ТОП просматриваемых книг сайта:
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках). Вахит Хаджимурадов
Читать онлайн.Год выпуска 0
isbn 9785005974969
Автор произведения Вахит Хаджимурадов
Издательство Издательские решения
Дийцаран юьхьанца дуьйна автора вай цхьана кхераман а, хиндолучун а йийсарехь латтош санна хета, къаьсттина дийцаран юьххьехь вайна Саида евзинчул т1аьхьа. Х1унда ду вай авторан «йийсарехь»? Х1унда аьлча, шен дийцаран ц1е а говза тиллина автора: «Гуорабожийна сай», дикка тидам бича, гуорабоьжна а бац сай – «гуорабожийна». Хьа? Сте? Дахаро? Мостаг1чо? Мел дукха хаттарш кхуллуьйту оцу дийцаран ц1аро а! Интрига ц1еран т1ера д1айолалуш ю дийцарехь. Хетало дийцарехь вайна хьалха х1уьттун долу суьрташ 1аламат тамашена, я инзаре хир ду, амма автора вайна гойту сурт дахарехь хила тарлуш а, хуьлуш долчех мог1арера хиламийн сурт ду. Делахь а Эльбрусан дийцаран турпалхой а бу, массо а адам санна ша тайпа шайн амалаш йолуш, оцу амалийн бесарийн башхаллашца мехалла а бу уьш дешархошна. Соьга хаьттича, коьрта турпалхоша санна шен дуьненан кхоллам лохуш, дуьненчохь санна дийцаран аг1онашна т1ехь шен меттиг д1алоцуш ву ша автор а. Аса лакхахь ма-аллара, автор ву наггахь 1индаг1 санна дийцаран аг1онашна т1ехь хаалуш а, наггахь коьртачу турпалхочун Эминан вастаца, амалца д1ауьйш а схьавог1уш. Делахь а билгала дериг ду, автор Эминан вастах шавериг а д1аийна ца хилар. Дийцаран мог1аршлахь шена лерина меттиг хилийта дуй а ца хаьа, автора Эминан васт мелла а эшош кхоллар. Сурт доккхуш санна, геннара шен турпалхой Саидий, Шемаллий гайта безначу киртигехь, меттехь шена хьалха тотту автора Эмин, цо шена автора т1едиллина и декхар кхиамца кхочуш а до. Амма синлозамо, къинхетамо дог 1овжочу меттехь Эминан уллохь делахь а, цуьнца ийна делахь а, г1улч хьалха хилла а цунна хьалха хуьлий а автора шен дог 1овжадо шена дукха безаш болчу турпалхойн къинна шен дог лозадо. Билгал долуш ду Эминан безамаш, къинхетамаш цхьана Саидийца бен доьзна доцург, амма авторан синлазам хьаьрча Саидех санна Шемалан декъазчу дахаран хиламех а. Кхин цхьаъ а ду, Эмин Шемалца жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиъна велахь а, юьртахо велахь а, кхин доттаг1алла цаьршимма лелош дацахь а, цо Саида ялорна цунна къинт1ера ца волу Эмин дахаран дохаллехь. Цуьнан бахьна а вайна дика гуш ду, Эмин ша а ву Саиде болу къайлаха безам шен дагчохь къуьйлуш, дешархойх цо и мел лечкъорах а гуш ду иза а «…б1аьрзе ца хилар…» къона Саида ца гуш, аьлча а, къайла-къулаха ца езаш и ца хилар а. Т1аьхьа дахаран халонийн хиламаша а, ша шен бен ца гуш, ша бен дуьненахь кхин х1ума ца дезаш хиларна а оьшуш, дахарна к1елавуьсуш схьавог1уш велахь а, къаьсттина къона волчу хенахь Шемал Эминал онда ву амалашца. Цунна тешалла ду, масала, Шемалас мало а ца еш «йо1 йовза шена некъ а лохий» шена хазахетта йолу йо1 Саида ялайо. Саидина а, Шемална а, ур-аттала ша-шена а гучубаккха ца ваьхьа Эмин шен йо1е болу къайлаха безам. Дийцаран дешархошна а схьакъийдабо цо и Саидех лозуш долу са санна, къинхетам