ТОП просматриваемых книг сайта:
Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках). Вахит Хаджимурадов
Читать онлайн.Год выпуска 0
isbn 9785005974969
Автор произведения Вахит Хаджимурадов
Издательство Издательские решения
(Аналитическая статья по некоторым рассказам Бурчаева Халима из цикла рассказов о главном герое Йаге на чеченском языке: «Чора Шимы и Йага Халима»)
Исбаьхьаллин произведенин мехалла хаа лаахь, вай иза юсту халкъан барта кхоллараллица. Произведени лаккхарчу т1егане кхачар ду барта кхоллараллина улло г1ортар, цунах тарьялар, и санна лийрйоцург хилла д1ах1оттар. Лийрйоцург хиллачу произведенех классика олу. Масала, классикин произведенеш ю ала мегар ду халкъан забаре дийцарех. Таханлерчу дийнахь халкъо кхоьллинчу классикан персонажашца буста бог1уш, цаьрца цхьаьна лаккхарчу т1ег1анахь лаьтташ бу, масала, Хамидовн 1-Хь. Бож-1ела, Сутарби, Майма и д1. кх.
Яздархойх, цхьаверг, алссамо къахьоьгуш кхочу оцу шен лаккхарчу т1егане. Шолг1ачун аьтто хуьлу иштта Чора, Молнесарт санна, царех мелла а тера прототип лула-кулахь 1аш-вехаш хиларна васт кхолла. Иштта прототип карийча, иза боккха аьтто а бу. Х1унда аьлча, тоъал шен колорит йолуш велахь, и прототип иштта а хуьлу нахан багавахна а, вевзаш, везаш а, цунах лаьцна барта дуьйцуш а. Яздархо, и бакъ яздархо велахь, 1енлур вац, мел ч1ог1а дуьхьала тийсавелча а, ишттачу прототипах шен персонаж ца кхоьллича а, кехата т1е ца ваьккхича а. Кхин д1адерг яздархочун пох1мах доьзна ду.
Иштта аьтто баьллачух тера ду, шен статьяшца, очеркашца вевзаш волчу Бурчаев Хьалиман. Исбаьхьаллин произведенеш, нохчийн а, дуьненаюкъара а яздархойн кхолларалла теллина ца 1аш, Хьаьлиман дика, чомехь байташ гочьян а аьтто болу. Амма тахана вай мелла хьаян хьовсур ду цуьнан к1орггера пох1ма гучудаьлла кхин а цхьа аг1о, и ю Хьаьлиман проза.
Аса лакхахь ма-аллара, Хьалимна карийна шен Чора, шен Молнесарт. Иза ву цуьнан дийцарийн коьрта турпалхо Йага. Ца хаьа, нийса муха аьлча хир ду, Йагина Хьаьлим карийна аьлча а хир дац харц. Иштта пох1ма долчу яздархочунна каравахан а дац-кхий прототипна а атта.
Муха делахь а, цу шиннан аьтто хилла вовшех кхета. Вайн гур ду Хьаьлиман: «Хала хьеший», «Йагин «кхалхар», «Зударийн саьхьарло», «Талорхой», кхин а зорбане девлла а, довлаза а дийцарийн цикл евзича. Уггаре хьалха Хьаьлиман дийцаршкахь къаьсттина тидам т1ебохуьйтург иза к1орггера нохчийн мотт хууш хилар ду. Ала деза, Хьаьлим университетан студент волуш дуйна нохчийн мотт ц1ена бийцарца, аса тидам бина ву. Лаьмнашца 1аш болчу кегирхоша оцу хенахь а буьйцура г1олехь ненан мотт. Ткъа х1инца Хьаьлиман кхоллараллехь нохчийн мотт тоьллачех цхьаъ бу.
