ТОП просматриваемых книг сайта:
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках). Вахит Хаджимурадов
Читать онлайн.Год выпуска 0
isbn 9785005974969
Автор произведения Вахит Хаджимурадов
Издательство Издательские решения
Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.
– Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду, – ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.
Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.
Авторо философин х1илланца чекхдоккху шен дийцар. Босбикин бутт сов зама яьлча доьзалхо хилира. Иза к1ант вара…
Бурчаев Хьаьлиман дийцарш шен меттан башхаллашца а кхечу авторийн дийцарех мелла а шен юьхь йолуш къаьсташ ду. А. П. Чеховс ма-аллара: «Йоцалла – пох1ман йиша ю». И дешнаш ду, аьлча нийса хир ду, Хьаьлиман дийцаршкахь коьртаниг. Цул а мехалниг, и дийцарш вайна ч1ог1а юххера хилар ду, уьш вайн дахар юккъера говзачу куьйгашца схьаэцна Хьаьлима.
Нохчийн къомо х1инца кхуллуш, карладохуш, шардеш ду шен турпалхойх Чорех, Молнесартах забаре дийцарш. Хьаьлиман Йага а ву, цхьана меттехь ца лаьтташ, ч1ог1а йоккха т1аьхьало хир йолуш турпалхо. Цуьнах Хьаьлиман кхин а дика дийцарш х1инца а язданза ду, аьлла хетта.
2005 шо
Аналитикан статья. Маршонах маьрша ойланаш. Цуруев Шерипан 1илманан талламах дош.
(Аналитическая статья по научно-публицистической работе известного чеченского поэта и писателя Цуруева Шерипа «Свободные мысли о Свободе»)
Нохчийнчохь а, Нохчийчоьнан дозанал арахь а дика вевзаш волчу поэта, публициста, бина талламан болх барам боккха боцуш белахь а, чулацам боккха а, к1оргге а, ойлайойтуш а бу. «Маршонах маьрша ойланаш» статья араяьлла 2003 шарахь, «Орга» журналан №8 т1ехь. Шерипас ма-аллара, дахаран юкъаметтигаллийн талламаш беш нохчийн маттахь зорбанехь арабевлла 1илманан философски белхаш бац, исбаьхьаллин литературехь вайн г1арабевллачу яздархоша бина талламаш а, хетарш а доцург.
Шерипан статья кхаа декъах лаьтташ ю. Юьхьанца олуш долчу дашна т1ехь а, «Хаттаран исторех…» ц1е йолчу шолг1а дакъана т1ехь а антични философашна т1ера схьа ХХ б1ешере кхаччалца философин ойла а, оцу ойланах дуьненахь а г1арабевллачу философаша аьлла долу шайна хетарг довзийтуш йоцца экскурс еш д1айолайо автора шен статья. И белхаш дерриге а дуьненахь бевзаш а бу, церан бухт1ехь а, уьш 1аморан 1илманан а белхаш беш бу дукха хенахь дуьйна. Цундела вайна коьртаниг а, довза луург а Шерипас шегара аьлла дош, цуьнан