Скачать книгу

ПхоьалгIачу кIентан, зуда йалозчу Дакашан, шен цIенош дацара. Гуобаьккхина хезара оцу тIелатаро дай-нанойх, йижарех-вежарех баьхначу зударийн, берийн белхарш, чевнаш хиллачийн узарш, оцу эрчоно Iадийначу хьайбанийн Iехарш. Бист ца хуьлуш, Iосин вежаршкий, берашкий оьгIазе хьуьйсура йуьртахой.

      «Къонахий ду шу? Массо тIамехь хьалха, уггар кхерамечу меттехь ву шу ворхI. Амма хIунда ца доь аш и шайн йамарт, стешха жIаьла?» – бохура царах хIораннан а хьажаро.

      – Iожа, соьга кхин садетталац. Соь лалац xIapa иэхь… – элира пхеа вешех жимахчу Дакаша шайн воккхахчу веше. – ХIунда ву вайн иштта йамарт да?..

      Дакаш вилхира. Боьхна лаьтта уьш а битина, эвлах бевлира йуьртахой. Дукха хан йалале, царна гира йуьртахь дисина йалх цIа догуш. Иза Iосин вешин Мидин болх бара. Уггар хьалха шен цIийнах, тIаккха вешин Мусин, цул тIаьхьа шен вешин берийн цIенойх цIе йиллира цо.

      – Бакъ дац хьуна моьттург, Iоса. Йуьртахой боьлхуш, ткъа хьан вежарийн, берийн доьзалш боьлуш хир дац хIара. Йуьртахойх девлла, даха меттиг бац тхан, – элира Мидас, йогучу цIергахула дIа Яьссица охьа а хьожуш.

      2

      ЦхьакIеззигчу бахьано, кIадбоцург хеталучу хIумано адамийн кхолламехь йоккха меттиг дIалоцуш хийцамаш беш меттигаш дукха хилла дуьненахь.

      Цхьана легендо дуьйцу, мацах цкъа цхьана буса румой чIогIа набарш кхетта бийшина Iохкуш, галлийн эскарш Капитолин пенаш тIе хьаладуьйлуш, гIезаша хьаькхначу маьхьарша румой сама а баьхна, Рим йохочуьра йаьлла бохуш.

      1815-чу шеран июлан 18-чу дийнахь Ватерлоохь хиллачу тIамехь Наполеон эшийнарг а, Веллингтон толийнарг а Наполеонна буйла ца хууш бисина, цунна и меттигаш йовзуьйтуш хиллачу ахархочунна бицбелла шерачу арара боьра а, хьалхарчу буса цIеххьана дилхина кIеззиг догIа а ду бохуш, дуьйцу.

      Хийла йуьйцу хезна 1845-чу шарахь лаьмнашка графо Воронцовс йина поход. Исторехь, «Сухарийн экспедици» йа «Даргински поход» аьлла, ши цIе йахана цуьнан.

      Цхьанне а ца хаьа, оцу походехь мацалла дала ламанхойн гуонна йуккъехь дисина Воронцовн эскарш дуьззина хIаллакьхиларх йа нохчийн йийсаре дахарх кIелхьардаьхнарг МуцIин Iоса хилар.

      …Нохчийчохь хиллачу гIаттамо ткъа шарна йухаболийра Кавказски тIом. Ахульгохь велла имам йуха а денвелира. Паччахьан инарлийн гIуллакх кхиам боцуш дIадоьдура. Дуьххьарлерчу пхеа шарахь масех наместник хийцира Кавказехь, амма толам гуш бацара. ТIаккха Николай I-чо, Кавказан наместник вина, цига хьажийра Красни уллохь Наполеонна тIехь толам баккхаза висина бохуш вуьйцу 1812-чу шеран тIемийн гIараваьлла турпалхо граф Воронцов. Николай I-чо цунна тIедиллира, «Шемалан гIеранаш йоха а йай, цуьнан мехкан дегайуккъе а гIой, цигахь чIагIло» аьлла.

      Массо а тешна вара паччахьо шена тIедиллина декхар инарла-адъютанто Воронцовс нийса кхочушдийриг хиларх. Цундела, иза Петербургера схьаволуш, цунна тIаьхьахIиттира нохчийн хьаннашкахь чинаш а, совгIаташ а лахьо ойла йолу столицера дуккха а дворянийн кегийраш. Цуьнца Кавказе веара императрицин ваша, немцойн принц Александр Гессенский. Цунна лаьара графо Воронцовс акха ламанхой

Скачать книгу