Скачать книгу

окоп. Цул тIаьхьа масех бутт баьлча цкъа Василийна гира ТIелхагна уллохь Iаьржа байракх буйнахь Косолаповх къаьстар воцуш цхьа нохчо. Василий цецвелира, йа иза жин ду, йа шена бIарлагIаш хIуьтту аьлла. Велла Косолапов денлойла дацара. Ткъа иза велла хиларх Василий цуьрриг шек вацара. Вала муха ца ле, бIаьрго ма-лоццу ирхкхоьссина, охьавоьжна стаг. Лахьо даьIахк-м йисина хир йацара. Амма къаьрззина шега хIара хьоьжуш кхетта важа, ши куьг даржийна, тIехьаьдда, веана маракхийтира.

      Иза Гавриил-Жабраил вара.

      Цо Василийна йийцира шеца хилла истори. ХIаъ, иэккхаро стигала хьалакхийсинчу адамашна йуккъехь Василийна гинарг иза вара. Цо дIа ца хийцира ТIелхаган байракх, цуьнан эскаран сий. Охьавоьжча, вуон лазийра иза. Шинхьахула аьтту пхьарс а бойра, коьртаний, букъаний контузи а хилира. Амма дийна висира. Синкхетамехь воцуш карийна, схьаэцна, иза оьрсаша Соьлжан гIоперчу лазартне охьавиллира.

      – Со нохчо ву моьттура царна, – дуьйцура Косолаповс. – Царна хаьара со ТIелхаган уггар тешамечу гIоьнчех цхьаъ вуйла. Буьйцучу маттах царна со нохчо вацар гучудаларна кхоьруш, со вист ца хуьлура. Iаш-Iаш, дуккха а хан йаьлча, цкъа чувеанчу эпсаро, со оьрси хилар бакъ дуй хаьтти. Вист ца хуьлуш Iара со, ца кхетачух. Цара со хьийзош, ас даре ца деш, дикка хан йелира. Лазутчикаша мотт ма беанера, со оьрси ву аьлла. Массарал хIилла долуш хилира цхьа салти. Цо элира, нагахь сунтвина велахь – нохчо ву шуна иза, вацахь – оьрси ву. Хьаьвси. Дуьхьало йан ницкъ ма бацара соьгахь. Хилча а, цаьрца мила ларор вара. Доцца аьлча, гучувелира со. Iийна-а, уьш сайх теша а тешийтина, дIадаханчу Iай лазархойн халатца, куй коьртахь, тударгашца корах араиккхина, лам чу веара со.

      Василийна цкъа а ца дицлора шена и тIаьххьара гина денош…

      3

      1859-чу шеран июлехь Нохчмехкан тIаьххьара йурт ницкъ эшна паччахьан эскаршна кIел сецча, Дагестанехь ша хьалххе кечдинчу туьша, Гунибе, сихвелира Шемал.

      Ведда воьдучу имамца нохчийн шиъ наиб бен вацара – Бенойн БойсагIар а, Мичкахойн Iусман а. Имам дIатаса ца лууш, цуьнца Дагестанан лаьмнашка бахара Василий йукъахь волу Аьрзун жима бIо а.

      Бевдда баьхкинчу салтех цхьа а ца висира Нохчийчохь. Берриг а имамца Гунибе дIабахара. ТIаьххьара минот тIехIотталц лата, къийсамехь иэга. Кхин некъ бацара царна. Хаьара, паччахьан инарлийн каракхаьчча, шайх хиндерг. Цундела цара тIаьххьара а сацам бинера, шайн халкъах, даймахках а бовлуш йеза иэцна маршо йорах дIа ца йала. И сацам кхочушбира цара. Дагестанан лаьмнашкахь уьш ийгира турпала леташ.

      Василийна дагайеара Шемалан тIаьххьара а диван. Июлан къовкъаме де дара иза. Гунибе йухабуьйлурш суьйлийн цхьана йуьртахь садаIа севццера. Имам чохь сецначу цIийнан неIарехь хехь лаьттара Василий. Йиллинчу неIарехула цунна гора оцу шина баттахь къанвелла, азвелла, букархьаьвзина Шемал. Макхйеллачу йуьхьа тIехь хIинца генара а гора луьста, борц санна, даьржина кегий тIедарчий. Белшаш йу гIорасиз охьайахана. Когаш чучча а боьхкина, стоммачу истанга тIехь хиъна Iа иза зиндан чутесначу тутмакхах тера хета Василийна. Дикка

Скачать книгу