Скачать книгу

дезаш гIуллакхаш ду вайшинан, амма Дала мукъ лахь кестта ас гойтур бу хьуна хьан Даймокх, хьо лерина лелийна волу Кургако а, хьан доттагIий хилла гIебартойн дой а, хьо вина хилла кхал – хьан нана Псыдахэ а. Иза а хир ма йу хьуна сагатдеш…

      Аьрру агIор Нальчик а йуьтуш, Кушмэзыкъуей (хIинцалера Баксан гIала) олучу йуьрта хьажийра цо шен говр. Нальчик гIалина шийтта-пхийтта чаккхарма гена йоцуш Iуьллучу цу йуьртахь бехара Кутин ден уллера накъостий. Уьш болчохь буьйса а йоккхуш, жимма садаIа сацам бира Кутас. Обарган ден тешам болу хилла накъостий бара уьш – гIебартойн элий. Кутина хаьара дахарехь муьлхха а чолхе киртиг тIеIоттайелча, царех теша мегар дуй. Буьззина къонахийн а, Кавказан бакъ болчу ламанхойн а масала дара и гIебартой.

      Сийна Iуьйре стиглахь йаьржачу хенахь кхечира Кута Кушмэзыкъуей йуьрта. Говре меллаша ког боккхуьйтуш воьдура иза Алхасан кIентан Мисостан цIа долчу агIор. ЦIеххьана цхьаммо мохь туьйхира:

      – Кута! Хьо вац иза?!

      Шена тоьпан лаг озо кийча, йухахьаьжира нохчийн обарг. Цуьнга мохь тоьхнарг хиллера Мисостан маьхча Тембот. Кута сиха говрара вуссуш дегайовхонца маракхийтира ша гина хазахеттачу гIебарточунна.

      – Хьо-м дийна хиларал совнаха, могуш а хилла! – велавелира Тембот. – Хьо чIогIа лазийна аьлла хезнера тхуна. Мисостаца а, Танаца хьо волчу Довта-МартантIе догIур ду аьлла а дара тхо-м. – Тембота эккхийтинчу гIовгIанна арабевлира луларчу керташкара ламанхой, амма Кутина хаьара вежараллин йовха уьйраш йолчу ГIебартан йуьртахь шена кхераме хIумма а доций. ХIара Темботаца къамел деш воллушшехь, ламанхойх цхьаммо Мисосте хаам бина хилла Кута Кушмэзыкъуевохь ву аьлла. Ша мох санна сихвелла кхечира Мисост. Обаргана уллохь гулделла адам дIасатоьттуш, маравоьллира цо Кута.

      – Ассаламу Iалайкум, сан ваша! Ма воккхаве со хьо могуш-маьрша сайна гуш. Мисоста цIехьа вигира обарг, ткъа Темботе а, кхин болчу ламанхошка а элира:

      – Кута, гена некъ бина гIелвелла ву, буьйсанна наб йина вац. Цундела цкъа садоIур ду цо, тIаккха сарахь со волчу гуллур ду вай массо а, дууш-молуш, цхьаьна мерза хан йаьккха. Ламанхой реза хилла дIасабахара, суьйрене сатуьйсуш. ГIебартахь чIогIа лоруш вара нохчийн обарг, цундела хIоранна а лаьара, цуьнан доьналлех дуьзначу сибатах бIаьрг тоха а, цуьнан къамелашка ладогIа а.

      Олхазаро тIам тоьхча а хезар долуш, тийналла йоьссира Мусостан кертахь. Хьаша-да сий долуш тIеэцаро йоккха меттиг дIалоцу гIебартойн къоман амалехь, цундела жима а, воккха а Куте наб йайта а, садаIийта а лууш, совнаха гIовгIанаш йеш вацара. Ткъа Кута-м дукха ца виссира мерзачу набаран йийсарехь. Дечиган маьнги тIехь Iуьллура иза, шен дахаран ойланаш йеш. Кху чохь шен дахаран ткъе итт шо хан ма йаьккхинера кхуьнан дас – Довта-МартантIера ГIезин кIанта Маьхьдис, цундела кху йуьрта а, кху хIусаме а кхаьчча, ша сийлахь йезачу Макке кхаьчча санна ма хетара Кутина. Кху маьнги тIехь хийлозза набаро товжийна хир ву кхуьнан да.

      – ХIун ойланаш хилла те цуьнан? Хиллий те кханенга сатийсам, йа цуьнан берриге

Скачать книгу