Скачать книгу

шен сих тера са. Вайн къоман мостагIий шен цIарца кхерош, къонаха ма ву иза! Дозалла а, ирс а дац цуьнан хIусаме кхачар? – хих дуьзначу бIаьргашца, аз айдеш йистхилира со нене. Хетарехь, и къамел деш йерг со йацара, бакъ болчу безамах, йист йоцучу синхаамах шерашца хьаьгначу деган кIоргенашкара декара сан аз.

      Нана кхийтира дерригенах а. Эххар а бабига хьаьжна, элира цо:

      – Ахь кхиийна иза ишта… сан дан хIума дац.

      Бабас тхо массо а ара а даьхна, сан дега кхайкхира. Иза чоьхьа ваьлча, цо элира:

      – Ширачу заманехь дуьйна, ден пурбанца бен йоьдуш ца хилла нохчийн йоI маре, амма хIете а вайн дайша ларбина мехкарийн лаам а. Цаца реза йу Довта-МартантIера чIинхочунга Маьхьдига маре йаха, амма хIете а кху доьзалехь тIаьххьара дош хьоьгахь хир ду.

      – Нана, тIаккха хьуна хьайна хIун аьлла хета? – хаьттира сан дас. Иза лерина хьоьжура шен нене, Ташу-Хьаьжин йоьIан кIоргера хьекъалан а, син-оьздангаллин а мах хууш вара иза.

      – Со реза йу цу захалонна. Цацина къаьсстина ишта цIийнда оьшу – заманан зерах чекхваьлла, йукъараллехь дош лелаш, лаккхара доьналла а, син-оьзаднгалла а йолуш волу. Хан йаьлла ву иза, со кхета, амма Делан лаам хилахь цхьаъ хилла а бер хир ду церан. Къонаха стагана йаьхь йолу тIаьхье кхио хуур долуш йу Цаца – жоп делира сан денанас.

      – Ас вай цу захалонна реза ду аьлла жоп лур ду цаьрга. Хан билгалйаьккхий, зударшка шайн кечам бе ала! – аравелира сан да. Бабас соьга дукха дийцинера Маьхьдих лаьцна, цундела ларамза дацара даима лакхене кхийдаш долу сан до цу къонахчун деган ирхенашка кховдаре.

      Ахбуьйса йаьллера Цацас шен къамел дерзош. Исбаьхьаллин хатIехь, цхьа шатайпа хаза дийца хууш хиллера цунна, шега ладугIуш болчеран ойланаш шен къоналлин замане а йуьгуш. Кутас доггах маракъевлира нана.

      – Маржа-йаI сан нана! Ма дика хаьа хьуна кху дахаран мах. Хьо санна йолчу къонаха зудчунга бен лалур ма дацара хьан белшашка доьжна и деза дукъ. Сан дас къоналлехь а, ткъа ас хIинца къаналлехь а синтемах йаьккхина хьо, амма хIете а хьуна цкъа а ца хетта хьуо ирс дайна. Тхоьца нийсса хьо а ма йу мостагIашца къуьссуш, хьайн собарца, хьайн доIанашца, ахь вайн кхерчахь латийначу цIарца. МостагIаша тIаьхье йоцуш витинчу сан ден хьо бахьана долуш хIу ца хаьдда. Ахь цуьнга кховдийначу безамца иэцна цо шен хIаллак хиллачу доьзалах чIир. Оьрсийшна уггаре а чIогIа лууш дерг ма ду вай доьза дайар, вайн хIу хадор. Сан дас болийна а, ас дIакхоьхьучу а нийсачу къиссамехь хьо ма йу сан коьрта гIортор, нана! Хьан сатийсамаш кхочуш беш, хьо сайх реза йар йу хьуна сан чолхечу дахаран коьрта Iалашо. Деле со воьхуш, ахь дечу цIеначу доIанах тешаш, майрра ма волу со муьлхха а кхераме новкъа – элира Кутас. ХIора а дош даггара олура цо. Цуьнан озехь хаалуш бара нене болу бовха безам а, кIоргера ларам а. Хьомечу кIентан и къамел хилира Цацина дахарехь мел лайначух хьакъ долу совгIат…

      Борзак бекхаман новкъахь

      I

      Цхьа мIаьрго санна дIаиккхира обарган доьзална ши кIира. Довта-МартантIехь цкъа а ишта дукха хан йаьккхина вацара Кута.

Скачать книгу