ТОП просматриваемых книг сайта:
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках). Вахит Хаджимурадов
Читать онлайн.Год выпуска 0
isbn 9785005974969
Автор произведения Вахит Хаджимурадов
Издательство Издательские решения
Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.
Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.
Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».
«…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца