Скачать книгу

и тайпа хабарш дуьйцуш стаг нислахь, иза, кхетош, нисвар а.

      Хьехархой дІа а бахийтина, ша висина Николай Кузьмич, багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, вехха Іийра оцу гІуллакхан ойла йеш. Цо тоам ца бора ша накъосташка диначу къамелах. Приказ – приказ ду, амма коьртаниг цара шаьш лелориг кхеташ а, тешаш а лело дезар дара.

      Школехь кхин долу гІуллакхаш дерриге Іадда а дитина, шолгІачу дийнахь районе ваханчу Николай Кузьмича и де дерриге а, партбиблиотекехь а, райбиблиотекехь а книгаш кегош дайъира. Цуьнан болх дІаболабелира тІаьххьара а арахецначу Советски йоккхачу Энциклопедин ткъе итталгІачу а, кхузткъе цхьаалгІачу а шина тома тІера. Царна тІера нохчийн исторех лаьцна статьяш йешча, цуьнан шен а боккха тидам тІебахара нохчийн халкъан историна.

      Николай Кузьмича дагалаьцначу гІуллакх тІехь доккха гІо дира Мария Петровнас а. Классал арахьа урокашкахь дешархошца цо йоьшура Пушкина, Лермонтовс, Толстойс йазйина произведенеш, литературни кружокехь кІорггера довзуьйтура оцу сийлахь-баккхийчу йаздархойн Кавказца доьзна дахар а, кхолларалла а.

      Цул тІаьхьа цхьанне а цкъа а ца хезира нохчийн берашна тІехбеттамаш беш а.

      Оцу хьелашкахь тасаделира Николай Кузьмична а, Берсина а йукъахь и шатайпа доттагІалла…

      IV

      ТІаьххьара бисина болх а теллина, дегІана жимма йал йан дагахь дІатевжинчу Николай Кузьмична сема наб озийра. Амма иза самаваьккхира велха волавеллачу Вовас.

      – Ца оьшу тхуна дечиг, бабушка, ца оьшу! – хезара цунна уьйтІахь хІусамнанас цхьаьнга бен латкъамаш. – Шу дийнахь цхьа-шиъ веана Іийча а, цхьа хІума дара, шу-м масийтта вогІий. Ас хІун лур йу шуна? Бац-кх сан аьтто!

      «Йуха а нохчий бу-кх, мисканаш!» – аьлла, доккха садаьккхира Николай Кузьмича. ТІаккха, хьала а гІеттина шен протез цІийзош, неІаре а вахана, арахьаьжира иза. Гихь тІедачу дечиган кегийра маххьаш а долуш уьйтІахь догІанехь лаьттара ши зуда.

      – Маша! Схьа чукхайкхахьа и шиъ.

      Дуьхьал жоп ца луш, чуйеана Мария Петровна неІарехь а сецна резайоцуш майрачуьнга хьаьжира.

      – ХІун дан воллу хьо, и шиъ чу а йалийна?

      – ХІун дан воллу бохург, хІун ду? Вайн йерг цаьрца йоькъу-кх.

      – ХІан-xIa, сан хьомениг, тоьар ду. Вай ваьш а ду халла лол бетташ хене довла гІерташ. ТІехула тІе, ас оццул хала кхиийна йалх котам а лачкъийна сан цара. Сийсара тІаьххьара йисинарг а йаьхьна.

      – Оцушимма лачкъийна хьан котамаш?

      – Хаац суна. Нохчаша-х лачкъиний уьш.

      – Иштта долуьйту-кх стага шех гІалат! Хьанна хаьа, нохчийн халкъана йукъахь цхьа масех йовсар йаьлла хила тарло, уьш бахьанехь дерриг халкъ махках даьккхина. Уьш бахьанехь халачу таІзарна кІелъэгна бехк-гуьнахь а доцу зударий, бераш, къена нах а. Хьо а гІерта изза дан. Цхьамма хьан котамаш йаьхьна, хІинца хьо кхузарчу берриге нохчех бекхам эца гІерта. Ахь йийриг нийсо йац, Машенька! Кхузахь мел дина къола оцу мискачу нохчашна тІетоьтту. Амма цхьа нах зовкх хьоьгуш бу-кх,

Скачать книгу