакх хир дац. Кехат йаздан гIирс а бац. Доьхна гIуллакхаш ду.

      Цхьадика, Косолаповгахь кехат а, къолам а нисбелла, Аьрзус, масех дош тIе а йаздина, иза Дакаше делира. Уьш Шела кхаьчча, Аьрзун кехат а дешна, ТIелхага, Косолапов шеца а сацийна, Василий Дакашца йуха, Аьрзун бIаьне, хьажийра.

      Цул тIаьхьа наггахь бен вовшашна ца гора Василийний, Косолаповний. ТIаьхьо Косолаповх ТIелхаган герггара гIоьнча а, цуьнан артиллерин начальник а хилира.

      1851-чу шарахь ТIелхага хIоттийна Шелара окоп паччахьан эскарша дIалоцуш тамашийна хIума хилира Косолаповца.

      ТIеман хьалхарчу шерашкахь шайна дуккха а зиэнаш хилча, паччахьан эскарийн командовани кхийтира Къилбаседа Кавказ карайерзоран догIа Нохчийчохь хиларх. Элан Воронцовн урхаллин тIаьххьарчу шерашкахь Малхбале Кавказан ламанхошна дуьхьал беш болу берриг а баккхий тIемаш Нохчийн арен тIехь хилира, эскарийн коьртакомандующи эла Барятинский волчу йерриг а Нохчийчоь йукъайогIучу Аьрру флангехь. 1850-чу шарахь оьрсийн командованис шуьйра план хIоттийра, дерриг тохар Аьрру фланге а дерзийна Нохчийчоь дIалацарца, ламанхой шайн рицкъанийн а, тIеман ницкъан а базех дIахадо. Оцу цхьана шарахь Нохчийчу йоккха

Скачать книгу