Скачать книгу

эр долчуьнга.

      Дикка ешалахь.

      Дала Къуръан чохь аьлла:

      Баккъалла а, дикачу (мелехь долучу) х1уманаша вониш (къинош) д1адоху3.

      И х1ун бохург ду хаьий хьуна?!

      Иза дера ду стага динчу цхьана диканна дуьхьал Дала цу стеган цхьа вон д1адоккху, цунна къинт1ера а волу.

      Ткъа ахь ойла е. Стага цкъа Къуръан дешна чекхдаьккхича, цунна ткъе кхойтта миллион дика хуьлуш хилча, оццул Дала цу стеган къинош геч а дой д1адоху цу стагана т1ера!!!

      Аллах1у Акбар!

      Ла́ ила́х1а иллаллох1!

      Я Аллах1, ма доккха х1ума ду иза!

      Ахь ойла е, оццул къинош стагана т1ера д1адохуша хилча, къа диса а дуьсур дуй-те цунна т1ехь. Я Аллах1, ма боккха бу-кх Хьан къинхетам тхьоьца! Я Аллах1! Ма доккха дика дина Ахь тхуна Хьайн Къуръан даларца, иза тхуна деша могашалла яларца, иза тхуна 1амадарца, иза тхоьга дешийтарца. Хастам бу Хьуна, х1ай тхан везан Дела! Хастам бу Хьуна!

      Суна схьахетарехь, х1ара хиъначул т1аьхьа цхьа а 1ийр вац Къуръан ца доьшуш, иза шена деша ца 1амош! Къуръан 1ама а дина, юх-юха чекхдаккха ца лууш цхьа а вуьсур ву аьлла ца хета суна.

      Вай тидам ца бо Къуръан т1ера цхьа элп дешча итт элп дешча санна мела хуьлу бохучун, амма хьо иза дагардан воьлча хьераваллал х1ума карадо. Цундела, Къуръан деша деза вай. Дуккха а деша деза, ваьшна дуккха а мела баккхархьама, эхартахь вайна цунах бекхам хилийтархьама.

      Амма тахана вай Къуръан т1ехь къахьегарца г1ийла ду. Къезиг нах бен бац Къуръан доьшуш 1амал еш берш. Дуккха нахана Къуръан деша ца хаьа. Ткъа цул а галдаьлларг – иза шена деша 1ама а аца г1оьрта. Тайпа-тайпана бахьанаш лоьху: «хан яц, 1емар дац, воккха хилла, жима вац, корта бац, д1алацалур дац, ва.. ва… ва..» – иштта д1а кхин а дуккха а бахьанаш.

      Амма хан хуьлу цуьнан деха сахьтанашкахь телевизор хьежа а, телефон чу хьежа а, накъосташца хан яккха а, шен г1уллакхаш дан а, амма цу Къуръан т1е куьг ца кхочу-кх цуьнан. Къуръанна хан ца карайо-кх цунна. Иза бакъ дац. Бакъдерг, цунна лаам ца карабар ду. Иза ду бакъдолу жоп.

      Лаам ца хилар – Эхартан са къезиг гаттадар. Дуьне хьалха даьккхина хилар, эхарт т1аьхьа а теттина. Дуьне ма лаха ца боху бусалбачу дино, амма иза Къуръан д1а а тасий ма лаха боху, Къуръанац лаха боху, т1аккха хьайн г1уллакхех беркат хир ду хьуна.

      Тахана хьуна цхьа болх нисбелча, цунах хьуна луш долу алапа уьттаза са доккхуш хилча, иза болуьйтур барий ахь ца беш?

      Бацара. Вайх цхьаммо а бацара.

      Цу белхан алапа ткъе кхойтта миллион хилча ца беш 1ийр дарий вай иза?

      Аьттехьа а дацара!

      Х1унда аьлча, миллионер хир вар-кх хьоьх т1аккха. Ткъа хьанна ца лаьа миллионер хила?! Массарна лаьа. Бакъду, бакъдолу миллионаш эхартахь хьуна карор дерш ду хьуна. Дуьнен миллионаш дуьненахь дуьтура ду ахь, эхартахь хьоьца хир дац уьш. Амма ахь Къуръан доьшуш гулбина миллионашкахь болу мела эхартахь карор бу хьуна.

      Т1аккха вац хьо миллионер?!

      Дера ву-кх, Къуръан доьшуш верг бакъволу миллионер а, миллиардер а!!

      Цундела, дуьненан дуьхьа вай и къахьоьгур хилча, эхартан дуьхьа а къахьега ца деза вай?

      Вайна даима дуьсур дерг эхарт дац?

      Дуьне

Скачать книгу


<p>3</p>

– Х1уд, аят: 114.