ТОП просматриваемых книг сайта:
Болатан Зараъ. Повесть. Вахит Хаджимурадов
Читать онлайн.Название Болатан Зараъ. Повесть
Год выпуска 0
isbn 9785005970305
Автор произведения Вахит Хаджимурадов
Издательство Издательские решения
– Георгий! То-о-лам-хо! – дара цунан т1аьххьара дешнаш, шена дог лоцуш хьажийна цхьамза а болуш говрахь дошло шена т1ех1оьттина гуш.
– Сан ц1е Зараъ ю! Со вац Герги! Амма аса сайн ницкъа ма-кхоччу йойура-м ю шу боьхалаш! – элира ша-шега йо1а, дин т1ехьарачу когашна т1е а х1оттош, д1а а оьккхийтуш.
Х1инца кхийтира йо1 Сирдина лелош хиллачу кепах. Х1окхарна хьалхахь волу мостаг1 шеначулла а хьалха говрана хаъалойла а кхийтира йо1. Йоьдуш лаьтташехь вортанах куьйг а хьокхуш, хьаьстира цо шен Сирдин:
– Х1инцачул т1аьхьа аса ахьа бохург дийр ду!
Цхьажимма некъаца д1а а яхана, ког тасалуш санна хилла, болар лахдира Сирдинас. Хьалха хьажадеш лергаш меттах а даьхна и некъана т1ера юьстаха елира. Х1инца говра хьуьна юккъехула х1ора дитт дагардеш санна йоьдура. Лекхачу таллана диттана к1елахь нисъелча, говра сацийна, тасаелла диттана буьххье елира Зараъ. Шен ден баьччан хилла, озийча яхлуш йолу турмал баттара а яьккхина, гонаха а хьалха а хьаьжира йо1. Некъаца хьала а, охьа а цхьа а т1ехь б1аьрг соцуш х1ума ца гира йо1ана. Х1инца хьалха цуьнан шина сатлийчунна т1е1оттаялар хиллачу меттигера д1а юьрта т1екхаччалца хаъалуш кхерамен х1ума дацара. Амма юьртана чувуллучохь некъана т1еерзийна йиъ йоккха топ яра. Уьш-м яцара кхин хьулъйина къайлаяьккхина а. Г1ароле вахийтинчу шина салтийчух дегайовхо йолуш хилан тарлора