Скачать книгу

йисттехула сихха ц1ехьа волавелира со. Х1инццалца ма хиллара мерза хаза хьожа етталора кемсийн хорханаш санна зазах дуьзинчу акказин охкаделлачу гаьннех. Сирень а даьржинера акказийца къовсаделча санна. Семаг1ан хеталора сайна гуонаха мел гушдерг а. Ч1ог1а беза болх бичасанна дег1 ч1ог1а к1адделла х1оьттинера.

      – Накъост, хьо стенга ваханера? Хьо лоьхуш охашимма шайолу ишкола ма теллина! – чухахкавелира суна доттаг1 1арби, даима санна массо а дуьненна везавеш.

      – Хьо охьанехьа хахкавелла воьдуш гира шайна ма элира тхан йишас Розкас, – т1етуьйхира Турпалханас а.

      Оцу хенахь ишколачура шен накъосташца мехкаршца араяьлла схьайолаеллачу Розкас, шен хьаьвзина хаза ч1агаршхиллачу сирлачу месашна к1елд1ашкахула шен эсала сира ши б1аьрг белабеш тхан аг1ора хьажош кхин цкъа а т1етадира шен дешнаш:

      – Гира, гира… Лаха аг1ора хьаьдда воьуш гира…, – цхьанна а ца хуург шена гучудалар тешалла дира догц1енчу тхан хеннара йолчу йо1а Розкас.

      Ткъа сан ши накъост-м ц1а ца воьдуш со лоьхуш лелаш хиллера, ишколана гуонаш туьйсуш. Со цхьа хьекъалах тиллачух тарвеллера оцу шина. Хьанна хаьа, со-м хила а мегара мелла а хьекъалца эшна.

      – Дера ву со вайн накъост цхьана меъана т1аьхьахахкавелла вахана хилла моьттуш, – къежаш шен дика цергаш уьйхьира тхол цхьа-ши шо жима велахь а, вундеркинд аьлла ц1е д1аяхана волчу ша маликана санна ц1ена юьхь-сибат долчу сан доттаг1чо Турпалхана а.

      – Хьуо лаха аг1ора воьдуш тхоьга а ца олуш х1унда вахна хьо? Вайн лакхахьарчаьрца дика боцуш ма бу уьш. Дера ву хьо цара «г1иба» валлалц йиттина «уппада» воккхур! – т1етуьйхира, даима а т1емлочун дог-ойла йолуш волчу 1арбис.

      Со-м вацара сайга дуьйцучух кхета дог-ойла йисина а. Со воьхнера. Цхьана дийнахь х1инцца кхиъна вог1учу жимчу стагана дукха хетар-кха шена т1ех1оьттинарг. Йоь1ан дагар хаар къовдор… малик тарделлачу йо1ах догдалар… мехкаршна т1аьхьауьдуш накъосташна гучувалар. Яккхиэнчу х1усамашкахь-м мелла а эвхьазуо хуьлу хир дара и саннарш, амма со вар-кха ч1ог1а иэхье, дукха къовлавелла. Шаболу нах-м цхьатерра хила йиш а ма яц, х1унда ву и стаг иштта, кхинарг вуьшта олийла а ма дац х1окху дуьненчохь.

      – Д1адовлийша, аша х1ун до следователш ЗНАТОКИ-ш а хилла! Со эцца туьканаш йолчу юккъе ваханера, – к1елхьара валан г1оьртира со доттаг1ийн керара.

      Жималла, жималла! Ма сиха карийра сан накъосташна дийцан къамелаш, бан бегаш. Ма даккхийчех ца хетара оцу хенахь зудберашка бен бегаш, церан хазаллех 1ехавалар. Тхоьгахь-м фотоаппарат ма яра. «Смена» олуш, оцу хенахь юкъаевлла 15 сом мах болуш яра уьш. Мел самукъадолура тхан вовшен хийцалуш дог1уш лаьтташехь суьрташ дохуш.

      – Тховса схьадохий вай суьрташ? – хаьттира Турпалхана тхо д1асакъаьсташ. Церан ц1а ишколана уггаре а уллохь дара, тхайниш – генахьуо.

      – Ца хаьа, фиксаж-м кхачийна вайн, – элира аса.

      – Кхинарг тоьуш юй?

      – Ю моьтту суна, – жоп делира аса.

      – Х1ун мах бу цуьна? Аса суьйрана д1авог1уш яхьара ю, – олуш шайн боккхачу некъана аг1онца болчу ураме д1авирзира

Скачать книгу