Скачать книгу

дIалаьцнера обарган берриге а кхетам. Цунна цкъа а хезна дацара муха хилла шен ден а, ненан а довзар. ДIаэхначу замано шен кирхьа диллича санна хетара цунна. Тийналла йохош хезира кхойкхучу молланан мукъаме аз. Кутас Хьамиде корта таIийра, ламаз иэца кечам бе аьлла. Дечиган маьнги тIера сиха охьаиккхира Ремид.

      – Ас ламаз дан кхакханаш охьатоссур ду. Мегий? – пурба дийхира цо Хьамиде. Хьамида велакъажарца шел хьалха аравалийтира жимох волу ваша, ткъа ша денанна гIо дира маьнги тIера охьайосса.

      Массара а ламазаш диначул тIаьхьа, Зазас стол кечйира. Йовха сискал шен нене дIакховдош, стоьла хьалха охьахиира Кута. Уьш пхьор дина бевлча, берашца йуучух кхета охьалахйелира Заза а. ТIейогIучу буьйсанан боданехь йашна дIайолуш йара маьркIаже. Мехкдаьттанан чиркх а латийна, гIийла КъорIан доьшуш вара Кута, Зазас меллаша неI тоьхначу хенахь. Ша долийна айат чекхдокхуш, корта хьалаайбира цо.

      – Бабин дийцаре кхин дIа а ладогIа лууш дара-кх чIогIа со а, бераш а. Кхин ишта аьтто болий ца хаьа цуьнан шен дахарера дагалецамаш бовзийта. Хьуна хIун аьлла хета? – дехарца цуьнан бIаьра хьаьжира Заза.

      – Нийса боху ахь! – элира Кутас, КъорIан тарха тIе дIахIоттош. Схьакхайкха ахь нана а, бераш а. Со суо а ву, ненан дагалецамашка ладогIа хьаьгна.

      Заза хазахетар ца лечкъош, сихонца арайелира. Кутас доза доцуш лорура Заза иза шен ненаца кIеда-мерза хиларна. Боккъалла а йоккха уьйр йара марненан а, несан а. Зазина дахаран масала хетара, син-оьздангаллех дуьзна долу шен къеначу марненан васт…

      III

      Массо а йуха а Кута волчохь охьахиира Цаце ладогIа. Йехха корах ара а хьоьжуш, шен къамел долийра йоккхачу стага:

      – Эндерейхь суна иза гиначул тIаьхьа дIаделира кхин а масех шо. Цул тIаьхьа иза тхо долчу Сесана веара. ХIетахь дуьххьара цхаьнатуьйхира кхолламо тхан дахаран некъаш. Делкъ ламаз диначул тIаьхьа со сайн зудберашца маьждигера хьуьжар йолчу агIор йоьдуш йара. Божарийн некъ ца хадо, пена йисте девлла лаьттара тхо. ЦIонтарара ШоIайп-Моллин кIантаца Мухьаммад-Хьаьжица цхьаьна ламанхойн тобанна йукъахь лаьттара иза. Суна сиха вевзира иза, ткъа дилха дог кийрара араэкха санна тохаделира. Мухьаммад-Хьаьжи иза йуьстах а ваьккхина, цхьаъ дуьйцуш вара цуьнга, тхо долчу агIор бIаьрг а бетташ. Даго цхьаъ хьоьхура суна, амма ас лоьхкура коьртера ойланаш. Эххар а суна йицйелира и мIаьрго. Масех де даьлча, шеца цхьаьна ши-кхо воккха стаг а валош, тхо долчу веара Мухьаммад-Хьаьжи. Денанас кхайкхира соьга. Со чоьхьа йаьлча, суна гира сайн нана а, кхин болу тхан гергара нах а.

      – Хьоьга ца хаьттича ца йолу со. – Йехха соьга хьаьжира баба. ХIара лараме нах хьо йеха баьхкина бу.

      – Баба, суна ца лаьа маре йаха. Хьуьжарера дешар чекхдаккха дезаш зубераш ду сан. – сиха гайтира ас сайн реза ца хилар. Сан ткъе йалх шо дара. Ма-дарра аьлча со хан йаьлла йара. ХIетахьлера мехкарша дукха хьалхе дуьтура шайн ден цIа, цундела массо а цецволура сан маре йаха ца хуьлучу лаамах, цул совнаха, соьца доьзал кхолла

Скачать книгу