Скачать книгу

къонаха суна сайн дахарехь гина вацара. – цIеххьана шен къамел сацийра Цацас. ТIех лазаме бара дагна сел мерза болу къоналлин дагалецамаш. Йоккхачу стеган йуьхь нуьре хуьлуш сирла йелира, Кутин да хьахийча. Цецйаьлла Заза кхийтира бакъ болу безам замано тишбеш ца хиларах.

      – Хьан да шен дахарехь атта адаме лалур боцу бала лайна стаг вара, цундела кхоьрура иза вайшинах къастарна. – йоккхачу стеган хебаршка иэхначу йуьхьтIехула охьахьаьдира бIаьрхийн даккхий тIадамаш. Массо а кхийтира дагалецамийн лазамо Цацин дог Iовжийна хиларах. Эххар а гIайгIане тийналла йохош, йистхилира Бакали:

      – Баба, дийцахьа хIун хиллера дадина? Ахь цкъа а ца дийцинера тхоьга цуьнан дахарах лаьцна.

      – Дер ду и дукха лазаме, дукха Iовжаме дийцар. – доккха са даьккхира Цацас, ткъа йуха жимма соцунгIа а йина, долийра шен дийцар. – Дуккха а, дуккха а шераш хьалха, оьрсийша къиза дийнера цуьнан пхи бер а, Довта-МартантIехь хазаллица цIейаххана хилла зуда а. Шен дахаран ткъе итт шо чIирана дIаделлера шун дедас. ХIара дуьне гатдинера цо шен мостагIашна. Цуьнан аьтто а баьллера уьш массо а вен, цхьаъ виссалц. И цхьаъ таIзар ца деш витинера цо, цуьнан кегий бераш хиларна.

      – Баба, хьуна девзарий и бераш? Тхан ден вежарий а, йижарий? – догцIена велакъажарца хаьттира денене Кутин жимох волчу кIанта Ремида.

      – Суна муха бевзар бу уьш? Со хIетахь дуьнен чохь а ца хиллера. – йелайелира Цаца.

      – Муха? Хьайн майрчун берел жимох йу хьо? – шен цецйалар ца лачкъийра Зазас.

      – Сан майра-м сан дел а вара воккха! – йелакъежира Цаца. Мел лазаме хиларх а, амма дагалецамаша хьоьстура цуьнан дахаро Iовжийна дог.

      Шен марнана маракъовлуш, Зазас дийхира:

      – Баба, дийцахьа муха девзинера шу? Хьо Нохчмахкара ма йу, Органал дехьара.

      Сесана…

      II

      – Йу. Со йина а кхиъна а Нохчмахкара Сесанахь йара. Боккхачу, ирсе доьзалехь кхууьш йара со, ден-ненан безамах а, бахамах а хьаьгна йоцуш. Къаьсттина чIогIа со качйина лелош йара сан денанас. Цунна чIогIа дукха йезара со. Иза Кавказехь цIейаххана волчу шайхан Ташу-Хьаьжин йоI йара. Кесира йара сан дененан цIе. Ши-кхо шо долуш дуьйна цуьнца йуьжуш, гIоттуш, цо лелош йара со. Дукха жима йолуш дуьйна цо сийлахь деза КъорIан а, Iаьрбойн йоза а Iамийра суна. Бабас соьца цхьаьна шен чохь кхин долчу берашна а дара КъорIан Iамош. Шийтта шо кхаьчначу хенахь долийра ас сийлахь деза КъорIан дагахь Iамо. Кертахь, цIентIехь деш долчу массо а гIуллакхах мокъа йаьккхинера со, сан дешарна новкъарло ца йан. Нанас дов дора суна, гIуллакх дан Iама бохуш. Маре йахча, майрчо аракхуссур йу хьо. Хьанна оьшу ишта зуда? – олура соьга нанас. – ненан сирла сибат дагатесначу Цацас соцунгIа йира шен къамелехь. Цхьаммо а сихйеш йацара иза. Массарна а хаьара кийрара охьахецабелла дагалецамаш совцур бац, цундела Цацас йуха а долийра къамел.

      – Ткъа шо кхаьчча, дерриге а КъорIан дагахь хаьара суна. ХIетахь сацам хилира сан дененан маьждигехь зудберашна лерина хьуьжар схьайоьллуш, со цигахь хьехархо балха хIотто.

Скачать книгу