Скачать книгу

уьш йоIана бохуш, Iийнера со. Йала гергайахча, дIайолларан ойла йан а дийзи. Царах дан дезарг-м кху стага ша дийр дара. Маккхална дегаза ца хилахь, цуьнга, кху хIусаме а вогIуш, ворхI буса суна йеса дешийтар доьху шуьга. Ткъа шуьшинга дехар ду, тезета оьху адамаш совццалц, сан вежарий хилий, тезета хьийзар. Шуна ма хаьа, xIapa стаг а, йиша-ваша доцуш, цхьа хилар… Цуьнан дог а эцалаш…

      Iелин бIаьргех кIез-кIезиг лешаш Iийдалу хиш, беснеш тIехула охьа а хьаьлхаш, можалахь къайладуьйлура. Мархетна уьш гарна кхоьруш, охьа а таьIна Iара иза.

      – Дала мукъалахь, толур йу хьо, Мархет. ХIокху йалх беран дуьхьа а, хьо ца тойелча йиш йац. Амма Iожалла вайна тIаьхьа а хIоьттина лела. И де тхаьш дийна а долуш дагIахь, ас дуй боу-кх хьуна, хьан весет кхочушдан.

      – Дела реза хуьлда хьуна, Iела! Ма Iе, дIагIо. Дукъара цIа веана, кIадвелла хир ву хьо.

      КхидIа цомгашчуьнца къамел дан ницкъ боцу Iела, цуьнан Iодика а йина, аравелира.

      – Iосас хIун бохура хьоьга, Васал? – хаьттира Iелас, ша хиъначохь луьлла уьйзуш кетIахь Iачу цуьнга.

      – Шена кха дохка, бохура.

      – Ахь хIун эли ткъа?

      – Духкур дац, эли, ала-м. Амма, хIун дер, хаац. ТIейогIучу гурахь йухалург цхьа гали хьаьжкIаш йеанера ас цуьнгара. Йа уьш, йа кха ло, боху, шена. Таро йоьхна ву со.

      – Айхьа хьаьжкIаш дIалур йу, ала.

      – Ас мичара ло цунна уьш? Со-х тховса берашна сискал йан а цинц боцуш ву.

      – Воха ма воха хьо. Вайн рицкъанаш Делехь ду. Наха дIатесна вуьтур вац хьо.

* * *

      …Iела цIавирзича, йуург кийчча лаьтташ йара. Очакх тIера схьаэцна боккха цIеста йай цIенкъа а хIоттийна, тIера негIар дIаайъира Айзас. ЧухIоьттинчу кIуьрах дIауьйш, чоме Iаь йаьржира. Дас шена бина дечиган жима мIара а эцна, йена гуонаха хьаьвзира Iумар.

      – Саьрамсекх аьттий ахь? – хаьттира Iелас Айзега.

      – Аьтта.

      – Шина кIантана цхьа-ши хьалтIам йитий, и йай берамца ВасалгIарна хьохьа.

      Айза цецйелира.

      – Вай хIун до ткъа?

      – Вай охьадуьйшур ду-кх. Кху дуьненахь мел долу даар хиларх, кхаьллина хIума кийра гIyp дац-кх суна.

      Айза, кхин йист ца хуьлуш, берам чохь дечиган кад тIехIоттийна йай а эцна, арайелира.

      Йилхина ши бIаьрг цIийбина, цхьа ах сахьт далале йухайеара иза.

      IV корта. Йуьртан керла дай

      «…Муьлш бу кхузахь пурстоьпаш шаьш? Иэхь, оьздангалла хIун йу, ца хууш, амма карахь дерриг Iедал долуш, бодане нах бу… Цара хIитто йуьртдай а хуьлу оьздангаллех боьхна, халкъо шен йукъараллех хадийна даххаш. Хьалха къуй, зуламхой, айкхаш хилла нах…»

      Я. Абрамов

      1

      Дийнахь сарралц болх бина йуьртахой, шайн къуьданаш дIа а байъина, хьалххе охьабийшинера. ТIедогIучу шаро жимма а рицкъа дохьур ду аьлла догдохийла йерш, мерза ойланаш йеш, набарх булура, ткъа важа дукхахберш, боьхначу аьттоно наб кхета ца буьтуш, бекъачу метта керчаш, ца йогIу наб кхетийта гIертара.

      Амма йуьртден Iосин цIенойн кораш, даим а санна, серладевлла гора тховса а. Оцу йуьртахь цуьнан, Шаьхьбин, ХортIин, Товсолтин а цIенош бен дацара тхов тIе гериг йиллина а, корашна ангали тоьхна а. Оцу веаннан цIенош чохь бен

Скачать книгу