Скачать книгу

майор ву. Тоьпан лаг озо кийча вара нохчо, амма цунна гуш вацара мостагIа, цуьнан цIийх Iийдалучу деган уггаре а йаьккхийчу кIоргенашка кхийдаш хьоьжура жимачу беран сийна ши бIаьрг. Цо маракъуьйлура шен да, цуьнан йовхонах ца Iебаш санна. Эххар а, арахь лаьтташ, хIара сурт тергал деш болуш шен накъостий а, и майор а, цуьнан зуда а – массо а инзар воккхуш, Маьхьдис охьадахийтира герз. Цо меллаша тIевахана беран хьаьрса месаш ловзош, коьртах куьйг хьаькхира кIантана. Бер хазахетта доьлура, шен корта ден некха тIехь лачкъо а гIерташ…

      Маьхьди аравелира, Iадийна доьзал а буьтуш. Корах ара хьаьжначу майорана гира говрашка хиъна масех бере кертара ара волуш, ткъа царна йуккъехь, говрана тIаьхьа йаьлла бекъа санна, когашка а хьерчаш доьдура йуьхьанцара цунна жIаьлех тарделла цхьа экха.

      – Борз хир ма йац иза?! – цецвелира майор, ткъа йуха цIеххьана дагатессира шен кертара жIаьла летта ца хилар…

      ХIумма а ца хилча санна лепара стиглахь седарчий, ткъа Маьхьдис цу буса йерзийра ткъе итта шарна йахйелла хилла ша мостагIашна кхайкхийна чIир. Цуьнан кийрахь къинхетам нуьцкъаха хиллера мостагIашка болчу цабезамал а, чIир эца болчу лаамал а, бекхаман ницкъал а. Маржа-йаI, стенах дина хилла теша цуьнан сел онда а, цуьнца нийсса кIеда а хилла, баланаша мел чахчорах чIагI ца делла дог.

      Масех шо даьлча, цхьаьна къизачу къиссамехь оьрсийша герз тоьхна йийра Борзак. Ишта виссира, Кута, хьан да шен тешаме накъост воцуш, ткъа цуьнан дахарера и хилам тахана санна сан бIаьргаш хьалха лаьтта. Ма ларамза дац хьо доьналлех вуьзна хилар… – элира къена гIебарточо Жанхота. Иза хьалагIаьттира дIаваха ойла йолуш. Цунна тIаьхье хьалагIевттира кхин болу ламанхой а.

      – Мел хан йаккха дагахь ву хьо тхо долчохь? – хаьттира Жанхота.

      – Тахана дIаваха дагахь ву со. Шу гина суна, шун рицкъанах а кхетта со, ткъа сарахь новкъавала мегар ду – велакъежира Кута.

      – Тахана оха дIавохуьйтур вац хьо. Хьоьга хьоьжуш лор ву. Иза хьан чевне хьожур ву, тIаккха Iуьйранна сатоссуш, ГIебартара цхьаьна арадевр ду вай. Соьца Тембот а, Тан а хир ву. Оха новкъавоккхур ву хьо хьан доттагIа Хьапагож волчу – элира Мисоста, ткъа цо аьллачунна реза хуьлуш, корта теIош вара къано Жанхот а.

      – Вайн чергизойн вежаршка доккха салам-маршалла дIало. ЦIа воьдучу хенахь, тхуна тIех ца волуш, Кушмэзыкъуей а вола – элира Жанхота, шайн йуьртан гIебартойн маттахь бакъ йолу цIе йоккхуш.

      Хапагож

      I

      Iуьйренан ламазаш диначул тIаьхьа, сиха марта а дина, Чергизара Хатухшукай кIотаре новкъабевлира накъостий. КушмэзыкъуейгIера тайпанера гIебартойн элийн гуонехь дийнахь аравала а кхераме дацара Кутина, нагахь санна йуьртан йистог толлуш лелаш йолу гIалгIазкхийн тоба кхетахь а. ЙуьхьтIе башлакх оьзна волу иза цхьанна а вевзар вацара, ткъа кхуьнца цхьаьна болу гIебартой махкахь лоруш а, бевзаш а нах бара.

      МаьркIажен бодано ламанийн баххьаш хьулдечу хенахь, кхин новкъахьовзам боцуш, чергизойн

Скачать книгу