Скачать книгу

Шаболу пенсионераш, гирз даьлла маймалаш санна, ишколера балхара д1абохуш бара. Амма йоккха стаг балхара д1а ца йаьккхинера, х1окхо шен хеннахь директорна ивзятка а елла – «Хьакъйолу хьехархо», аьлла ц1е йаьккхинера шена. К1ентаций, кхоалг1а-йоьалг1а йалийна йолучу к1ентан зудчуьнций 1аш йара йоккха стаг. К1анта-м вон вацара х1окхуьна – мала а мелла, айбина ша чу вохьуш, х1окхунна б1аьргаш къарзадора-кх цо.

      Х1инцалерачу ишколехь баккхийра хийцамаш хилла, компьютерца гергало лелон дезаш хуьлу, цундела йоккхачу стеган, и компьютер гича кхин самукъа а ца долу.

      Иштта цхьана дийнахь, компьютерца тасаделла къамел девне даьлла йоллуш йара и. Хиллане а компьютерца машар ца хилча, йоккхачу стага элира:

      – Валлай, х1окху ишколера д1а а яьлла д1аг1ура яра со, и ц1ераниш ган ца безахьара!

      Воккхачу стеган зудчуьна паспорт хийцар.

      Цхьана воккхачу стеган зуда яхана хиллера т1аьххьара хуьйцуш долу паспорт хийца.

      – Хийцан хьан паспорт? – хаьттина воккхачу стага зудче и ц1а еъча.

      – Хийцина дера… паспортана т1е тоьхна сурт хаза-м ца даьлла сан, – реза яцара зуда.

      – Ой! Хьайн 15 шо кхаьчча даккхийта дезаш ма хиллера ахьа и сурт, – хьехар дора Воккхачу стага.

      15.01.2019 шо.

      ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ.

      Дешаран урхаллера ши испециалист кампеташ эца туькана йоьдуш яра.

      Кхоалг1аниг наб озийна ч1енги к1ела буй а г1ортийна 1аш яра.

      – Хьо йог1ий туькана? – хаьттира кампеташ эца йоьдучу шимма.

      – Ца йог1у, со иштта а хаза ю, – жоп делира набарх яланза йолучо.

      Керла телпо-з1е.

      Керла телпо а эцна, цунна т1ехь болх бан ца 1емаш воллура цхьа Дешаран урхаллин испециалист.

      – Ваццап юй хьан? – хаьттира уллохула т1ех волучу цхьана воккхачу стага.

      – Ю дера са-м… ваццап а ю, «Приора» а ю сан-м, – жоп делира хьекъален корт.

      Г1алара еъна хьаша.

      «Ц1ОКО» (ц1ентр оценка качеств образовани) олуш йолчу леккхарчу организацера т1ехьажа еъначу цхьана мечикна улло а ваьлла вог1ура ДУ испециалист цхьа воккха стаг готтачу уьйчахула. Воккхачу стага шена хьалхара не1 схьа а йоьллий, ша хьалха не1арах чоьхьа йолийтуш хилар тайнера мечикна.

      – Ой, х1окху Нохчийчу еъчахьана, хьо воцург, не1 а йоьллуш, со хьалха чоьхьа йолийтуш боьрша стаг ца вели-кх суна, – къежара мечик. – И шун г1иллакх ду иштта акха, шайн зударий т1аьхьа а бохий, лелар, ширчу заманахь санна? Ахьа со-м ма йолийту хьайна хьалха чу, не1 схьа а йоьллуш, – хоьттура цо.

      – Тхайн зударий хьалха чу ца бовлийтар, акха хилар дац тхан, – мечик кхетон г1ертара воккха стаг.

      – Ткъа х1ун ду и, акхалла бен, – къар ца лора мечик.

      – Зуда хьалха чоьхьа яьлча, цунна коьртаха х1ума ца тохийта, тхаьш хьалха чоьхьа довла тхо, – кхетийра эххар а воккхачу стага лаккхара хьаша.

      21 январь 2019 г.

      Шавериг а шена т1аьхьа ваьккхина д1авуьгуш волу испециалист Мохьмад

      Малх делкъана хьала баьлла соцунг1а хилла лаьттачу хенахь, ДУ (дешаран урхалла) испециалисташ а, цаспециалисташ а, шайн белхан ц1е дукха

Скачать книгу