Скачать книгу

Цуьнан иза кхочуш дан аьтто ца белира, амма ахь цу гIуллакхехь баккхий кхиамаш баьхна. Кавказхой теша хьоьх, хьуна тIаьхьахIитта кийча а бу уьш. Адыгаш даима хир бу хьоьца! – Жанхота куьйг кховдош, массо а стоьла хьалха кхайкхира.

      – Кута, кхузахь вовшахкхеттарш, хьо теша мегар долуш, хьан вежарий бу хьуна. Хьан ден а ца байнера тхоьх тешам, цундела хьан тешам ца байта а хьовсур ду тхо. – элира обарге Мисоста.

      Йуучух кхеттачул тIаьхьа, чай молуш, Iаш болу ламанхой Жанхоте хьоьжура, цо цхьаъ дийцаре сатуьйсуш. Ишта ду Кавказан сирла ламаст – хуьлийла иза той йа тезет, амма къаночунгара зеделлачух пайда иэца безаш хуьлу ламанхой. Жанхот кхийтира ламанхой шен къамеле ладогIа хьаьгна хиларах. Мисоста элира соьга, хьайн дас ГIебартахь лелийнарг а, цо кхузахь дIакхехьна некъаш а довза лууш ву хьо аьлла – вистхилира Жанхот Куте. Йерриге а ГIебартана девзара хьан ден йист йоцу доьналла, амма сан иэсехь даима баха биссина цуьнан дахарера цхьа шатайпа хилам – генарчу паналле хьоьжуш, велакъежара къано. Хетарехь иза дагалецамийн йийсарехь вара.

      – Хьан да Маьхьди шатайпа стаг вара. Шу нохчий наггахь сонта а, чIогIа аьрха амал йолуш а, собар доцуш а къам ду. Амма цуьнгахь цхьа шатайпа кIоргера синтем бара. Дийнна де доккхура цо цхьа дош ца олуш, цхьаьнга а вист ца хуьлуш. Ца хаьа, балано ша Iовжорна а хила тарлора иза ишта. Амма цуьнгахь болчу синтема, иза тIех тийна а, паргIат а хиларо ма чIогIа Iехабора цуьнан мостагIий. Къиссамашкахь самайолура цуьнан кийрахь нохчочун кIоршамалла а, аьрхалла а. Сан дас дукха дуьйцура цо гайтинчу доьналлех лаьцна, амма суна тахана дийца лаьа суо теш хилларг. Мисостан деца Алхасаца дукха жима волуш дуьйна хьан деца йовха уьйр хилла ву со. ГIебартахь Iаш вара иза хIетахь, Довта-Мартанан бахархойх чIир иэца делла дош кхочуш деш. Цуьнца цхьаьна нохчий а хуьлура – дукха хьолахь Маьхьдин шичой Нохмарза а, Ахмарза а, амма коьртачу декъехь Маьхьдица лелаш гIебартой бара, тхан кучмузуково тайпанера нах.

      Цара кIело йеш хиллачу оьрсийн эскархошна хIинцале хууш дара, Маьхьди шайна тIаьхьаваьлла лелар, цундела чIогIа ларбора цара шайн меттамотт дукха хьолахь жIаьлешца. Хилозза чевнаш хилла йухавоьрзура Маьхьди, шен накъостийн декъий а дохьуш, амма йухавала дагахь вацара шен йуьртах а, доьзалах а чIир иэца хьаьгна волу нохчо. Дукха хьолахь цунна новкъарло йеш хилларш оьрсийн Iамийна жIаьлеш дара. Геннара а обаргаш гучубевлча, гIовгIа йоккхий, самабохура цара эскархой. Цкъа цхьаьна дийнахь тхан кIотарахь хьошалгIахь вара Приэльбрусьера цхьа къена балкхархо. Цу дийнахь цига кхечира чевнаш хилла нохчочунца Маьхьди а, цуьнан кхин болу ГIебартара накъостий а. Йуха а аьтто ца баьлла вас хиллачу ламанхоша дийцира къаночуьнга оьрсийша хIилла долуш шайна йиначу дуьхьалонах.

      – Борз оьшу шуна! – меллаша вистхилира дукха ойла ца йеш воккха стаг. Цунах цхьа а башца ца кхийтира, амма балкхархочо йуха а элира – нагахь санна шуьца борз хилахь, иза тосайелла жIаьлеш, кхераделла, дIалечкъар ду. Воккхачу стагана дагадеанарг хьекъале хIума дара, амма мичахь карор йу борз? Йа муьлха борз лелар

Скачать книгу