ТОП просматриваемых книг сайта:
Йеха буьйсанаш. Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Читать онлайн.Название Йеха буьйсанаш
Год выпуска 2023
isbn
Автор произведения Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Издательство Автор
– Делархьана, хаа-ц суна-м, хIокху Шахьбис сайга хIун де боху, – дегабааме хилира ХортIа. – Сайн доьзалхо виэн а, ваккха а – сайна луъург дан бакъо йац сан? Далла хьалха ас жоп ма ло цунах. Суна биэн а дац Iедал керста нехан хилча а, жуьгтийн хилча а, иза сайна аьттоне хилчахьана. Хьуьжарехь пхийтта шарахь дешийтича, хIун хир йара сан кIантах? Йуьртан молла. Нехан закаташка са а туьйсуш, беллачийн тIелхигаш а лехьош, лелар ву-кх иза. Оьрсийн школехь дешча, сан кIантах эпсар хир ву. Мичча хенахь суна а, шуна а тIетовжа гIовла. ТIехиндолчун ойла йел аш!
– Со шек ца волу, суо, йоккхачу тоьпа а воьллина, мархашка кхоссарх, – вехьара Шахьби. – Иэхь дац шун, йахь йац шун. Дегнаш дац шун. Вайн дай, йижарий, вежарий байъина, вайн махках чим бина, вайн йаьIни тIе хевшинчу оцу Делан мостагIийн йалхой лела Делах а, нахах а иэхь ца хета шуна. Цара-х вай бIаьн некъал лаха довла ца дуьту. Цара-х, дага йуккъера мохк дIа а баьккхина, кху дийнарг ца кхуьучу кIажа а дерзийна, вайн къам хIаллакдеш лаьтта, уьш-х вай керста дине дерзо гIерта!
– Ой, оццул цаьрга безам боцуш хьо хилча, цкъа топ кхоьссина а, царна дуьхьало ма ца йира ахь? – Iоттар йеш, велавелира Ioca.
– Сан декхар шарI кхайкхор ду!
– Дера, ду, Шахьби, ахь дуьйцург а шалха хабар. Нах мацалла леш бу, боху ахь, ткъа хьуо, масех урд латта дола а даьккхина, дийнна бажа даьхний керта а лаьллина, Iа. Нах Iедална дуьхьалтоьттуш, хьайна йуьстах Iан лаьа хьуна. Нахана цIий а догIуш, хьуна шура хир йац. Цулла а, IадъIе, диканиг, Iедало хьайга боххург нахе дIа а кхайкхош. Оцу хьан багано ваьхьна Сибрех тасахь, цхьана а Далий, диной цIаверзор вац хьо.
Шахьби, дуьхьало йан ца хIуттуш, дIатийра. Тховсалера дов дуьххьара дац йуьртан дайшна йуккъехь. Iедална хьалхахIоьттича, кIеза санна, хьесталахь а, Шахьбина валлал ца безара оьрсий а, цара деана керла Iедал а. Багахь хIуъу бахахь а, хьалхалера маршо йац. ДIадолийна динан муьлхха гIуллакх, Iедална дуьхьал а лорий, молланаш хьийзабо. Дан мел могуьйтучунна сиз а хьаькхна, цул тIехваьллачун Iожалла Сибрех хир йу, аьлла цаьрга сардало. Цхьа а де дац тешам болуш. Бакъду, Iедало боххург деш Iийча, гай тIе мIараш хьоькхуш, таккхал вехийла-м дара. Кху Iай Шелана уллохь хиллачу гIуллакхо дуккха а молланаш кхетаме балийна. Уьш кхиъна шайн некъ оьрсийн Iедалца хиларх.