Скачать книгу

а уггар йоккхачу, нуьцкъалчу империна дуьхьал иттаннаш шерашкахь къийсам латталур ма бацара бандиташка, къизачу, йамартчу халкъе. Революцин хьалхарчу деношкахь цуьнгахьа а бевлла, шайн махка тІехь советан Іедал хІоттор дарий-те бандиташа, йамартхоша? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхура ас. «ХІан-хІа, царна тІехь йинарг ирча харцо йу, – бохура ас сайга. – Царна йукъахь йамарт, зуламе нах хилла хир бу. Уьш хІор а халкъах бовлу. Амма йамарт, зуламе халкъ хилла а дац, йа хила йиш а йац. Адам доьхна лелачу кху тІеман заманах пайда а эцна, партина а, халкъана а ца хууш, йа парти а, халкъаш а Іехийна, халкъан мостагІаша дина гІуллакх ду иза. Цуьнан шеко йац. Иштта, бехк боцуш бехке ца вира со? Иштта, бехк боцуш бехке а бина, хІаллак ца бина партина, халкъана тешаме сан накъостий, доттагІий?» Амма сайн и ойланаш ас лачкъийра. Кхераме йу иштта ойланаш. ХІун дан деза аьлча, оцу гІуллакхна дуьхьалдІа маІашца тІе а ца гІерташ, флангехула тІеваха веза. Хьехархошна, берашна и халкъ довзийтича, церан цуьнга безам гІуриг хиларх дог тешна ву со. Историн урокашкахь теманаш йу Кавказски тІамах, Шемалах лаьцна. Оьрсийн сийлахь-баккхийчу йаздархоша нохчех лаьцна боккхачу безамца йазйина произведенеш а йу. Урокехь а, урокал арахьа а царах пайдаэцча?

      ХІетталц кхоьлина, гІайгІане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира.

      – Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тIe а вахана, Юсуповн чІоггІа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гІалатах ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хІоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.

      «Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тІаьхь-тІаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тIeтeІopax нислур долуш хІума а ма дац хІара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хІокхунна тІехьажийна…»

      …Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха Іийра Николай Кузьмич оцу гІуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгІачу классан учебника тІера дІадаханчу бІешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дІа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тІеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тІe ма Іиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могІанашна.

      Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь

Скачать книгу