Скачать книгу

догдика, оьзда нах бу. ГІиллакхна цара чуйола аларх, йогІуш хуьлу ткъа? Хьанна хаьа, церан дагахь дерг хІун ду? ХІун гІуллакх дара, хІокхарна хІара гатто йан? Амма хаза-х ма ду кху довхачу цІа чохь. ХІетта деттинчу бепиган хазачу хьожано, дагна там беш, цергех хи туьйсуьйтура. Mepo схьалецира хи чу йоьхкинчу наьрс-помидорийн хьожа. Ма дика хир дара-кх хІусамнанас цаьршинна цхьацца цастар бепиг а, цхьацца наьрс а йелча…

      Ткъа дохлуш долу догІмаш тІетта тІе кІамлора.

      – Машенька, хІуъу лой а, йуург лохьа цушинна. Миска Зану йаІ, баланаша гІелйина-кх хьо. ДІайаханчу аьхка хьайн майрачуьнца цхьаьна со шайга веана дагадогІий хьуна? – хоьттура Николай Кузьмича. – ХІаъа, хеназа кхелхи Маил. ХІун дийр ду ткъа, иштта дуьне ду-кх хІара. Велларг дІавуллу, висинарг веха. Кху заманахь цхьа а вац дуьненах сакъералуш. ХІор а доьзале бала беана тІамо. ХІетахь шаьш хиллачу цІеношкахь йуй хьо?

      – ХІан-хІа, сайн марваша волчохь Іаш йу со

      – И цхьа пхьарс сакхат берг вуй иза? Иза-м ца хилла фронтехь?

      – Ца хилла, дера-кх. Мацах цкъа нохчийн ловзаргахь девнаш даьлча, цхьамма шаьлта тоьхна сакхат бина цуьнан иза.

      – Дов хьаштдоцу хІума йу. ТІехула тІе, шаьлта хІунда туху?

      Буй-тІара йина, дерзо а ца мегара?

      Шена оьрсийн мотт кІезиг хааре терра, къамелна кІорге ца гІерташ, Николай Кузьмичан хаттаршна доцций жоьпаш а луш Зану а, йист ца хуьлуш Хелипат а хиъна Іара. Ткъа Николай Кузьмича, хІуъу дина а, кхушиннан самукъадаккха гІерташ, ца соцуш хабар дуьйцура.

      Уьш иштта Іашшехь, Мария Петровнас, стоьла тІе йуург a xІоттийна, ши зуда шуна тІекхайкхира. Цаьршинна гора тІера йуькъа Іаь гІуьтту чорпанах дуьзна ши бошхап, мекхан бепиган кІеда цастарш. Чорпи чуьра ах гучу а йевлла гун масех картол думин цуьргех тарлора; цергех хи доладелира, хи чу йоьхкина копасташ чохь кад гича. Амма ши зуда, шуьна тІе ца хуьлуш, йехха Іийра. Эххар а, вовшашка а хьаьжна, хьала а гІеттина, шаьшшиннан гІанташ эцна, йахана охьахиъначу цаьршимма, Іайгаш кара а лаьцна, тІехулара схьаэцначу чорпанах меллаша цхьацца къурд бира. Гор йаІ, ма мерза, чомехь йара-кх и ши-кхо картолг йукъа а тесна керлачу копастех йина чорпа оцу мекхан бепигца йууш! Моьттура, иштта мерза кхача дуьнен тІе йаьлчахьана цкъа а ца биъна. Йалтех рицкъа кийра дахаза мел хан йаьллехь а, и шиъ сих ца лора йуучунна тІехь. Сихха кхачорна кхоьруш, цуьрг дожа ца дуьтуш, кІез-кІезиг доккхуш, марзо оьцуш, дехха бепиг Іуьйшуш, тата доцуш чорпех къурдаш деш, шуьна тІехь ма-хуьллу хан йахйан гІертара и шиъ.

      – Йузайелахь и шиъ, вайна бухахь цуьрг ца дитий а, – бохура Николай Кузьмича шен зудче. – Мисканаш йаІ, ломара дечиг кхехьа ницкъ бу ткъа шуьшингахь? ХІара цІемза де, гена меттиг…

      Мария Петровнас, йай карахь тІе а йахана, йуха а бошхепаш дуьзира. Николай Кузьмична гира Занун накъосто шена хьалха Іуьллу баьпкан ши цастар хьа а ца деш, йеккъа борщ муьйлуш.

      – Бепиг кхоллуш йаа, – куьйгаишарца йоккха стаг кхето гІоьртира иза.

      Бехкала йахана йиэла а къежна, Зануга масех дош элира йоккхачу стага.

      – Хелипатан

Скачать книгу