Цуьнан дийцаршкахь юкъара кхин цхьаъ а ду. Цо ч1ог1а говза пайдаоьцу нохчийн халкъан барта кхоллараллах. Масала, Хьаьлиман «Зударийн сахьарло» дийцарехь цо пайда эцна зударех лаьцна нохчийн ширчу забаре дийцарех «Зудчо саьрмик къарбар», «Хи чу кхоьссина зуда майрчо хица хьала лехар». Амма авторо уьш а, кхиерш а (забарш, бегаш, аларш) шен дийцаршна юккъе тегна тай сел дуткъа хиларна, вай боккъал а теша шадоллучун автор Хьалим хиларх. Иштта говза нохчийн халкъан барта кхолларалах пайдаэца хаа а оьшу йоккха майралла. Х1унда аьлча, хьан произведени барта кхоллараллица цхьана т1ег1анахь лаьтташ яцахь хьайн пох1мех хьо тешна вацахь, и санна долу зеделларг юьхьк1абоцуш дерза кхерам болуш ду. Амма Хьаьлимин Йага а ву озийна оцу барт кхоллараллера схьаваьккхича санна, авторо шен хьекъалца цуьнан васт кхоьллинехь а.
Композицин кхин а цхьа киртиг ю Хьаьлимин массо а дийцарийн вовшашца уьйр кхуллуш. Рог1ера дийцар чекхдолуш Йагин Бийтар-эвлахь а, гуонаха а ца хууш ца дуьсу х1окхуьнан рог1ера «хьуьнар». И рог1ера Йагин хилам цуьнан юьртахоша а, ешархошна а, дан, лелон нийсадоцург, нийсадерг гойтуш, къастош, масала хуьлий д1а а х1утту. Оьрсийн туьйранахь кхаа вешех жимахверг санна, хьекъал к1езиг ду моьттуш хилла Йага массарел а хьекъале кара а во дукхахьолахь, чаккхенгахь. Баснехь санна, жам1 деш чекхдолуш а нисло Хьаьлимин дийцарш шадерш бохург санна.
Йагас шен мискачу ц1оканна та1зар деш гойту адамашна шайн кхачамбацарш. Юьхьанца, кхин башха ондачу дег1аца а, ницкъаца а къаьсташ воцу Йага, наха деш дерриг дан г1ерта пекъар Йага, дикка собар а, оьздангалла а гойтуш чекхволу дукхахьолахь. Аьлча а, къонахчун амалш а гойтуш. Масала, «Хала хьеший» дийцарехь Йагас Деле вехна нисвелла кхоъ хьаша маликийн амалш х1окху дуьненчохь юй хаа хьекъал тоьуш а бац. Нохчийн г1иллакхехь хьаша т1еиэцаран шен аг1онаш ю, ч1ог1а ларо езаш: хьешана, г1олехьа кхача х1оттор, г1олехьа вижа-сада1а меттиг хилийтар, иза ларвар и д1. кх. Амма хьешан оьздангалла а ю кхин к1езга декхарш техь доцуш. Ткъа Йагина нисбелларш хьеший бац, уьш адамийн юкъметтигийн сакхташ, цамгарш ю. Шен говре ша х1аллакъяйтина Йагин йол-м Мохьадис шина кепекан мах а ца хетта. Иштта гойту Мохьадина хьешан оьздаллин декхарш шена хийра хилар. Шозлаг1а, Йага волчу кхаьчна хьаша Бух1ади, юьхьанца хьа. ча, дийцаран бакъахьа турпалхо ву. Ч1ог1а г1иллакхе, оьзда къамелаш деш, Гилас оьздадоцург дийцича а, собарца сатухуш гойту цо ша. Ламаз дар а ду цуьнгахь вайн ойла т1еерзош, цунах бакъахьара стаг веш. Амма дикка цуьнан суьрте хьаьжча вайна тусало Бух1ади оцу шен ламаз дарх «байракх» а йина лелаш хилар, ша дика стаг хоьтуьйтуш, вай говза 1ехош хоьтуьйту цо чаккхенехь. Коьртаниг, хьешан декхарш кхочушдеш цо лело кеп еккъа ц1ена кеп а хуьлий юьсу.
Кхозлаг1а хьаша, Гила, иза-м х1инцлера ун ду, цамгар хилла а ца 1аш. Цхьа меттиг бу дийцарехь Гила, цхьана геннарчу хенахь,